ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Японин санкцийн тептаре йазвина Кадыровн шича


Ибрагимов Турпал-Iела
Ибрагимов Турпал-Iела

Нохчийчоьнан куьйгалхочун шича, мехкан кхерамзаллин кхеташонан секретарь Ибрагимов Турпал-Iела Японин санкцийн тептаре йазвина. Дозанаш тоьхна Оьрсийчоьнан 48 вахархочунна а, иштта 73 организацийна а, церан активаш цигахь хилахь, совцор ю уьш, хаамбо The Mainichi ресурсо.

Кадыров Рамзанан гергарчуьнца цхьаьна санкцийн тептарехь нисйелла Ростовера вертолеташ ден комплекс а, йаздо ТАСС агенталло. Иштта экспортан дозанаш кIел нисйелла "ЧВК Вагнера" а, кхин а 20 юкъаралла а.

Оцу кепарчу леларна тIехь тергойар щена "беламе" ду аьлла Ибрагимов Турпал-Iелас, Японихь шен активаш йац аьлла, хаамбеш.

Хьалхо Ибрагимов (оцу хенахь – бахаман а, латтанийн а юкъаметтигийн министр вара) хьахийра, Евроберто Украинаца болийначу тIамца доьзна Оьрсийчоьнна дуьхьал йаьхначу санкцийн иссолгIачу пакетехь, доккхачу декъанна, Оьрсийчоьно бахархойн объекташна тIе тохарш дарна. Цул совнах США-н финансийн министраллин "Iаьржачу тептарехь" ву иза.

  • ГIадужу-баттахь Японино санкцеш йехира Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан доьзалхошна а, иштта Нохчийчоьнан цIарах Оьрсийчоьнан парламентан депутатан Делимханов Адаман вежаршна а дуьхьал. Керлачу санкцийн тептарехь билгалъяьккхира Кадыровн официалехь йолу зуда – Медни, иштта оцу документаш тIехь цуьнан ши хIусамнана ю аьлла, - Хазуева Фатима а,Ахмадова Аминат а. Цул совнах, тептарехь бу берхIитта шарера бевлла Кадыровн йоьIарий – Iайшат, Карина, Табарик.
  • Нохчийчоьнан премьер-министрна Хучиев Муслимна а, Ростовн кIоштара цхьа могIа хьаькамашна а, Дагестанера омбудсменна а дуьхьал керла санкцеш йаьхна Украино. Президенто Зеленский Владимира санкцеш тоьхна Оьрсийчуьра I64 стагна а, юридикан 85 компанина а.
  • Дечкен-баттахь тIечIагIйинчу Евробертан санкцийн иссолгIачу пакета юкъахь бу Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоьIарий – Кадырова Iайшат, мехкан культурин министр йолу, школазхойн дешаран департаментан урхалхо Карина (Хадижат). Иштта санкцеш дуьхьалйаьхна режиссерна Никита Михалковна а, иллиалархочунна Лепс Григорийна а, блогерна Пучков Дмитирийна ("Гоблин") а, тележурналистана Корчевников Борисна а, кхинболчарна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG