ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бундеспрезидента Охьадиллина Шегара Дарж


Германи -- Президент Вульф Кристиан Берлинерчу Беллевю-майданарчу резиденцехь даржере дIавоьдуш, 17Чил2012
Германи -- Президент Вульф Кристиан Берлинерчу Беллевю-майданарчу резиденцехь даржере дIавоьдуш, 17Чил2012

Немцойн президентана Вульф Кристианна гонаха къестамаш ши бутт хьалха буьйлабелера. Журналисташна ларамза гучуделира, цо цкъа мацах шеца гергарло лелочу совдегаран хIусамненера кредит эцна хилар а, и эцар цо юкъараллех къайладаьхьна хилар а.


Вульф: «Хьоме махкахой! Воккхаверца тIеэцнера ас сайна Германин президентан декхарш. Сайн боллучу ницкъаца и декхарш кхочушдан а гIоьртира со... Германина шен йоллу хан а, ницкъ а пачхьалкхана хьалха лаьттачу чоьхьарчу а, арахьарчу а белхашна дIадала таро йолу президент оьшу. Доллучу а халкъан тешам шега болу президент. Ткъа тIаьхьарчу хенахь хIоьттинчу хьоло гойту и тайпа тешам соьга кхин цахилар. Цундела ас сайгара тахана дарж охьадуьллу, сайна тIаьхьавогIун волчунна некъ маьрша битархьама».

Немцойн президент Вульф Критстиана шен дарж охьадилла деза баьхначарна а, цу гIуллакхна дуьхьал хиллачарна а дагахьбаллам бисина хилар гойту, цо эххар а ша балхара дIавалар дIакхайкхийча меттигерчу политикаша а, аналисташа а, урамашкахь дIасалелачу наха а оцу хьокъехь дуьйцучо.

Немцойн исторехь хиллачех уггаре а къона президент вара Вульф Кристиан. Амма иза цхьаъ хилла ца Iа, цуьнан цIарца доьзна, „уггаре а“ бохучу дашца дийцаре даьлларг. Уггаре а дукха хаамийн гIирсашкахь емалвинарг а вара иза. Ткъа цул совнаха, Кристиан Вульф воцург, хIиццалц схьа немцойн махкахь цкъа а цхьа а президент хилла вац, даржехь воллушехь меттигерчу прокуратурано Бундестаге цуьнан иммунитет дIаяккха, аьлла, кхайкхийна верг а, кхеле валаран кхерам шена тIехь лаьтташ верг а.

ХIинца дуьйна шех немцойн президент хилла волу Вульф Кристиан ала догIуш волчу цо, ша шегара дарж охьадилларан бахьана шена гонахьа лаьтта гIовгIа доьзална дукха тIех тIеIаткъам беш хIума ду, царна ницкъ ца хилийта дIаволу ша, аьлла, билгалдаьккхинехь а, массарна а кхеташ ду, бахьанаш кхин дуйла.

Ма-дарра аьлча, иза д1а ца ваьлча вер воцийла кхеташ дара массарна а, ца кхеташ дерг, мелхо а, цо иза хьалхехь хIунда ца до, бохург дара. Еарий дийнахь немцойн прокуратурано Бундестаге Вульф Кристианан иммунитет дIаяккха аьлла дехар динчул тIаьхьа, иза дIавериг хиларх шеко а ца йисинера.

Ткъа хIун дара Вульф Кристиан шен махкахойн бIаьргаш чохь сел вожаран бахьана? ХIан-хIа, немцойн президента цхьа а кепек а ца лацкъийнера, шен даржах пайда а ца эцнера. Iедалан чоьтах ламборджинеш а, роллс-ройсаш а ца эцнера, пхьарсах бIеннаш эзарнаш евро мах болу сахьташ а ца дихкинера. Цо шена гIаланаш санна цIенош а ца доьттинера, президентан дарже кхоччушехь. Бакъду, цо шен доттагI волчу совдегарера кредит эцнера масех шо хьалха. Ткъа и кредит ша эцар юкъараллех къайладахьа гIоьртинера. Цу тIера дIадоладелира немцойн юкъараллин шен президентах тешам а, чам а бар. Ткъа журналисташа кхин а кIорга аьхкира.

Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а бахархой цецбовла мега, амма цунна дуьхьал журналисташа аьхкинчу уггаре а даккхийчу къинойх цхьаъ ду, масала, цо яхначу аьхка шен хIусамненаца немцойн Силт- г1айри тIе садоIа вахча, цигахь ша яьккхинчу шина буса дайъина ши бIе шовзткъе берхIитта евро шен меттана цхьана шен доттагIчуьнга дIадалийтина хилар. Ткъа иза, немцойн кхетамца, мегаш хIума дац, хIунда аьлча, президентан доттагI ша кхунна тIера ахча д1адаларх шена цхьа са яккха гIорта мега. Цу долчух а коррупцин хьожа йогIу шайн политикаш цIена хила Iеминчу бюргершна.

Ткъа Вульфа ша коррупцина гена ву, шен даржах ша цкъа а шена пайда а ца бина, бохуш, чIагIдора. Х1етте а, хIинца Вульф Кристиан къар а велла, юхаваьлла.

ТIедогIучу деношкахь канцлера Меркель Ангелас политикан партешца дагадовларш дIахьур ду, керла президент хила там берг лохуш.
XS
SM
MD
LG