ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йолахой кечбен Нохчийчуьра база Путин Владимиран цIарах хир йу


Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а
Путин Владимир а, Кадыров Рамзан а

Украинана дуьхьал тIом бан хьийсон йолахой кечбечу Гуьмсера "Оьрсийчоьнан спецназан университет" президентан Путин Владимиран цIарах хир йу. Цунах лаьцна дIахьедина мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Кадыровс дийцарехь, тIеман база Путинан цIарах хилийта сацам и схьайоьллучу заманахь дуьйна бара – 2013-чу шарахь. Ткъа тахана бен хаийтина дац, хIунда аьлча, оцу хьукмато "ша кхолларан Iалашо меттахIоттийна", "Оьрсийчоьнна пайда а беана".

Де хьалха "спецназан университетехь" хилира Кхерамзаллин Кхеташонан куьйгалхочун гIовс Медведев Дмитрий. Цо дIахьедира, цигахь Iаморашкахула 16 эзар сов "лаамхо" чекхваьлла, делахь а тIамтIе бахийта беза Къилбаседа Кавказан регионашкара алсам контрактхой аьлла.

Дахначу кIиранах Нохчийчохь дIахьедира, Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран цIарах Соьлжа-ГIалахь керла микрорайон йийр йу дуккха а петарш йолу 130 цIа а деш аьлла. Кадыровн проспекте дехьаволучу меттигера Путинан цIарах проспект кхин дIа йахйеш йийр йолуш йу Путин Владимиран кIошт. 2026-чу шарахь дийр ду боху хьалхара 65 цIа, хаамбира хьалхо Соьлжа-ГIалин мэрихь. Амма официалехь дуьйцуш дац хьан куьйгалла дийр ду гIишлош йарехь, мел мах цунах бер бу а.

  • "Оьрсийчоьнан спецназан университет" олу база кехаташца спортан-кхийсархойн клуб йу аьлла, дIайазйина йу. Юридикаллехь коммерцица йоьзна йоцу организаци лору иза. Оцу клубан йу Нохчийчуьра дешаран а, Iилманан а министраллин лицензи. Цхьана а Оьрсийчуьра ницкъаллин структурин контролехь йац и.
  • Гуьмсехь Iаморашкахь ду "Ахмат" дакъа а. Иштта цигахь кечамаш бо тIамана Росгвардин а, ОМОН-ан а белхахоша.
  • 2022-чу шарахь "спецназан университетна" кхаьчна "лаамехь делла" 349 миллион сом – шо хьалха хиллачу барамца дуьстича, пхоьазза сов хуьлу и терахь. Оцу йукъанна организацина хилла пайда кхузза алсамбаьлла го Федералан йасакхан хьукматан сайтера зерашца.
  • Нохчийн "спецназан университет" санна тIеман кечамаш бен центраш гучуйийла тарло Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а. Уьш кхоллийта аьлла президенте Путин Владимире дехар дина цуьнан администрацин куьйгалхочун гIовса Кириенко Сергейс а, Генарчу Малхбален федерелан гонашкарчу векало Трутнев Юрийс а, шаьш Нохчийчохь хиллачул тIаьхьа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG