ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йийсарера маьршаваьккхина кадыровхо юха а Украинана дуьхьал тIаме вахна


Мусиханов Киргиз, Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграм-каналера скриншот
Мусиханов Киргиз, Нохчийчоьнан куьйгалхочун телеграм-каналера скриншот

Украинхойн йийсарера цIавирзина 38 шо долу Хьалха-Мартанара вахархо Мусиханов Киргиз юха а тIаме вахана. Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен телеграм-канале хIоттийна видео тIехь ву иза. Хьалхо иза махка юхаверзарх дийцира Нохчийн Ичкерия республикан арахьарчу Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада а, нохчийн парламентан спикеро Даудов Мохьмада а.

Дуьххьара Мусиханов Украинана дуьхьал тIаме вахара лаамхо санна – тахана нохчийн "Ахмат" цхьахйолчу спецназан ротин командир ву иза. Зорбане йаьккхинчу видео тIехь цо дуьйцу Белогоровка кIоштара (Украинан Луганскан кIошт) лакхе схьайаккхарх "ЛНР-н" ницкъашца цхьаьна.

Хьалхо хаамбора, гезгамашин-беттан 9-чохь, Украине кхаьчначу кхозлагIчу дийнахь Мусиханов йийсаре лаьцнера бохуш. Иза маьршаваккхарх Ичкерин агIончаша дийцина ца Iаш, Нохчийчоьнан Iедалхоша а цхьаьна дийцира. Закаев Ахьмадца хиллачу цхьанакхетарехь, видео хIоттийнера ютубе, Мусихановс дIахьедира, шен лаамехь каравахна ша аьлла, ткъа Закаевс нисвира иза, тидам а бира, цо дуьхьалойарх массарна а хууш хиларх а, каравогIучу хенахь иза кхетамчохь цахиларх а. Политико иштта тIечIагIдира, Нохчийчуьра вахархо шен лаамехь тIаме веана хилар. Масийттазза юх-юха олу, Кирзизан деваша, Мусиханов Асламбек, Нохчийчохь хьалхара тIом боьдучу хенахь гIаттамхойн командир хилла хиларх, ткъа кадыровхочун да-нана Закаевца цхьана эвлахь даьхна хиларх а.

Цул тIаьхьа масех де даьлча нохчийн парламентан спикеро Даудовс рогIерчу кхеташонехь дийцира, кадыровхо йийсаре лаьцначу украинхочуьнца хийца гIертара, вевзаш воцчу, СБУ-ца дикачу юкъаметтигашкахь хиллачу Москварчу бизнесхочун гIоьнца аьлла.

  • Товбеца-баттахь лаьцначуьра маьршайаьккхира украинхойн парамедик Паевская Юлия ("Тайра" цIарца йевзаш йолу). "Хьалхарчу каналан" журналисто Куксенкова Иринас хаамбира, Украинехь вехачу Саидов Адамца, Нохчийчоьнан куьйглхочун аннекси йинчу ГIирмера векалан Саидов Мурадан кIантаца иза хийцина аьлла. И бакъ ца дира Саидов Мурада а, иштта украинхойн блогеро, "Ищи своих" телеграм-каналан авторо Золкин Владимира а. Охан-баттахь Саидов Адама элира, кадыровхошкахьара кхерам лаьтта шена аьлла.
  • Украинерчу тIамехь дакъалоцучу Оьрсийчоьнан йийсаре боьлхучу эскархойх, Оьрсийчоьнан агIоно уггар хьалха хуьйцу кадыровхой – кадрашкахь болу ницкъахой а, Нохчийчохь вовшахтоьхначу эскарийн структураш юкъара йолахой а, доккхачу декъанна нохчий. Уггар лакхара мах- 600 доллар – и мах хIоттийна йийсаре лоьцучу кадыровхойх, цунах лаьцна дIахьедира украинхойн блогеро Золкин Владимира.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG