"ГIалаташ"
Яралиев Юсуп
Мел дуьйлу гIалаташ
Гулдича гали чохь,
И гали хир дара доккха.
Делахь а гIалатех
Бан гIортахь бахамаш,
Дахаро вайх гIалат доккхур.
Цхьадолу гIалаташ
Довлуш ду ларамза,
Нисдойла доцуш, даватIарш.
Хьан йина гIалатех,
Алал ткъа, гIаланаш?
Ялур яц валарх уьш, ватIарх!
ГIалаташ... гIалаташ... -
Чов хилла гIаларташ...
ГIалат хир царех дош алар.
Маржа-яI, гIалаташ!
Цецвохуш, Iамаво,
Шеквохуш, чехаво цара.
Ма дуьйлу-кх гIалаташ
Адамийн дахарехь
Дуьненан массо а маьIIехь.
Хетарехь, гIалаташ
IиндагI ду вахаран...
Цуьнан а хир ду-кх шен маьIна.