Украине чуIоьртинчул тIаьхьа масийттазза хаамаш кхочура Оьрсийчоьнан эскарехь болчу Нохчийчуьра тIемалошна а, кхечу дакъойн эскархошна а юккъехь девнаш хуьлу бохуш. Тайп-тайпанчу хаамашца, конфликташ нислора къоман билгалонашца а, кега-мерса хIуманаш тIехула а.
"Юург къовсу, йа бахам. Йа цхьаммо цхьаъ сийсазво, хачик, чурка йа хьакха олий", - кхетадо Кавказ.Реалиин хьастано кадыровхойн а, Оьрсийчоьнан кхечу эскархойн а юкъаметтигех.
Гезгамашин-бутт бовш машанехь латкъамбира "ДНР" аьлла, дIакхайкхийначу мехкан халкъан милицин гIуллакхдархойн зударша а, наноша а. Бакъду - дац къастийна доцчу кехата тIехь чIагIдо, мобилизаци йина сепаратисташна тIехь "сийсазаллаш лелайо" Нохчийчуьра тIемалоша [Оьрсийчоьнан арми] бохуш.
Нохчийчуьра дуккха а бахархой болчу Херсонан кIоштахь къийсамаш кест-кеста нисло, цхьа а тоьшаллаш ца далош цунах лаьцна дIахьедира твиттерехь Украинан президентан офисан куьйгалхочун хьехамчас Подоляк Михаила. Цо бахарехь, дIалецначу дозанаш тIехь лечкъийнарг кадыровхоша шайна юьту, мародералла лелайо цара, нехан бахам боькъуш дакъалоцу.
Охан-бутт бовш украинхойн агIоно дIахьедира, кадыровхой юкъахь а болуш, Херсонан кIоштара Киселевка эвлахь хиллачу конфликтех. Цигахь Бурятера йолахошна а, нохчашна а юккъехь герзаш деттар хиллера. Йозуш йоцчу хьасташкара и информаци тIечIагIъеш тоьшаллаш ца хилира.
"Нохчий хиллане а ца хуьлу тIемаш боьлхучу хьалхарчу позицешкахь, тIаьхьашхула хуьлу уьш "заградотрядаш" санна. Церан Iалашо ю – оккупантийн дакъош жигара дахар. И бохург ду, юхаволучунна тIе герз тохар", - чIагIдора Украинан тIеман министраллин талламхоша.
Украинехьа тIемаш бечу нохчийн лаамхойн дакъошкара Кавказ.Реалии редакцин хьасташа къайлаха хаамбира, кадыровхой юкъахь болуш девнаш дийлар кест-кеста нислуш хиларх. Церан информацица, къаьсттина дукха лер-аларш хуьлу "Оьрсийчоьнан регионашкара" йолахошца.
Шина баттахь хьалхарчу позицешкахь хиллачу суна нохчий цкъа а ца гира
Украинхойн экспертийн "Сова" тобанан куьйгалхочо Савва Михаила тIечIагIйо и информаци. И хьал гинчеран дийцаршна тIетевжина, цо бакъдо, тIемаш боьлхучу дозанашкара уьш ара ца бахархьама, лазийначу оьрсийн салташна кадыровхочо тоьпаш йеттарх шена хуучух.
"Зазадокху-беттан юьххьехь хаам баьржира, Нохчийчуьра дакъош [Оьрсийчоьнан эскарш] кхечу тIеман дакъошна гергахь заградотрядаш санна ду аьлла. Билггал хилларг дара, кадыровхоша Киевн кIоштахь иттаннашкахь Оьрсийчоьнан лазийнарш байъар, царна эвакуаци ца ярхьама. Цхьа могIа меттигашкахь кадыровхойн дакъош ца хилира тIемашкахь, оцу къестамаш баро оьгIазло а, цабезам а гIаттабо кхечу Оьрсийчоьнан вовшахтохараллийн декъахошлахь", - чIагIдо Саввас.
Кхин а цхьаммо дийцира кадыровхоша Украинехь лелийначух – нохчех боцчу, Гуьмсехь Iаморашкахь хилла тIамтIе кхаьчначу эскархойн дийцарш. Масала, Челябинскера йолахочун, "Якудза" цIе лелийначу Воложанин Александран йозанаш. Цо шуьйрра дуьйцу маьршачу бахархойн хIусамашкахь къоладаран масех эпизодех лаьцна.
Херсонан кIошт схьайоккхуш дакъалаьцна, цул тIаьхьа Украине гIортар емалдинчу Оьрсийчоьнан десантхочо Филатьев Павела дийцинера, хьалхарчу позицешкахь кадыровхой цкъа а ца гира шена бохуш. Филатьевн дешнашца, цхьана салтичуьнгахь йа эпсарехь тIамтIехь телефонаш яцара, ткъа нохчийн дакъоша даим видеош йохура социалан машанашка хIиттон.
"Шаьш бинчу тIамах цара [кадыровцаша] кадраш гойтучу хенахь, цаьрга хьоьжуш, кхета со, кхийсарш яр санна ца хуьлу и. ТIемаш беш ца хуьлу уьш, царна еш цхьа пароди ю…Шина баттахь хьалхарчу позицешкахь хиллачу суна цкъа а ца гира цигахь нохчий", - дийцира десантхочо Republic гIирсана еллачу интервьюхь.
Сепаратистийн "ЛНР-н" "Восток" батальонан командиро зазадокху-баттахь критика йира кадыровхойн кечбарна а, церан тIемаш баран кепашна а.
"[Уьш] могIарера нах бу маьршачу дахарера. Царна харж йина, экипировка эцна, тIамехь дакъалаца аьлла, хьалхатеттина. Ма-дарра аьлча, Iалашонаш кхочушъян церан кечамбаран тIегIа дукха лахара ю", - дIахьедира Ходаковский Александра. ТIаьхьо Нохчийчоьнан куьйгалхочун уллорчу Делимханов Адамца яьккхинчу видео тIехь ше дешнаш юхаийцира цо.
"Церан дерриг а цхьана меттигехула ду"
Йийсаре эцначу оьрсийн сержанто, "Ахмат" полкан десантхочо Стадник Андрейс украинхойн блогерна Золкин Владимирна еллачу интервьюхь дийцира, Нохчийчуьра "лаамхойн" дакъош вовшах муха туху а, цара тIемаш муха бо а.
Республикера масех вахархо вара Стадникан ротехь, биссина эскархой кхечу регионашкахь гулбинера, иштта ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а, Кхарачой-Чергазийчохь а. Сержанта дIахьедарца, беккъа Нохчийчуьрчу тIемалойх дIадуьзна кадыровхойн дакъойх йолахоша "тикток-арми" олура.
"Цкъа роташ олура, юха батальонаш олура "Ахматера" дакъойх. Церан тIеман ларарш дукхаллица дац, церан дерриг а цхьана меттигехула ду", - дIахьедира йийсархочо, ша мотострелковин декъана тIевазвина хилар билгалдоккхуш.
ТIеман министраллин бертан хьелашца а догIуш, Украине дIахьовсийна ши бутт баьллачул тIаьхьа ротаци хила езара, "Ахматан" контрактхой баттана цIа бахийта безаш бара. Амма дийцина ма-хиллара чекх ца бевлира уьш.
Вовшийн цабезам, эмгаралла гучудолу, тIаьхьо структурашна юкъахь мостагIалле а доьрзуш
Мангал-бутт чекхбаллалц Оьрсийчоьнан эскаран гIуллакх деш вара Стадник, цул тIаьхьа тIеман кечамбеш инструктор хилар хьийхира цунна, 170 эзар сом алапа хIоттийна Украине а хьажош. Соьлжа-ГIалара администраци а веана, лаамхой олучех дIакхета везаш вара иза. Мангал-беттан 24-чохь Стадник Гуьмсерчу спецназан институте дIавигира. КIиранах лаьттира кечамаш бар – автомат кхосса Iамийра эскархой.
"Кечйина спецназ яц иза, йа эскарийн элита а яц. Армехь а ур-атталла хилаза кIезиг нах бара цигахь", - дIахьедира тIеман йийсархочо интервьюхь.
Украинехь Нохчийчуьрчу йолахошца цхьаьна, Луганскан кIоштара дIалаьцна Лисичанск ларъйеш, кхаа кIирнах Iийна иза. Стадника иштта дуьйцу, оцу муьрехь кадыровхойн хиллачу "тIеман Iалашонех" а, церан Iер-дахарехь хиллачу хьелех а.
"Цхьана доларчу секторехь Iаш бара "Ахматера" эскархой. Меттигерчарна гIо дора, къобалъязчу мехкашкара мобилизаци йинарш лоьхкура. Кхара къаьркъа а молий, харцахьа лелара, меттигера бахархой а кхерош. Герз делла царна, амма дешна бац уьш. Уьш леца а лоьцуш, ларми чу бухкура оха", - дуьйцу сержанто.
Йийсархочун дешнашца,"Ахмат" полкана тIеяздинчу цуьнан декъана ледара гIирс беллера. Шега Стаднике 1983-чу шарера Калашниковн автомат йеллера, гIагI диллина жилет ца йеллера. Сержантан а, цуьнан накъостийн а дийзира шаьш шайн амал бан: "ЛНР-ера" сепаратисташца хуьйцура цара къаьркъанах тIеман барзакъ, чевнаш йинчаьргара схьадохура шлемаш а, жилеташ а, цаоьшург кхечу дакъошкара а схьайохьура.
Товбеца-беттан 27-чохь Стадник Лисичанскана гергарчу окопашка тобанан командиран гIовс санна дIахьажийра. Эпсарш бацара цуьнан декъехь. ТIеман йийсархочо дийцарехь, тIеман позицешкахь доттагIаллин герзаш деттарна юккъехь нисъйеллера отряд.
"Тхуна йеттарш "ЛНР-ера" бара. Тхуна хезаш дара, стенгара схьаоьхуш ю. Тхан тхешан танк яр-кх тхуна тIейетташ…Дакъошна юкъахь [тIеман] барт бац. ДIа ладоьгIча, цара хиллера украинхойн позицешна тIейетта езаш, амма галбевллера уьш. Кхаа дийнера ялх дийне кхаччалц хан яьккхира оха окопаш чохь. Консерваш юура, Ӏаьнарехь цӀийдина жижиг а. Шайна хьалхара дала тийсинера тхо. Шина а агIор тIейеттачу окоп чу хийшадора", - латкъамбира "Ахматан" хиллачу эскархочо.
"Къийсамаш совбуьйлура"
Кадыровхошна а, Оьрсийчоьнан эскаран кхечу салаташна а юкъахь девнаш хиларх Оьрсийчохь дIайохийначу "Мемориал" центран бакъоларъярхочо Орлов Олега кхетадо тIеман гIирс дIасабалар цхьатерра цахиларна дара аьлла.
"Царна тIехьа [Нохчийчуьра дакъошна] лаьтташ Кадыров ву. Уьш дика кечбина бу, дика гIирс латтабо царна кхечу стурктурашна а, дакъошна а лучул [Оьрсийчоьнан герзашца болу ницкъаш а, сепаратисташ а]", - аьлла хета къамелдечунна.
Цо билгалдоккху, кадыровхошлахь а дерриг дика цахилар.
"Нохчий а боцуш, Гуьмсехь шина кIиаранах Iаморашкахь Iийна "Ахмат" полке кхаьчначарна а, кадрехь болчу кадыровхошна а юкъахь башхалла ю. Дера хуьлу царна юккъехь цхьаьнацадараш а. ШолгIачарна шаьш "кIайн даьIахк" хета, хьалхарнаш – ардангаш", - кхетадо Орловс.
Герзашца болчу ницкъийн а, Оьрсийчоьнан Коьртачу штабан а векалшна бIаьрга бахка ца беза кадыровхой
Бакъоларъярхочунна хетарехь, Нохчийчуьра эскархошна а, кхечу Оьрсийчоьнан тIемалошна а юкъахь девнаш кест-кеста хир долуш ду.
"Украинхойн эскар тIетеIаш ду, оцу юкъанна къийсамаш совбуьйлу, нахала а буьйлуш. Оцу меттигашкахь долчу дакъойн декъашхошна Iаткъам ца беш ца дуьссу и", - боху къамелдечо.
Украинан тIеман министраллин талламхойн коьртачу урхаллин векало Юсов Андрейс Нохчийчуьрчу ницкъахойх Оьрисйчоьнан эскаран "уггар чIогIа реклама йина" эскарш олу. Делахь а, цо бахарехь, билггал кадыровхойн дакъош тIом бан гунахь хиларе хьаьжча, догIуш дац майрачу тIемалойн васт.
"И дика хаьа шайна Оьрсийчоьнан эскарехь а. Герзашца болчу ницкъийн а, Оьрсийчоьнан Коьртачу штабан а векалшна бIаьрга бахка ца беза кадыровхой а, йа ша Кадыров а", - чIагIдо Юсовс, информаци шена стенгара яьлла а ца дуьйцуш.
Нохчийчоьнан куьйгалло а, Оьрсийчоьнан армино а комментареш йеш яц, Украинерчу тайп-тайпанчу эскарийн дакъошна юккъехь конфликташ юьйлу бохучу хаамашна.
- Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана нийса лерина Украинан гIаланашна гIадужу-беттан 10-чохь дина ракетан тохарш. Ша хIинца "бIе процентана реза ву" аьлла, тIетоьхна Кадыровс леррина операци дIаяхьарна (иштта олу Оьрсийчохь официалехь Украинаца болчу тIамах. – Билгалдаккхар.).
- Дагестанехь дуккха а нах ара а бевлла, протесташ йинчул тIаьхьа Зеленский Владимира Къилбаседа Кавкахан бахархошка вистхилира. ХIара хилларг – тIом болабеллачу беттанашкахь дуьххьара дац, официалан Киево регионерчу къаьмнийн проблемех дуьйцуш. Эксперташа билгалдаккхарехь, Оьрсийчоьнан пропагандан коьрта мифаш тIамо йохийна – ницкъечу армих, Оьрсийчоьнан бахархойн токхонех а, "маьршачу" Къилбаседа Кавказах а.
- Мобилизаци кхайкхийначул тIаьхьа Краснодар-махкара а, Ростовн кIоштара а хаамаш кхочура дакъошкахь оьшу тIеман гIирс цахиларх- Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал болийначу тIамехь дакъалацийтархьама церан доьзалийн дезара шайн чоьтах уьш кечбан. Цхьайолчу Оьрсийчоьнан регионашкахь мобилизаци йинарш аренца гулбинера, кхечухьа – цIа оьхуьйтура дакъошкахь меттиг ца тоарна.