ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Йаьсса меттигаш дIайуза". Украинера ЧВК "Вагнеран" йолахой кадыровхошца хуьйцур бу?


Кадыров Рамзан ву танка тIехь
Кадыров Рамзан ву танка тIехь

Хьалхо ЧВК "Вагнеран" эскархоша дIалаьцна хилла йолчу Бахмутан агIонехьа "Ахмат" спецназ дехьайаккхарх лаьцна дIахьедира Нохчийчуьрчу Iедало. Bloomberg зорбанан хьостано дийцира, оьрсийн буьйранчаш Украинерчу тIамехь кадыровхойн терахь совдаккха дагахь бу, иштта ЧВК цигара дIайахначул тIаьхьа церан гIоьнца цигара"йаьсса меттигаш дIайуза" лууш а бу. Герзаца йолчу конфликташкахула эксперташа а, политологаша а шеконе дуьллу нохчийн эскархошка "вагнерхой" шайца хийцалур бу бохург, амма республикехь керла мобилизацин тулгIе хила мега, боху цара.

Муха багарбе?

Алаудинов Аптис куьйгалла деш йолу "Ахмат" спецназ Бахмутан кIоште дехьайаккхарх лаьцна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дийцира товбеца-беттан 9-хь. Цо бахарехь, йинчу "рокировкано" гойту Коьртачу штабан тешам хилар а, "оцу тобанан лаккхара тIеман кечам хилар" а. Билггал хIун лелор ду кадыровхоша, тоьар дуй церан терахь ЧВК-н йолахоша дIатесна йерриг меттигаш дIалаца, хууш дац.

Товбеца-беттан йуьххьехь Украинерчу кадыровхойн билггал долу терахь ца девза. ТIаьххьара цунах лаьцна стигалкъекъа-баттахь дийцира – хIетахь Кадыровс чIагIдора, тIамехь ворхI эзар гергга Нохчийчуьра эскархо ву бохуш. Дечкен-баттахь, цуьнан зерашца, уьш исс эзар вара. Официалехь беш болчу хаамийн бакъхилар вуно шеконе хетара эксперташна.

Мангал-бутт болалуш тIом толлучу Америкерчу институтехь (Institute for the Study of War) тидам бира, жигарчу тIемашкахь дакъалацарх шен эскархой ларбархьама хьовсийна хила тарло Нохчийчоьнан куьйгалхочо уьш Белгородан махка. "Запад-Ахмат" батальон оцу регионе кхечира мангал-беттан 14-хь, церан бакъдолу терахь ца девза. Меттигерчу зорбанаша хаам бора, салтешна тIехьа лаьттачу позицешкахь нисбелира кадыровхой, иштта реза ца хилира Украиница долчу дозанна уллохь нисбала, амма республикерчу куьйгалло кхиндерг дуьйцура.

Американ таллархойн хаамашца, ЧВК "Вагнеран" йолахойн Украинера терахь 50 эзар стаг хила тарлора, церах доккхахдолу дакъа – вербовка йина тутмакхаш. Мангал-беттан 18-хь долчу хьолаца, контракташ чекхдевллачул тIаьхьа тIамера 32 эзар тутмакх йухавирзина, бохура ЧВК "Вагнеран" куьйгалхочо Пригожин Евгенийс. Украинел маса йолахо виссинера мангал-беттан 24-хь "вагнерхоша" герзаца гIаттам биначул тIаьхьа, хууш дац.

Уггар хьалха муьтIахь верг

Кадыров Рамзан ша цхьаъ бен вац регионашкарчу куьйгалхойх шен долахь эскар долуш, аьтто ма-боллура уьш "къоман интересаш ларйан" хьийсо кхерамаш туьйсуш. "Муьлхха а омра" чекхдоккхур ду бохуш къамелаш дора цо, йуьйцурш уггар кхераме тIемаш боьду меттигаш хилча а, эскархошлахь дуккха а эшамаш хила кхерам балахь а.

Дуьххьара ши бутт хьалха аьллера Кадыровс шен эскархой Бахмуте хьовсон пурба ло шена, Пригожино и меттиг дIатоссуш йу ша аьлча. ТIаьххьарчо тIеман министралла бехке йира, дуккха а эшамаш хиларна, цара оьшучу барамехь тIеман гIирс ца латторан бахьанца. Кадыровс президенте Путин Владимире кехат йаздира, "Ахматан" эскархой Бахмуте дехьабахар доьхуш. Амма эххар а уьш ца хийцира. ТIом талларан Институтерчу аналитикаша хIетахь бохура, и къамел Кадыровс, Пригожино леррина дина хила тарлора, наханна хьалха кеп хIиттош, хIунда аьлча, ЧВК "Вагнер" Бахмутера дIа ца йахара, тIаккха политико шен эскар цига ца хьажийра.

Пригожин Евгений а, Кадыров Рамзан а. Архивера сурт
Пригожин Евгений а, Кадыров Рамзан а. Архивера сурт

Делахь а, "тIеман хьалхенехь" шен эскарш тIемаш беш бу бохучух верриг тешо гIерташ дуьххьара дац Кадыровс. Амма Украинехьа тIемаш деш болчу къоман батальонашкарчу наха чIагIдо, кадыровхой тIеман хьалхенехь шайна гина бац бохуш. Масала, Шейх Мансуран цIарх йолчу батальонан эскархо волчу нохчочо Очерхаджиев Аслана бахарехь, кадыровхоша "тIамехь дакъа лоцуш санна кеп хIиттайо".

Нохчийчуьра тIеман полици

Фронтехь вагнерхойн метта дIахIотта оьшучул терахь а, зенделларг а ца тоьа кадыровхошна, аьлла дIахьедира Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь Къилбаседа Кавказехула волчу говзанчас, тIеман конфликташкахула эксперто, аналитико Чемберс Гарольда.

"Кадыровхоша лелор ду аьлла со тешна волчух цхьаъ ду, тIеман полисхой санна уьш лелар – хьалха ца лелийнарг ду иза. Кхин цхьа дуьхьало йу Кадыровс йина йолу оцу гIуллакхан харжан анализ. Шен наханна зен хила ца лаар, уьш ишттачу метте хьовсорца муха нисдан валла иза, тхуна ца хаьа. "Вагнерах" йиссина йаьсса меттигаш "Ахмате" дIайузалур йу аьлла ца хета суна", – билгалдаьккхира къамелдечо.

ЧВК "Вагнеран" куьгкIелахь хилла латтанаш хIинцле а тIеман министраллин эскархоша дIалецна

Гуьйранна Кадыров Рамзана хьийхира, Украинерчу тIаме 300-400 эзар вахархо хьажаве аьлла – Нохчийчуьра бахархойн доьалгIа дакъа хуьлу иза. Амма тIамна таллам беш институтехь дIахьедира, меттигерчу бахархоша дуьхьало йарах а, оцу хеначохь Путинца йолчу йукъаметтиг ларйан а гIерташ хьийза Нохчийчоьнан куьйгалхо аьлла.

Возуш вочцу тIеман аналитико Михайлов Кирилла Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь дIахьедо, ЧВК "Вагнеран" куьгкIелахь хилла латтанаш хIинцле а тIеман министраллин эскархоша дIалецна, царлахь бу шайх "къоман милици" олу Донбассерчу сепаратистийн республикашкара эскархой а, мобилизаци йинарш а.

"Кадыровхой тIаьххьарчу хенахь хиллачу меттигашца дуьстича – Донецкан уллора Марьинкехь – аьтто ца баьлла кхиамаш баха цхьана баттахь тIелатарш дича а. Вагнерхой хIинцле а фронтера йухаберзийна хилча, кхин сов ницкъаш цигахь оьшуш хир бац-кх, хетарехь. Цундела со ала ца хIутту, рогIера "мобикаш" (мобилизацина кIел нисбелларш. – Ред. билг.) лело а ца мегаш, кадыровхой лело безаш меттигаш йийца", – боху эксперта.

Цул сов, Михайловна хетарехь, Кадыровн долчу Iедалан аьтто хир бац, шайн хеттачу кепара Нохчийчуьра эскархой тIеман цIерга кхийса.

Оьрсийн Iедало "Вагнеран" тоба кхаьсттина цхьана эскархойн хьукматца хуьйцур йац аьлла хета Киеверчу маьршачу нехан маршонан экспертийн Центран векална Савва Михаила.

"Нохчийчоьнан куьйгалхочо титокана лерина аьлла хила тарло, шен эскархошца фронтера йаьсса меттигаш дIайузур йу ша. Амма цара хIинца меттигера бахархой нуьцкъаха декхаре бан мега контракташна куьг йаздан. Амма "Вагнеран" метта фронтехь цхьа Нохчийчуьрчу хьукматех тера йолу эскархойн тобанаш цигахь гучуйевр хиларе ца хьоьжу со", – элира къамелдечо.

Цо бахарехь, Пригожин Евгенийс аьтто боцу гIаттам болийначул тIаьхьа хьалхарчу деношкахь фронтехь гучуйевлира "Шторм Z" цIе йолу тобанаш. Уьш коьртачу декъанна тутмакхаш бу, амма тIеман министралло вербовка йина царна. Цул сов, Саввас бахарехь, тIеман хьукмато контракташ йаздан керла нах тIекхайкхар йуха а долийна.

"Гражданин. Армия. Право" бакъоларйаран цхьанатохараллин куьйгалхочо Кривенко Сергейс редакцица хиллачу къамелехь билгалдаьккхира, тIеман минстралло шена луучу кепара хийцо йиш йу эскархойн тобанаш. Амма кадыровхойн эскархой бийца болийча проблемаш йуьйлало, хIунда аьлча церан статус "къаьсташ йац", тIаккха эскархойн доккха дакъа церан куьйгкIелахь дац.

"Повесткаш хIоаранна!"

Оккупаци йинчу Украинин латтанаш тIе рогIера эскархой дIахьийсийначул тIаьхьа Нохчийчохь коьрта тIеIоттало проблема йу рогIера эскархой ца тоар. Цунах лаьцна масийттаза латкъамаш бира меттигерчу хьаькамаша а, ша Кадыров Рамзана а. ХIетахь Iедало информацин барамаш болийра, нохчий оцу балха хIоттахь, Украинерчу тIаме буьгур бац бохуш тешо гIерташ.

ТIеман хIора муьрехь кхочу Нохчийчуьра бахархой нуьцкъаха тIаме хьийсабо боху хаамаш: тIом болабелча, мобилизаци йолийча, иза официалехь доцуш чекхйаьлла аьлча а. Ницйкъахоша лечкъийна болу божарий а, нохчийн оппозицихойн гергарнах а декхаре бора салти хила.

Мобилизацин тулгIе хила тарло бохуш Нохчийчохь дуьйцура мангал-баттахь дуьйна

Мобилизацин тулгIе хила тарло бохуш Нохчийчохь дуьйцура мангал-баттахь дуьйна – хIетахь мессенджерашкахь аудио лелара, лаамхой гулбан беза бохуш. Царах цхьаннан тIехь дуьйцу, нуьцкъаха йолу мобилизацех гурахь "цхьа а кIелхьара вер вац" бохуш, цундела, цо бахарехь, "хаза къамелашца" бахархой лаамхойн кепехь схьагулбан гIерта Iедал.

"Гурахь армех кхайкха болийча, верриг дIавуьгур ву, цхьанна а пурба лур дац кIелхьаравала, хIунда аьлча, республикерчу военкомато омра арахецна, 18-27 шераш долуш божарийн тептарехь мел верг тIекхайкха аьлла. Республике 100 стаг хьажо мега, Гуьмсан кIоштера 200 стаг схьавалаве аьлла тIедилла тарло… тахана Гуьмсан администрации а йу хьийзош", – боху аудио тIерчу озо.

И хаам бакъхилар талла дагахь Кавказ.Реалиин корреспондент Гуьмсан кIоштан администрацига телефон йетта хIоьттира церан сайте йиллинчу номерехула, амма цхьамма а жоп ца делира.

Аудион авторо иштта тIечIагIдо, нохчийн йиъ йуьртахь "рейдаш" дIайьхьна армех бига богIурш лоьхуш – и "болх", цо бахарехь, меттигерчу "участковый" олучу полисхоша а, РОВД-н белхахойх болчу ницкъахоша а дIабаьхьна. Кара мел веънеарг, цо дийцрехь, Соьлжа-ГIала дIавигина.

Нохчийчохь арме керла нах дIагулбар баккъала а хила тарло, дуьйцу Чемберс Гарольда. Амма нохчийн оппозицин телеграм-каналашкахь арахецначу нах лечкъийна бохучу зераша ца гойту, мобилизаци баккъала а йолайелла бохург: "Ас тIетухур дара, нуьцкъаха йолу мобилизаци – иза [журналистна] Милашина Еленина тIелатаран тIаьхьало хила мега – оцу зуламна малхбузера эскархой бехкебаро тоьшалла до, респрессеш йуха йа йуьйлалур хиларна".

Цо бохучунна реза ву тIеман аналитик Михайлов Кирилл а. Цо бохура, цхьана ханна армех кхайкхина болу нах оккупаци йинчу латтанаш тIе хьийсош ца хуьлу рогIерчу хьелашкахь, амма низамо иза доьхкуш дац.

"Суна хетарехь, фронт латтон, йа керла тIелатар дан а Нохчийчуьра эскархой оьшуш хилахь, тIаккха тIеман министраллин, йа Росгвардин чоьтехь йолчу кадыровхойн эскаран тобанашка нуьцкъаха нах гулбан мега. Мухха делахь а, тIеоьшуш нах хилахь, кIелхьара валалур ву ала меттиг бац, Нохчийчохь а цхьаьна", – тIетуьйхира къамелдечо.

  • Кадыровхой Украинехь гIарабевлира "тикток-эскарш" аьлла: тIеман эксперташна а, тешашна а хетарехь, нохчийн салтий Оьрсийчоьно схьайаьхначу территореш тIехь бу. Цигахь цара роликаш йоху йохийначу гIишлошна йукъахула герзаш детташ а лелаш, маьрша нах "кIелхьарбоху" шаьш бохуш.
  • "Медиазонан" зерашца, Украинерчу тIамехь уггар дукха эскархойн беллачу регионашкахь билгалйуьйлу Кавказан регионаш – армех кхайкха хан йолчу берриг божаршца дуьстича. Масала, Нохчийчуьра, Дагестанера божарийн тIамехь кхалха кхерам ворхIазза лекхара бу Москохачу бахархойл а, иштта I,5-зза лекхара бу йуьккхерчу сизан регионашкарчу бахархойл а, масала, Вологодскан махкара.
  • Кхечу пачхьалкхашкара Нохчийчуь садаIа цIабогIучу нохчашна герз кхийса Iамош курсаш чекхйахар хьехна. Берех хьакхдала мега иза.
  • Нохчийчуьра хьаькамаш, имамаш, буьйранчаш декхаре бу Украинерчу тIаме бахийта йолахой вовшатоха - и "барамаш" кхочушбархьама меттигера бахархой бертаза къайлахчу набахтешкахь сецабо, нагахь уьш тIаме баха реза ца хилахь, церан гергарчу нахана бохам баккхарца кхерамаш туьйсу. "СК SOS"кризис-тобанан дIахьедаршкахь билгалдаьккхина ду цунах дерг.
  • Нохчийчохь керла тIеман тобанаш кхолларх лаьцна хиира товбеца-баттахь, къоьлла лаьттара республикехь цига баха луучу нехан. Полицин декъашка "мехаза" балха хIоттар хьоьху, аьлча, кхаъ бала декхаре ца бо хIинца нах хьалха санна. Нохчийчохь "нохчех бен латташ йоцу" керла полк кхолларца доьзна ду иза бохура. Цига дехьабаьхна хиллера ницкъаллин хьукматашкара белхахой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG