ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йедда хилла Нохчийчуьра Сулейманова Седа йийна хила тарло гергарчара, дIахьедина бакъоларйархоша


Сулейманова Седа
Сулейманова Седа

Санкт-Петербургехь лачкъийна хилла Нохчийчуьра йахархо Сулейманова Седа йийна хила тарло цуьнан гергарчара, дIахьедина кризисан "СК SOS" тобано, вовшашца йоьзна йоцчу республикера шина хьастана тIетевжина.

Бакъоларйархоша билгалдаьккхира, 26 шо долу йоI йийна хила мега аьлла хаам шайга чиллан-беттан йуьххьехь кхаьчнера. Деношкахь Оьрсийчоьнан Талламан комитете а, прокуратуре а дIахьединера цара оцу хаамийн маса талламбар тIедожош. "СК SOS" тобанан хаамах лаьцна Соьлжа-ГIалахь аьлла дош дац.

"Цкъачунна дукха хIума дац хууш: вовшашца йоьзна йоцчу шина хьасто – республикера могIарера нах бу уьш - церан бух бу, Сулейманова Седа йийна хиларан", - тIечIагIдира Кавказ.Реалии сайтана кризисан тобанан векало Мирошникова Александрас.

"Сий лардеш" ша йерна кхоьруш, Нохчийчуьра дIайаханера Сулейманова. 2023-чу шеран марсхьокху-баттахь республикера бакъоларйаран органийн белхахоша гIо а деш, Санкт-Петербургера петарчуьра лачкъийна, Соьлжа-ГIала дIайигира иза.

Гезгамашин-баттахь Нохчийчоьнан омбудсмено Солтаев Мансура видео йаржийра Сулеймановаца цхьана а кхетта. Оцу ролика тIехь йоIа дош ца олу; хIетахь дуьйна йоIах лаьцна кхин керла информаци хезна йацара.

  • ЙоьIан везаро Кудрявцев Станислава бусалба дин тIеийцира, Нохчийчу а вахна, шен йезарца цхьанакхета некъаш лоьхуш. Цунах а аьтто ца белира. Кавказ.Реалиина йеллачу интервьюхь жимчу стага дийцира, Сулейманова Седица шен хиллачу йукъаметтигех а, иза лачкъорах а.
  • Чиллан-беттан 1-чу дийнахь лачкъийначу Нохчийчуьра йахархочун доттагIчо Патяева Ленас пикет дIайаьхьира Санкт-Петербургера прокуратурина хьалха "Дийна йуй-те Сулейманова Седа? 150 де ду иза цхьанна а ганза" тIейаздина плакат карахь. Лаьцна жигархо, полици дIайигира, цигахь административан протокол а хIоттийра цуьнан хьокъехь. Кавказ.Реалии сайтана йеллачу интервьюхь Патяевас дийцира, цIера йеддачул тIаьхьа Сулейманован Санкт-Петербургехь хиллачу дахарх лаьцна.
  • Къилбаседа Кавказехь латточу гIелонах уьдучу нахана кест-кеста тIаьхьабуьйлу церан гергарнаш а, ницкъахой а. Дукха хьолахь бахьана хуьлу хууш лаьтташехь зуламаш дарна харц бехкаш дахкар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG