Европарламенте а, Францин къоман гуламе а харжамаш хиллачул тӀаьхьа шайн позицеш чӀагӀйира генарчу аьтто-парламентан политикаша. Кавказ.Реалии сайто къастийра, нохчийн диаспоро и хӀума муха тӀеэцна.
Керлачу хьелашкахь дахаран шийтта шо историн агӀор хьаьжча, жима мур бу. Амма махкахбаьхначу нохчийн политикан элита хӀинцале а кхеташ ю дуккха а цхьаьнакхетараллаш а, фондаш а кхоьллина ца Iаш гергарчу хенахь билггал долу декхарш, Iалашонаш йолу политикан партеш вовшахтоха а йезаш хиларх.
Амма мангал-баттахь Европарламенте хилла харжамаш ца хилла царна шайн кандидаташ хьалха хӀитто а, йа кхечу политикан ницкъашца барт бан майда а. Францин парламентан депутатан, социалистан Глюксманн Рафаэлан гӀорторах лаьцна Ичкерин политикаша дина дӀахьедарш бен дацара.
ХӀинцале а тӀебогӀучу харжамашкахь нохчийн кандидаташ гур бу вайна
Францин Къоман Ассамблейн харжамийн жамӀийн фонехь диаспорана уггаре а чолхе дуьсуш ду мухӀажарийн статусах а, Оьрсийчу депортаци ян мегаш хиларх а лаьцна хаттар. Цхьа а вац полисхоша дечу гӀуллакхех ларлуш – товбеца-бутт чекхболуш хилларг санна. ХIетахь лецира пачхьалкхера дIагIо ьалла кехаташ кхаьчна 17 гергга нохчо.
Ичкерин Цхьаьнакхеттачу "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхо Сулейманов Джамбулат тешна ву, хӀинца хьал кхин а телхина бен хир дац аьлла.
"Нагахь санна центристийн заманахь а нохчашца хIуьтаренаш лелош хиллехь, тӀаккха хӀун сатуьйсийла ю вайна, [Францерчу] парламентехь аьтто агIорчара меттигаш дIалаьцна хилча? Уггаре а лазаме хаттар ду -нохчий Оьрсийчу дӀахьовсор. И кхерам дIабайна бац терроризман спонсор йу Оьрсийчоь аьлла, къобалйинчул тIаьхьа а. Европа а, къаьсттина Франци а хӀинца а йийсарехь ю нохчех лаьцна Оьрсийчоьнан клишешкахь", - элира Сулеймановс редакцига.
Марселера СаьӀид цхьана декъана реза ву цунна (цӀе йаккха лууш вацара иза. – Ред.билгалдаккхар). Цунна хетарехь, хӀинца Францерчу харжамийн жамӀаша тӀейогӀучу хенахь муха доьрзур ду ала йиш яц цхьаьннан а, амма цхьа хӀума хӀинцале а гуш ду: мигранташна дуьхьал йолу тема кхин а сих-сиха айъалур ю. Цу гӀуллакхо, къамел деш волчунна хетарехь, кхин а алсам сегрегаци йийр ю.
Нантехь веха диаспоран жигархо Альберт К. оптимист ву. Цо билгалдоккху, Францин парламентехь уггар дукха меттигаш йолу аьрро-партеш дуьхьал хилар депортацешна, нагахь санна адамийн дахарна кхерам хилахь. Цундела, иза тешна ву, хьал тодала мегаш хиларх - чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллан куьйгалхочун а, ультра-аьтто агӀончийн позици ишта йелахь а. Аьрро агӀончаша ма-дарра дӀахьедо, шаьш гӀортор йо мигранташна, масала, школехь бераш долчу нахана, цара иштта хьоьху "экологин мухӀажарш" боху кхетам юкъабаккхар, цара Москваца гергарлонаш лелош а ца го.
Ког боккхуш
ХӀинцале а Европерчу политикехь карьера еш болчу нохчийн тептар жима ду, амма хӀетте а хьахо хьакъ ду. Уьш бу, масала, немцойн Бундестаган депутат Белла Бах а, Белгерчу Берлаарехь гӀалин кхеташонан депутат Исаев Адам а. ТӀаьххьарниг 2024-чу шарахь Европарламенте кандидат санна хьалхатеттинера, амма цигахь меттиг ца белира цунна.
Кхин цхьаъ Европарламенте кандидат вара Бельгин Келмис гӀалин мэран хьехамча Гамбулатов Ӏиса. 2019-чу шарахь иза кандидат вара Бельгин къоман парламенте. Ткъа хӀетахь а харжамашкахь толам ца баьккхинехь а, цо дакъалацар маьӀне хилира нохчийн диаспорина.
Амма хӀунда бацара Францин къоман гуламе кандидаташна йукъахь нохчий? Сулейманов Джамбулата, оцу хаттарна жоп луш, дийцира редакцига, дагахь а доцуш парламент йохоро массо а цецваьккхира аьлла.
"Нохчий йеххачу хенахь гибернацехь бара. ТӀамо йитина синдром дIайахйеллера. Францин парламент дӀаяккхаро гӀо ца дира нохчий харжамашкахь дакъалацийта, уьш мелла а жигара хилира Украинехь тӀом болийначул тIаьхьа. Амма, суна хетарехь, хӀинцале а рогӀерчу харжамашкахь нохчийн кандидаташ гур бу вайна", - билгалдаьккхира къамелхочо.
Цунна реза ву Францера Ичкерин консул Албаков Шамил а. Цо бахарехь, нохчийн диаспора хӀинца кечлуш йу 2026-чу шарахь Францехь хир болчу муниципалан харжамашна.
Советан заманахь хиллачу нахана юкъахь вовшахтоьхна лара йиш яц жуьгтийн а, эрмалойн а, украинхойн а диаспораш бен
Бирмингемерчу университетера Къилбаседа Кавказан эксперто Квахадзе Александра бахарехь, Европехь бехачу нохчийн лаам бу шайн векалалла кхолла.
"Харжамашкахь дакъалоцу цхьа наггахь болу нохчий бен цахилар – и бохург дац политикан планехь уьш жигара бац, - дуьйцура къамелдечо - Нагахь санна, Ичкерин боламийн декъашхой болчу нахе вай хьаьжча, уьш гӀерта Европерчу массо а политикан ницкъийн гӀортор гулйан. И оьшуш ду, церан аз дуьненаюкъарчу аренехь хазийта а, "Ичкерин" фронтехь толам баккха а".
Кхин цхьа нохчийн тоба а йу нохчийн исламан лагерна юкъайогӀуш. Ичкерихойх къаьсташ, уьш гӀерта хаамийн гӀирсашка ца кхача а, зорбане ца баха а, ур-атталла шайн пачхьалкхашкахь исламофобица доьзна хаттарш дуьйцуш хилча а.
Кхин цхьа тоба ю хӀинцалерчу Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан Кадыров Рамзанан агӀончаш, уьш а бац гӀарабовла лууш, ма-хуьллу политикан процессашна гена лаьтта уьш. Изза хьакхалуш ду диаспоран йукъарчу йоьалгIачу тобанах а – шайн историн даймахкаца йерриг а зӀенаш хадо сацам биначаьрца а, билгалдаьккхира Квахадзес.
Жигаралла йоцуш хилар дукхахйолчу Советан Ӏедал дӀадаьлча пачхьалкхашкарчу диаспорашна билгалдолу, боху Варшавера экономикан а, гуманитаран а университетан хьехархочо Алиев Нурлана. Цунна хетарехь, иза доьзна ду эмигранташна юкъахь къоман а, социалан а цхьаалла хиларан проблемашца. Цхьадолчу хьолашкахь цхьаьнакхетар регионан бух тӀехь хуьлу.
"СССР-хь хиллачу нахана юкъахь жуьгтийн а, эрмалойн а, украинхойн а диаспораш бен вовшахтоьхна а, политикан жигаралла йолуш а лара йиш йац, иза а цхьацца йолчу пачхьалкхашкахь. Цунах кхетадо церан историца", - билгалдаьккхира къамелхочо.
- 200 эзар сов нохчий беха Европерчу пачхьалкхашкахь - уггар яккхий диаспораш йу Францехь а, Германехь а, Австрехь а. Европал арахьа а йу диаспора Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь а, Канадехь а, Гергарчу Малхбален мехкашкахь а.
- Мангал-бутт чекхболуш Страсбургехь а, Лахара Рейнан департаментехь а массо агӀор нохчий лийцира. "Кавказ.Реалиин" редакцино къамел дина лецначех цхьаьнца, цуьнгара хиира хӀинца Францехь нохчийн диаспорица хуьлуш дерг.