ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ЯнгулбаевгIеран жимахволчу вешина дуьхьал экстремизмехула гIуллакх долийна


Янгулбаев Байсангур
Янгулбаев Байсангур

Нохчийчохь Янгулбаев Абубакаран а, ИбрахIиман а жимахволчу вешина Байсангурна дуьхьал Оьрсийчохь экстремистийн лерина йолчу вовшахтохараллехь дакъалаьцна аьлла бехктакхаман гIуллакх долийна. Цунах лаьцна хиира Талламан комитетан республикехула йолчу урхалло деллачу жоьпера, цуьнан сурт 1ADAT телеграм-канало арахецна.

Талламхочо деллачу жоьпаца а догIуш, Янгулбаев Байсангурна дуьхьал гIуллакх долийна дайначу шеран гезгмашин-беттан 27-хь. Иза стенца доьзна ду ца дуьйцу оцу кехатехь. Амма цул а масех бутт хьалх Нохчийчуьрчу Лаккхарчу кхело 1ADAT болам экстремистийн лерира, тIаккха лахьан-баттахь Байсангур Росфинмониторинган экстремистийн а, террорхойн а тептаре ваьккхира (хIетахь оцу тептарехь вара 1ADAT кхоьллина волу Янгулбаев ИбрахIим а).

Жигархошна хетарехь, и гIуллакх долийна царна а, церан нанна Мусаева Заремина а Iаткъам бархьама. 2022 шарахь лачкъийра иза Нижний Новгородерчу шен петар чуьра, хIинца 53 шо долу зуда Соьлжа-ГIалахь лаьцна латтош йу, вуно чIогIа могушалла эшна иза йоллушехь. "Мемориалан" бакъоларйархошна хетарехь, цунна дуьхьал лелон репрессеш политикан бух тIехь йу.

  • Хьалхо Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь Янгулбаев Байсангура дIахьедира, шена тIаьхьабевлла хила тарло, 1АДАТ оппозицин нохчийн боламца ша воьзна хиларна аьлла. Эксперташа элира хIетахь, ЯнгулбаевгIеран жимахволчу кIантана тIаьхьабовлар Мусаева Заремина тIеIаткъам бан Iалашонца хила тарло.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочо дIахьедира, ЯнгулбаевгIеран доьзале "хьоьжуш йа набахте йу, йа лаьтта бухе йу" аьлла. Оьрсийчоьнан парламентан депутато Делимханов Адама массарна а хезаш кхерамаш тесира, ЯнгулбаевгIеран доьзалхойн "коьртеш дохур ду" аьлла, ткъа Соьлжа-ГIалахь митинг хIоттийра, цигахь хиллачара церан суьрташ дагийра.
  • 1АДАТ болам кхоьллинчу Янгулбаев ИбрахIима хьалхо дийцира Кавказ.Реалии сайтана, масийтта шарахь Кадыровн рожана ша критика йарх, оцу Iалашонца леррина социалан машанашкахь тобанаш вовшахтохарх, цигахь Нохчийчохь бакъонаш лоьруш цахиларх дийцарх а. Оцу тIехула 2015-чу шарахь дIавигинера иза ночхийн полисхоша – эхашарахь латтийра ИбрахIим къайлахчу набахтера ларми чохь, тIехь ницкъ а беш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG