ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Йеттара буйнашца, мийрашца, пластикан биргIанца а". Нохчийчуьра бахархой тIомбан муха декхаребо


Кадыровн эскархой, гайтаман сурт
Кадыровн эскархой, гайтаман сурт

Меттигера бахархой Украинана дуьхьал бертаза тIом бан хьийсош бу хIинца а бохуш, хаамаш кхочу Нохчийчуьра. Оьрсийчоьнан армин могIарш дузаран цхьа кеп йу – пластикан биргIанашца а, тоькаца а тIехь ницкъбар. Цунх лаьцна тхан редакцига дийцира, тIеман министраллица контактана куьг йаздан хьийзийначу нохчочо. Цуьнца а, бакъонашларйархошца а хилира тхан къамел.

Ткъа шо долу Назир (цIе хийцина йу) вина а, кхиъна а ву Соьлжа-ГIалахь. Тов хьоьвзинчу цхьана буса наб йайна иза чуьра араваьлла хиллера, жимма волавала дагахь. Цуьнан аравалар цхьа мIаьрго ца йаьллехь доьрзуш хиллера иза бертаза тIамтIе а вохуьйтуш.

"Цхьана шина минотехь вола а велла, йуха чу ваха дагахь вара со. Iаьржа куьзганаш долу, тIейаздина "Ахмат" долуш патрулхойн машенах бIаьрг кхийтира сан урамехь. ППС-н белхахоша сох тидам ма-биннехь, машен сацийра. Со маса кхийтира хиндолчух. Сайгара смартфон бацалахь охьатаса ка йелира сан. ТIамана а, Кадыровна а дуьхьал йолчу телеграм-каналашка йазвелла ву со, цул совнах, сайн цу чуьра йозанаш полисхоша деша а ца лиира суна. Машенчуьра аравелира мажош йолу ши стаг, шайна тIе а кхайкхина, соьга хаьттира, буьйсанна арахь хIун деш ву хьо аьлла. Суо жимма садаIа мохе ваьллера элира ас. Телефон хаьттира соьга, айса и чохь йитина элира ас. "Хьо цхьа тамашен ву. Наркотикаш лелош вуй хьо?". Ас ца лелайо уьш, иштта цаьрга дIа а хаийтира ас, тIаккха шайца машен чу хаа элира цара", - дийцира Назира.

Ша дIавуьгучу заманчохь чIогIа кхеравеллера ша, йа стенга вуьгу а ца хаьара бохура цо. Итт минот йаьллачу хенахь кIоштан полицин декъе кхечира уьш.

Йарташкара нах тIамтIе бахийта автобусаш тIе а хийшош, дIабуьгу

"Цхьана кабинет чу вигира со. ГIант тIе охьахаийтира, омра дира: "Куьйгаш тIехьа дахка" аьлла. Куьгаш дIа а дихкина, хеттарш дан буьйлабелира уьш соьга. Со дIавигинчу шинна тIе веара кхин а цхьаъ. Буйнашца, мийрашца, пластикан биргIанца а йиттира суна. Ток йеттийтира – пIелгех серий тийсина. Хоьттура сан телефон стенгахь йу. ТIеман министраллица контрактана куьгйазде бохуш, ницкъбира суна тIехь. Аса цаьрга дош ца олура. Со Iадийна вара. Цхьана а стагана вон болх бина вац со, оцу кепара хIума сайх Iотталур ду аьлла, цкъа а дагадеана вацара со", - кхиндIа а дуьйцура Назира.

Цо бахарехь, бехкаш ца дехкира цунна, ца кхетийра, мича статусехь иза валийна а, мича бух тIехь полицин декъехь ву а.

Кхаа-деа сахьтехь гIело латтийра цунна тIехь. Цул тIаьхьа жимстаг машен чу а хаийина, шаьш иза лаьцна хиллачу меттиге дIавигира. Цуьнан доллу дегIа тIехь сийна таммагIаш дара, лоьрашна тIе ца вахнера иза, ца хIоьттира ППС-н белхахошна арз дан а. Цара кхерамаш ма теснера цунна нагахь санна, цхьанга цо хиллачух лаьцна дийцахь, цуьнан боллу доттагIий а, гергара нах а шаьш хIаллакбийр бу аьлла.

Назир кхеташ вац, ша дIа стенна хецнера а, ша стенна лаьцнера а: "Цара шайн хьаштдерг до миччахь а, хьаьнцца а".

Масех де даьлча жимстаг Москва дIавахара. Складехь болх беш вара иза, цига кест-кеста кхочура рейдаш йан ОМОН, мигранташ а, эскаре тIекхайкха хан йолу кегийрхой а лоьхуш. Назир церан кара ца вахара, цуьнца цхьана белхаш бечара цуьнга ОМОН йогIуш хоуьйтуш хиларна.

Эрмалойчохь йеха бакъоларйархо йевзачу цуьнан гергарчо хьехна, ши бутт хьалха оцу пачхьалкхе дIавахара Назир.

Ша Путин Владимиран "гIашсалти" ву бохучу Кадыров Рамзана, республика Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал болийначу тIамехьа йу бохург , - пропагандистан аьшпаш бу.

"Аса чIагIо йо-кх, 80, йа 90 процент хила а тарло, Нохчийчуьра бахархой оцу тIамна дуьхьал ма бу. Оцу тIаме нохчий хьийсорна дуьхьал муххале а бу уьш. ДIа а хIоьттина Нохчийчохь цхьаммо а цкъа а эр дац, ша дуьхьал ву аьлла. Амма цунах лаьцна дуьйцу шайн чохь. Лулахоша а мотт тоха тарло, цкъацкъа-м гергарчара а цхьаьна",- дийцира къамелдечо.

Цо бахарехь, Украинера тIамтIехь хиллачара ца дуьйцу, шайна гинчух лаьцна. Назирна вевзаш волу цхьаъ оцу тIамтIера къежвелла цIа веанера.

Веддачул тIаьхьа

Мобилизаци йолайеллачу хенахь, Кадыровс дIахьедира, Нохчийчуьра къаьсттина дукха лаамхой бахна тIамтIе, Оьрсийчоьнан кхечу регионерачул а аьлла. Пачхьалкхан кхечу меттигашкара нах тIекхийкха беза кхин дIа элира цо. Амма, Назира чIагIдарехь, моблизаци республикехь кхин дIа а хьош йу. Дукха хан йац бохура цо, шен школехь хилла хьехархо тIекхайкхина.

"Йарташкахь дукха нах автобусаш тIехь хьалабоху тIамтIе бахийта. Соьлжа-ГIалахь ишта дойла йац – дукха адам ду, дукха туристаш бу цигахь. Амма бакъду, царна лаахь, Соьлжа-ГIалахь а и хIума лелор долуш бу уьш. Цхьана хене хьоьжуш хир бу аьлла хета суна", - дуьйцура кхин дIа жимчу стаго.

2022-чу шеран гурахь Нохчийчуьра ша дIаваха гIоьртинера бохура цо. Эхашарахь Казахстанера шайн гергарчу нахехь Iийна хиллера иза. Iежаш лахьочу метте балха вахана хиллера, дозанал арахьа лела паспорт а, виза а хиларе дог а дохуш. Европера цхьана пачхьалкхе дIаваха Iалашо йара цуьнан. Амма Оьрсийчуьра дукха нах бара Казахстане гIерташ, ахшо даьлча иза кхеттера, рагI тIекхачаре хьоьжуш, цхьана шарахь шен ладегIа дезар дуй. Iежаш лехьор а цхьана хенан хIума дара. Болх дIабаьлча, кхин болх ца карийра Назирна, тIаккха Нохчийчу йухавирзира иза. Кхин цхьана шарахь эхашарахь а Псков, Петербурге балха листира иза, цигахь а кхин башха аьтто ца хилира. Йуха а цIа ван дийзира.

Адамаш кхерийна ду цхьа могIа регионашкахь

Эрмалойчу дIавахар а – атта некъ бацара Назирна. ТIамана дуьхьал болчу релоканташна гIо ден "Ковчег" организацино ханна хIусам ло бала хьоьгучарна. 2024-чу шеран зазадокху-батте кхаччалц Ереванехь болх беш йара "Ковчеган" шелтерш, цул тIаьхьа волонтераша хостелашкахь меттигаш лоьцура.

Назира дийцарехь, "Ковчеге" кехатй аздина хиллера цо. Ши кIира даьллачу хенахь жоп деллера цунна. Цо тIечIагIдира, хьалха а санна, ханна лаца хIусам оьшуш ву ша аьлла. Оцу тIехь сецира гIуллакх.

Тхан редакцино дехар дира Ереванера "Ковчеган" керлачу координаторе Яне оцу хьолах лаций дийцахьара аьлла. цо бахарехь, дукха хан йац иза цигахь болх беш волу, Назиран гIуллакх ша лелийна дац бохура цо. Цунна чоь ца йелла хила тарлора, билггала цунна тIехь Iазап хьегна хиларх кехатийн тоьшаллаш ца хиларна.

"Ковчег" организацин хьокъехь харц ойланаш кхолла ца йалийта: хIокху текстан авторна бевзаш бу волонтераша гIо дина, иштта Эрмалойчохь а цхьаьна, Оьрсийчуьра релоканташ.

Эрмалойчохь Назирна гIо дира кхечу организацино – "Этос" йу иза. Цара чохь хан йаккха йелла бакъо чекхйаьлла. Жимстаг коммерцин хостеле дехьаваьлла. Маьнгах цхьана буса ши эзар драм ло цо, ткъа болх бечохь цхьана сменехь оьцу цо пхи эзар гергга драм (1 сом – 4 драм ду). Цо бохура, уггар оьшург латтон бен ахча шена тоьаш дац. Кхин болх лоьхуш ву иза, амма хIинца а Iалашо йу цуьнан Европе дIаваха.

Назира дешнашца, Украинаца тIом бан ца луу нах, дукха хьолахь Казахстане а, Туркойчу а дIабоьлху. Эрмалойчохь шен махкахой лийхира цо, амма цигахь диаспора ца карийра цунна. Ша нохчо ву аьлча, шеца цхьаьна болх бийраш цецбуьйлу бохура цо. Эрмалойчохь нохчицн стаг шайн хаавелла вац бохура цара. Назир тешна ву, Кадыровс а, ницкъахоша а кхерийна шен махкахой, къайлах лелачу тера ду, шаьш муьлхачу къомах ду а ца хоуьйтуш.

"Идите лесом" проектан бакъоларйархочо Чувиляев Ивана, редакцин хеттаршна жоьпаш луш, дийцира, тIекхайкха хан йолчу божарийн пачхьалкхан поликлиникашка бахар а кхераме ду аьлла, хIунда аьлча, "тIеман комендатура йукъа ца гIуртуш, цигахь гIо кхачор дац".

"Меттигера специфика йукъайалайо"

Чувиляевс дийцарехь, церан проекте гIо доьхучу 99 процент наха шайн лаамехь куьйгаш йаздеш дац тIеман министраллица. Къаьсттина эгIазчу хьолехь бу салтий; колонешкахь хенаш токху тутмакхаш, бехкебийраш. Цаьрца контракташ йо хIинца. Украинаца тIом бечийн могIарш дузархьама полисхоша рейдаш йар долийна.

"ТӀаьхьарчу беттанашкахь лелачу трендех цхьаъ ю Коркинохь къепедацарш хиллачул тӀаьхьа дӀайолаелла чаккхе йоцу рейдаш. Челябинскан кӀоштахь полисхошна "Фас" аьлла, команда дина, ткъа Москарчарна и команда оьшуш дац, уьш даим а сема бу. Нохчийчохь полици - парамилитаран тоба йу. Оьрсийчоьнан массо а регионашкахь изза хуьлу, амма хӀораннан а шен-шен специфика ю: Нохчийчохь – бертал охьавуьллу, гIоьмаш туху куьйгех, йетта, тIехь гIело хьоьгу. Менташа и хIума даим а деш ду. Нагахь санна тхоьга Нохчийчуьра наха гIо дехча, тхуна хазахетар дара, амма уьш дукха хьолахь тхоьца зӀене ца бовлу. Ишта ГIалгIайчуьра а, Дагестанера а. Меттигера шайн специфика йукъайоккху. Дукхахйолчу регионашкара нах Iадийна бу", - бохура бакъонашларъярхочо.

Цо билгалдаьккхира, "Идите лесом" организаци кийча хиларх, бертаза контракташна куьйгаш йаздайтарх лаьцна шайга мел кхоьхьуьйту кехаташ листа. Амма дукха хьолахь цаьрга гIо доьху тIом боьдучу меттигехь нисбеллачара.

"SK SOS" кризисан тоба уггаре а хьалха Къилбаседа Кавказехь ЛГБТ-н бакъонаш ларъярна тӀехьажийна йу. Назир цу тайпанна юкъа ца вогӀу. Амма "СК SOS" тобано болх бечу гӀуллакхаша гойту йерриг а регионехь адамийн бакъонашца долчу хьолах лаьцна.

Iедал тIаьхьадаьллачу нехан бовла меттиг йац – и боккха сингаттам бу

Кризисан тобанан пресс-секретаро Мирошникова Александра ма-аллара, церан клиенташна юкъахь бу иштта Оьрсийчоьнан эскарца контракташ йан декхаре бина нах а. Иштта тӀечӀагӀдина ворхӀ гӀуллакх ду. Цхьаъ велла. Цу 6-н кхолламах лаьцна хууш дац, цаьрца зӀе йац.

ТIаме дӀабаха декхаре бина, амма кIелхьарабовла аьтто баьллачу ЛГБТ-н векалша хаам бира, шайца цхьаьна оццу хьолехь нисбеллера гейш боцурш а цхьана.

"Уьш, ЛГБТ-н нах а санна, лецарх лаьцна протоколаш а ца хIиттош, хеттарш а ца деш, бехк а ца кховдош. Нагахь санна контрактна куьйгаш йаздан реза ца хилахь, набахтехь латтор бу аьлла, кхерамаш туьйсу царна. Дуккхахберш реза хуьлура, хӀунда аьлча, йийсарехь латтор хала хIума ду, хьо хӀунда лаьцна а, мел хан хьайга йоккхуьйтур йу цигахь хууш а доцуш", - боху Мирошниковас.

ЛГБТ-нахана кхин а тIе кхерам лаьтта. Полисхоша цаьрца чохь латточу нахе дIахоуьйту церан ориентацих лаьцна.

Нохчийчохь Къилбаседа Кавказан кхечу регионашкахьчул а, йоллучу Оьрсийчохь а полисхойн къизалла алсам йаьржина йу, билгалдоккху къамелхочо. ТӀаме хьажон Ӏалашонца стаг лаца бахьана хила тарло кега-мерса къоланаш дар а, наркотикаш лелор а, ур-атталла къаьркъа малар а. Цхьадолчу хьолашкахь лецначарна ур-атталла низамашца административан таӀзар а ца до. Бакъонашларъярхочо дуьйцу, нагахь санна дуьхьал доккху гIуллакх административан бен дацахь, билггал дуьхьало йан йеза контрактна куьйгаш йаздарна бохуш.

"Цхьаберш дIахоьцу. Цкъацкъа церан гергарчара дала ахча вовшахтуху- цунах а гIуллакх ма хулий. Цул тIаьхьа катоьхна цхьанхьа дIавахар гIолехь ду, хIунда аьлча, йуха а цуьнан кочабаха тарло", - кхин дIа дийцира Александрас.

Цуьнан дешнашца, Назира редакце дийцина хилла, «низам дохийначун» берриг а доьзал хIаллакбан нохчийн полицино луш долу дош, халахеташ делахь а, цара дийр доцург дац. Бакъду, дуккхаъчу меттигашкахь "зуламхо" гергарчара шайх дIа а къастош доьрзу.

Нохчийчоьнан ницкъаллин структурашка латкъамаш бар эрна ду ала мегар ду, боху Мирошниковас, республикехь талламаш бийр бац. Амма и тайпа дӀахьедарш йаздар а, лоьрашкара йиттина хиларх тоьшаллаш дIайаздайтар а маьӀне ду, нагахь санна, гӀо дечарна а, бакъонашларъяран организацешна а, къаьсттина дозанал арахьа, тӀечӀагӀдеш долу кехаташ оьшуш делахь.

"Iедало хьийзочу нехан бовла меттиг ца хьулу- и чIогIа боккха сингатамм бу. Оха Iалашбечарна Европехь тховкIело йалар а даьлла чолхе. Мобилизацих, йа контрактана куьг ца йаздан бевддачу нехан хьал кхин тIе а халох ду. Масал ду-кх Франци, Оьрсийчуьра дезертирашна шаьш тховкIело лур йу элира цара, амма пIелгашца багарбаллал бен бац цара тIелецнарш",- билгалдоккху "СК SOS" тобанан векало.

Иштта иза тешна йу, нохчаша Путинна а, тӀамна а йуьззина гӀортор йеш хиларх лаьцна Кадыровс дина дӀахьедарш мел кӀезга а совдаьккхина хиларх. ТIеман министраллица бертаза контрактана куьйгаш йаздайтарх гучудьаллачу ворхI гIуллакхах кхоъ нисделла "SK SOS" командо Iалашбинчу нахаца мобилизаци кхайкха а йале хьалха.

  • Кадыров Рамзана Нохчийчохь терроризмна а, кхерамзаллина а тӀехь толам баккхарх а лаьцна йух-йуха а дӀахьедарш динехь а, регионехь хьал гӀоьртина лаьтташ ду. ГIадужу-беттан 24-чу дийнахь Соьлжа-ГӀалин йистехь эскархошна тӀелатар дина аьлла, дӀахьедар динчул тӀаьхьа, ницкъаллин структурийн белхахоша цхьа могӀа талламаш бира масех эвлашкахь. Божарий лоьцура. Меттигерчу бахархоша а, бакъонашларъярхоша а дийцарехь, цу кепарчу рейдех пайдаоьцу нах бертаза Украинина дуьхьал бечу тӀаме хьийсорхьама.
  • ГIадужу-баттахь Нохчийчоьнан куьйгалхочо дӀакхайкхийра Украине хьажо керла полк кхолларх лаьцна. Иза хиира президент Путин республике веана ши бутт баьлча. Меттигерчу бахархоша мукӀарло дира редакцига, оцу кепара тIаьхьало хирг хиларх шаьш кхоьруш дара пачхьалкхан куьйгалхо махка веанч хенахь аьлла. Керлачу тIеман декъе муьлш эца лерина бу, муьлхачу кепех пайдаоьцу нах вовшахтухуш а – Кавказ.Реалии сайта тӀехь йолчу материалехь ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG