ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Windows a, Office а нохчийн матте яккхахь...


Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ -- Microsoft Windows 8 операционан система йовзуьтуш хиллачу конференцехь, Нью-Йорк, 25ГIа2012
Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ -- Microsoft Windows 8 операционан система йовзуьтуш хиллачу конференцехь, Нью-Йорк, 25ГIа2012

6000 маттах 100 сов бен бац компьтершна чукхачийна, бухабисинарш технологийн меттанаш а ца ларало. Нохчийн мотт цивилан мотт беш, оцу матте Windows а, Office а программаш йохуш къахьоьгу нохчийн Iилманчаша а, могIарчу жигархоша а. ХIун аьтто хуьлу церан оцу тIехь?



Вуно хаза, хенан йохалле хьажийна, нохчийн маттана кхидΙа баха а, кхиа а аьтто луш хΙума ду, товш кхаъ бу компьютер лелош а, цуьнан са ларалуш а йолу операционан система Windows нохчийн матте йоккхуш ю бохург.

Ткъа мел атта дац иза дан техникан, интеллектуалан, финансийн харжашка диллича – иза а хаа догΙу Windows-на, олуш ма-хиллара, нохчийн маттахь локализаци ян арабевллачу жигархошна.

Операционан система гочъеш – локализаци еш – бан беза болх, иштта дΙа тΙехула аьлча, хΙара бу: гочдан деза Windows-ехь мел долу дакъош, уьш бΙеннашкахь ду, царна юкъадогΙу доца а, шордина а довзийтарш, маьΙнадарш, хьехамаш; оьшу говзанчаш – гочдархой-лингвисташ, редакторш, инженераш, йозадархой.

Цул совнаха ша къастийна хΙотто еза хенан рузма а, математикан хьаьркаш, терахьаш, йозаллин, дехаллин дустарш. Тергонехь хила деза меттигерчу Ιедалан низамаш.

Иштта чоьтехь хила еза къоман менталитет, аларан, бегашбаран, иштта дΙа кхин а башхаллаш. Боккха къинхьегам тΙехьажо беза нохчийн маттаца пайдаэцархочо даха тарлуш долу гΙалаташ дΙанисден система – спилчекер – кхуллуш а. Доцца аьлча, лаккхара хьекъалан а, хаарийн а ресурс тΙехьажийча бен балур бац хьакъ доллуш профессионалехь и болх.

Таронаш, гΙитто еза чалхаш мел яккхий елахь а, и болх бан болийна нохчаша, Нохчийчуьрчу Ιилманийн академино.


Дадашев Райком, Нохчийчоьнан Iилманийн академин вице-президент
Дадашев Райком, Нохчийчоьнан Iилманийн академин вице-президент
Йолийначу юьхьигах а, хьалхалаьттачу декхарех а лаьцна Маршо Радиога дуьйцу нохчийн мотт интернетан матте берзорехь маситта шарахь къахьоьгучу Ιилманчийн тобанна коьртехь волчу Нохчийчоьнан Ιилманийн академин вице-президента Дадашев Райкома. Хаьа цунна академис шена хьалха хΙоттийна Ιалашо аттачех йоцийла а, Windows нохчийн матте ерзор дерриг а къомана оьшуш дуйла а.




Массо а хΙума, техникан, лингвистикан, интеллектулан агΙор дерг, кхочуш дойла ду, ткъа хуьлда иза Windows я Office, ингалсера нохчийн матте яккха уггаре халаниг ду кхин – вайн ненан мотт хΙинца а буьззина нийсаяздаран, орфографин цхьана бакъонашка баьккхина бацар, аьр вай, масала, ша ингалсаниг а, оьрсийниг а санна. Оцу хьоло тосу берриг а балхана кΙел ког.

Нохчийн къам а санна, шен графикаца, орфографица, яздаран кхечу бакъонашца пачхьалкхан политике хьаьжжина хуьйцуш, балехь кхаьбна нохчийн мотт.

Дуьххьара нохчийн меттан дешаран-Ιаморан жайнеш арадийла доьлла Ιаьрбийн графика тΙехь 17-чу бΙешарехь (оьрсех хьакхабаллалц нохчий йоза доцу къам хилла оьрсийн историографино бахахь а).

Дуьххьара нохчашна кириллица кхачийна 18-чу бΙешеран юккъехь оьрсийн Ιилманчас-лингвиста Услар Петра. Оьрсийн элпашлахь доцу нохчийн аьзнаш латиницера а, гуьржийн графикера а схьа а эцна, 37 элпах хΙоттийна хилла цо вайна абат. И хΙоттош декъаоьзна шеца цхьаьна дешна нохчий Досин Къеда а, Хьасанан Янгуьлби а, кхиберш а. Дуьххьара кириллицан абат лара догΙу Досин Къедас «Нохчийн жуз ду хΙара» аьлла цΙе а тоьхна, Тифлисехь 1862 шарахь арахецнарг.

Оцу мурехь а, тΙаьхьа а кириллица лела йоьллехь а, шен моггΙара нохчийн йоза Ιаьрбан графикехь Ιамош схьаяьхкина махкахь хьуьжарш а.

Советан Ιедал тΙедалле а, тΙедеъначу заманан декъехь а латиницехь лела доьлла нохчийн йоза, оцу графикехь арадийлина дуккха а жайнеш.

1927-чу шарахь чекхдаьлла ларало Ιаьрбан графикан дахар. Латиницехь грамматика хΙоттош, дешаран жайнеш кхуллуш къахьегна бевзаш болчу Ιилманчаша Мациев Ахьмада а, Бадуев СаΙида а, Яндаров Халида а, Авторханов Ιабдурахьмана а, Хумпаров Ахьмада а, Исаева Марема а, Айсханов Шамсуддис а, кхечара а.

И Ιилманчаш, гоьбевлла нохчийн меттан хьехархой латинан графика тΙехь литературан мотт шарбина бовлале, Кремло массо а къаьмнашна тΙедожийна шайн меттанаш кириллицан ларде берзор. Оццу наха а, тΙекхиинчу меттан говзанчаша а болх бина къам йозанехь латиницера кириллице дерзош. Маттана юха а, кхъозлагΙа, керла бакъонаш кхолла, керла тептарш, жайнеш яздан декхаре хилла нохчийн Ιилманчаш, яздархой.

Кириллица халкъалахь чΙагΙъелла ялале махкахбаьхна вайнах. 13 шо шен къоман йозан, литературан, журналистикан ойла ечахь доцуш, Сибрехахь даккхийтина цаьрга. Ткъа цΙехьаберзийча Ιедало дерриг а лелийна къам оьрсашха лелийта, оьрсийн матте дерзон.

Цундела тахана нохчий, шаьш лелочу маттаца, йозанца доьзна аьлча, уггаре хьалха оьрсий мотт лелабе, оцу маттахь ойла ен къам ду ала догIу. Иштта хΙоттаделлачу хьелаша ца дитина вайнахалахь филологин Ιилма къаргдала, йиш ца хилла нехан шайн маттах бола а, дахарехь цуьнгара эца йогΙу марзо эца а, оцу марзонах бола а.

Цундела еха вайн маттаца эзар проблема - иза фундаменталан Ιилман тΙегΙантΙехь кечбина, лацабелла, чΙагΙбелла мот бацар.

Ткъа вай юьйцу оцу юккъехула компьютеран операционан система Windows, йоза а, терахьийн легарш ден а Office, кхийолу программаш нохчийн матте яхаран таронаш!



Байсултанов Дауд, философин доктор, нохчийн меттан говзанча
Байсултанов Дауд, философин доктор, нохчийн меттан говзанча




Делахь а, юьхьиг йоцуш ца хуьлу цхьа а жамΙ, ца хуьлу юьхьарлаьцначунна некъ балар.

Цундела нохчийн академино болийна болх мах бийцина ца валлалц мехала а лору ненан матте безам аганара дуьйна шеца кхиина а, даймахкахь дуьйна а нохчийн фразиологи талла волалвелла а, цΙера шеца дIадаьхьина хаарш Европехь шордина а, Белги-махкахь философин Ιилман доктор шех хилла а волчу Байсултанов Дауда.













«Дешан аз», www.sukhneh.com «Сукхнех» цΙе а йолуш сайташ а ю урдунхойн. Бакъду, го и сайташ лелочарна меттан бакъонаш, нийсаяздар цхьана а говзанчо гайтина а цахилар – гΙалаташ ду маттаца дуккха а.

Ненан мотт берехь Ιалашбар вуно эвсара кеп ю аьлла хета философна, нохчийн меттан говзанчана, докторна Байсултанов Даудна а.



Юх-юха а бехкбаккха догΙу вайн вовшех меттан гΙайгΙанаш луьстучохь. Цундела ду Маршо Радионо ца хеддаш вайн меттан проблема айина латтор а. Иза вай деш ца хилахь, тахана санна, вай ша кегбарх, цоьстуш бийцарх дегабаам а беш, кхидΙа а лечу хотΙе, шен Ιожалле дΙагΙертар бу вайн мерза, вайн хьоме ненан мотт.

Сила долчу кху дуьнентΙехула лела таро ю муьлха а меттан, интернет ю и меттиг нисбийриг. Иштта баьржа, аьлча а, хеза, бешало цу чухула нохчийниг а.
Амма дакъаза баьккхина, атаршка берзийна лелабо вай вешан мотт интернетехула – кегийчара а, баккхийчара а.

Юьззина нохчийн мотт лелош, оцу маттахь яьржаш цхьа-ши сайт елахь бен, кхин янне а яц бΙеннашкахь нохчаша лелочу сайташлахь, оьрсийн маттахь ю ерраш а санна. Делахь а, юкъ-кара нохчийн маттахь яздийраш нисло, иштта нисло вайн маттах пайда оьцу блоггерш, интернет-хьовсархой. Ткъа гуш ду, мотт хаар церан массеран а ца маггал ледара хилар а, и ца хаара аьлла богу нах дукха бацар а.

Windows Оьрсийчуьрчу къаьмнийн меттанашка яккхарх дерг къаргдеш аьлча, хьалхе яьккхинарш бу гΙезалой. Цара оцу белхан коьрта дакъа чекхдаьккхина, хΙинца берчаш дΙашаръеш бу.

ГΙезалойчу зеделларг довза дукха хан йоццуш бахара нохчийн меттан а, компьютеран технологийн а говзанчаш академик Дадашев Райком коьртехь а волуш. Цигара цΙехьайирзича тобано Соьлж-ГΙалахь шуьрра гулам а хΙоттийра, цига махкара массо а тайпа говзанчаш а, хьакамаш а кхойкхуш. Гуламехь шен хилла ойла а, шена мотт компьютеран тΙегΙане баккхар а мел мехала хета хаийтира Маршо Радиона Нохчийчоьнан къоман политикан департаментан куьйгалхочо Гуриханов Вадуда.



Кхеташ ду, къоман политикан департаментан куьйгалхо Гуриханов Вадуд, цо ша даре ма-дарра, филолог вац. Делахь а мехала ду цунна шен департаментан декхаршца ма-доггΙу. нохчийн меттан буха тΙехь бен махкахошкара нохчалла чΙагΙдойла доцийла гуш хилар.



Гериханов Вадуд, Нохчийчоьнан къоман политикан департаментан куьйгалхо
Гериханов Вадуд, Нохчийчоьнан къоман политикан департаментан куьйгалхо
Болийна болх, оьшшу ахча-бохча а, Ιилманчийн, жигархойн шовкъ а тоьина, толамца берза тарло кхо-диъ шо даьлча. Хир ю Windows а, йоза ден Word программма а нохчий маттахь. Иза дац нохчашна цΙеххьана я ненан мотт марз а лур бу, цара иза Ιамон а болор бу бохург. Делахь а буьллур бу цо маттана оьшшу бух.

Вайн заманахь, хууш ду, шашаха лелаш яц цхьа а дахаран агΙо – комплексехь жуларъюлу экономика а, финансаш а, Ιилманаш а. Windows нохчий матте яккха аьтто баьлча, оьшу и программа берриг а махка кхочучу керлачу компьютершца йохкар, программин долахочуьнца Майкрософт-компанин бизнесца йозар. Кхечу дешнашца аьлча, Нохчийчу кхочу компьютерш а хила еза нохчийн Windows шеца а йолуш. Ткъа оцу агΙонан гΙайгΙа пачхьалкхан тΙегΙанийн гΙайгΙа бу.

Цундела ала дац, хир юй нохчийн Windоws я яц, дΙатарлур юй иза Нохчийчоьнан дахарехь, я хьашт а йоцуш юьсур ю. Нохчийн къомана закъалт луш гΙулч ю йолийнарг. Цуьнга хьажжина гΙо-орца аьлла аравала догΙу ненан маттах дог мел лозу нохчо нохчийн Windows –на аьтто лохуш.

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG