ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Югрера а, Ямало-Ненецкан гонашкара а ши вахархо бехкевина Нохчийчохь эскархошна тIелатарна


Басаев Шемал, 1999 шеран гIадужу-беттан 18-гIа де
Басаев Шемал, 1999 шеран гIадужу-беттан 18-гIа де

1999-чу шарахь, Нохчийчохь шолгIа тIом боьдуш, федералан эскархошна тIелатар дина ву аьлла ши стаг лацарх дIахьедина Талламан комитетехь. Ханты-Мансийскан, Ямало-Ненецкан гонашкахь уьш шога лоьцуш дIайазйина видео нахалайаьккхина ФСБ-н белхахоша. Лецнарш билггал зуламашна бехкехиларх тоьшаллаш ца далийна ницкъахоша.

Официалан версица, 1999-чу шарахь Алимгиреев Муртазали а, Кадрашов Алимхан а дIакхетта хиллера Басаев Шемалан а, Хаттабан а тобанех. Оццу шеран гIадужу –баттахь Червленная станицехь эскархошна тIелеттера уьш. 15 стаг вийра хIетахь, 28-нна чевнаш йира.

Йиллинчу хьасташкара хаамашца, 1999-чу шарахь Алимгиреевн хилла 21 шо, муха аьтто хилла цуьнан къайла а ваьлла, Лянторехь, Ханты-Мансийскан гонашкара Сургутан кIоштахь ваха, - ницкъахоша ца дийцина. Изза ду 55 шо долчу Кадрашов Алимханан хьокъехь а, цуьнан 30 шо хилла 1999-чу шарахь, - иза лаьцна Уренгойхь.

Лоцучу хенахь шинна а тIехь ницкъбина къайлахчу сервисийн белхахоша, и гуш ду "РИА Новости" агенталло зорбане хIоттийначу видео тIехь. Бехкевечех цхьаъ кхаа ницкъахочо бертал охьавиллира гIамара тIе, масийттаза туьйхира цунна, машенчу а такхийна, лаьтта охьавиллира. Важа а ишта лаьтта охьавиллира, голашца корта а Iовдуш.

Алимгиреевна а, Кадрашовна а дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна герзашца бунт гIатторна а, зуламхошлахь дакъалацарна а, эскархойн дахарна тIекховдарна а.

  • Ростовера кхело листа долийна Нохчийчуьра вахархочун Батыкаев Iалавдин хьокъехь гIаттийна бехкзуламан гIуллакх Иза бехкево Басаев Шемалан тобанан декъахь Псков гIалара десантхошна тIелатарна. Официалан версица 2000-чу шарахь Оьрсийчоьнан эскархойн жимо тоба тIом бан йоьллера шайл а ницкъе болчу нохчийн тIемалошца, и йоллу тоба хIаллакйинера. Бакъоларйаран "Мемориал" центран кхеташонан декъашхочо Черкасов Александра бахарехь, уьш байина хиллера шайчара артиллерица. Цунна бехке хила тарло федералан ницкъийн буьйралла.
  • Басаевн а, Хаттабан а тобанаша тIемаш бина Дагестанехь 1999-чу шеран мангал-беттан йуьххьехь болийна гезгамашин-бутт йуккъе баллалц. Талламан версица, цхьа эзар ахэзар гергга хилла нохчийн тIемалой. "Контртерроран операци" йолон цхьахдолчу бахьанех хилира и хиламаш.
  • Бехктакхаман жоьпалла тIедожадо иштта, 1990-2000-чу шерашкахь федералан эскаршна дуьхьал тIом бина, цул тIаьхьа амнисти еллачарна а. Кавказ.Реалиино ма-дарра яздира иштачу цхьана гIуллакхах лаьцна – ИдаловгIеран вежаршна дуьхьал даьккхинчу бехкзуламан гIуллакхах.
  • Адвокаташа а, бакъоларйархоша а билгалдоккху Къилбаседа Кавказехь тIемалой бу аьлла лецначара дукха хьолахь кхелехь дIахьедеш хиларх, талламаш бечу заманчохь шайна тIехь Iазапаш хьегна даьхна ду шайгара харц дараш олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG