ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ямадаев Русланан кIант вийна Украинехь – колонира ЧВК "Вагнеран" тобане эцнера иза


Ямадаев Сайд-Хьусейн
Ямадаев Сайд-Хьусейн

Украинерчу тIамехь вийна ЧВК "Вагнеран" тобанах дIакхетта хилла Ямадаев Сайд-Хьусейн – нохчийн тIемалойн хиллачу командиран, Оьрсийчоьнан парламентан депутатан, Оьрсийчоьнан Турпалхочун, 2008-чу шарахь Москвахь вийначу Ямадаев Русланан кIант.

Ямадаев верах хаамбина нохчийн оппозицин NIYSO телеграм-канало а, хетарехь, ницкъахошца йоьзначу анониман "Два майора" телеграм-канало а. Гуьмсехь иза дIаволларх хаийтина Кавказ.Реалии редакцин Нохчийчуьра хьасташа а.

2016-чу шарахь кхел йинера Ямадаевна Москварчу Одинцовон кIоштан кхело шогачу хьелашкахь йолчу колонихь даккха итт шо а кхайкхош. Иза бехкевора масех артиклашкахь: харцахьа лелачу хенахь адаман могушаллина дайн зен дарна а, машен йадорна а, Iелалан векална дуьхьал ницкъ баккхарна а, баккхийчу барамашкахь талораш лелорна а, паспорт лачкъорна а. Оццу шеран дечкен-баттахь Москвара кхело апелляцин инстанцихь таIзар хийцаза дитира.

RuNews24 гIирсан хаамашца, Ульяновскан кIоштара номер 2 йолчу колонира "вербовка" йира Ямадаевна ЧВК "Вагнеран" тобане. Карарчу шеран йуьххьехь кхечира иза тIаме, Бахмутехь вийра оханан-баттахь.

Ша колонихь волчу хенахь Ямадаевс хьалхо видео дIайазйира, Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире хьажийна, набахтехь лелочу "харцонан" тергойар доьхуш. Цигахь, цо бахарехь, тутмакхаш "сийсазбо, бакъонаш эшайо церан". Шен куьйгаш тIера муонаш гайтира цо, ша шен пхенаш хедийра ша олуш, цо дийцарехь, шен доттагIашна йиттинчул тIаьхьа протест йеш.

  • Нохчийчохь халхара тIом боьдуш Ямадаев Руслана дакъалецира тIемашкахь федералан эскаршна дуьхьал, цул тIаьхьа Оьрсийчоьнехьа велира иза. Ямадаев Руслан 2003-2007-чу а шерашкахь Оьрсийчочьнан парламентан депутат вара. 2004-чу шарахь Оьрсийчоьнан Турплахочун седа белира цунна. Вийра 2008-чу шеран гезгамашин-беттан 24-чохь суьйранна пхи сахьт долучу хенахь Москва юккъахь. Ямадаевн машенца цхьаьна светофорехь сецнера кхин а цхьа машен, цу чуьра охьавоьсинчу стага Ямадаевн машенан диллинчу корехула 20-зза гергга Стечкинан тапча йиттира. Ямадаев верна таIзар дина Нохчийчуьра кхаа вахархочунна.
  • Ямадаев Русланан вежарша, Сулимас а, Джабраила а дакъалаьцна Ичкерин агIор хьалхарчу тIамехь, шолгIачу тIамехь – Оьрсийчоьнехьа, царна а кхачийра Оьрсийчоьнан Турплахочун седарчий. Джабраил вийра 2003-чу шарахь Дышни-Веданахь эккхийтар дина. "Восток" батальонан командир вара Сулим. 2009-чу шарахь Дубайхь вийра иза. Iарбойн Цхьаьнатоьхначу Эмираташа лаца кхайкхира, Ямадаев Сулим верна бехке бу аьлла, ворхI Оьрсийчуьра вахархо. Царлахь вара Оьрсийчоьнан думин депутат Делимханов Адам а, Мазаев Зеламха а.
  • Вежарий ЯмадаевгIар байале хьалха Кадыров Рамзанан политикан конкуренташ лорура уьш. "Новая газетан" хаамашца, ЯмадаевгIар Сулим а, Руслан а бехке хила тарло 2006-чу шарахь журналист Политковская йерна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG