Стохкалерачу шарчохь мел кIезиг а 15 эзар Оьрсийчоьнан вахархочо тховкIело йехна Евробертан пачхьалкхашкахь. ДIабахначийн цхьа дакъа – Къилбаседа Кавказера бахархой бу, Iедалхой шайна тIаьхьабовларна бевдда уьш, царлахь зударий а цхьаьна бу. Дозанал арахьа баха хьийза уьш, шайна доьзалашкахь гIело латторна а, шайца бераш дIадига лаарна а. Шаьш бинчу бехачу некъах а, хIилланчаша дозанехь шаьш Iехадарх а Кавказ.Реалиин редакцига дийцира ГIалгIайчуьра а, Нохчийчуьра а бахархоша.
Европе дехьа а бевлла, цигахь тховкIело йеха уггар а гоьйаьлла кеп йу, Польшица беларусхойн Брестан кIоштара дозанех дехьавалар. Беларусхойн бакъоларйархоша 2017-чу шарахь хIоттийначу рапортаца а догIуш, чуоьху мухIажарийн терахь жимдан хьажийна Польшера дозанхойн сервисан политика бахьана долуш, тховкIело йоьху духкхболу мухIажарш пачхьалкхан дозана тIе ца кхочу. Царех цхьаболчара къайлах шаьш дехьадаха тIелаьцначу нахах тешаш, царна ахчанаш ло.
Оцу некъах чекхбевллачара дийцарехь, и схема иштта йу: Польшица дозане кхаччалц наха такси лоцу, цуьнан мах хуьлу 300 еврона тIера 600 кхаччалц. Полшхойн постехь царна дуьхьал машен йогIу, цара "гIо дийр ду" олу доза хадош, цхьана стагера 300 еврона тIера 1000 еврошка кхаччалц ахча шайга хьалххе схьа а доьху.
Делахь а, оцу нахах тешна, царна мах дIабеллачара бахарехь, дозанехула дехьабовлар нисдала а, ца нисдала а тарло, ткъа и нах "дIакхуьйлучара" Iехабо шайн бакъонаш а, Евробертан низамаш а цадевзарш.
Дечу къамелашкахь мухIажарша санна, машенлелорхоша а цхьаьна дуьйцу, денна Беларусина а, Польшина а йуккъерчу дозанхойн посте 20-30 гергга нохчий а, гIалгIай а богIу, царлахь – шиъ-кхоъ зуда хьулу, доьзалехь бечу ницкъах бевдда. ШолгIа-кхоалгIа хьаьжча царех доьалгIа дакъа бен дехьа долуш дац. Царех Польшера куьпа кхочу наггахь верг, дукхахберш кхин дIа боьлху.
Оцу йукъанна, шаьш бале лаьцначу цIийндайх-тиранех кIелхьарабовлу зударий, шайн дуьхьало йахь, даймахка йухабаха дагахь бац – цундела кредиташ а оьцуш, тIаьххьара сом а "дехьабохучунна" дIало, маьрша дахаре кхача догдохуш. Царех дуккхаъберш беларусхойн дозанехь буьсу, Iехийна, карахь мел долчу ахчанах бевлла. Оьрсийчу йухабоьлху уьш, йа Европе кхача кхин некъаш лоьху, боху редакцица къамелдечара.
"Дехьабохучара" дошдалар
ГIалгIайчуьра Людас (цIе хийцина. – Редакцин билгалдаккхар.) дагалоьцу, "Няшка" ник лелочу "дехьабохучех" йолчунна схьакарийнера хIара инстаграмехь, кхо шен проблемех дерг йаздича. Цуьнан хиллачу хIусамдас Европе дIадигинера кхуьнан бераш. Къамелдечо ша бакъоларйархо йу элира, Польше муха дехьайоккхур йу дийцинера цо, шен мах 300 долларш бу аьлла.
"Даяна (цIе хийцина. – Редакцин билгалдаккхар.) чIогIа сох доглозуш хьоьвзира, со шех тешийнера цо. Сайн берийн доллу кехаташ цунна дIатеснера аса, цаьрга йистхилар доьхкуш, кхело бинчу сацамийн документаш а. Доллу кехаташ полшхойн матте дохуш гIо дийр ду аьллера цо, иштта адвокат лоцуш а, меттигерчу инстанцешка дIахоуьйтуш а. ГIалгIайчуьра йада а, Польше дIайаха а аса мел ахча гулдина хиира цунна. Хиттира кхин берашна ахча оьцуш а йуй со, Польше дехьайаьлча кхечухьа дIайаха дагахь йуй", - дуьйцу Людас.
Ши эзар гергга евро ахча соьгара дIаийцира цо. Ткъа Польше дIакхаьчча суна цуьнгара цхьана а кепара гIо ца хилира
Даянас ша гIо дийр ду аьллера Людина берашца цхьаьна Польшера Германи дехьайолуш а, Берлине кхаччалц дIайуьгург 1800 евро дийхира цо.
"И ахча доцург а, кхин а бIе эзар сом дийхира цо, Польшехь "сан гIуллакх лелош" гIо дийриг. Аса дIаделира и ахча, хIунда аьлча, оцу махкахь суна кхин вевзаш стаг а вацара, цунах тешна йара со. Ши эзар сов евро даьккхира цо соьгара. Эххар а, Польше кхаьчча, суна цхьана а кепара гIо ца дира цо".
Шен ах ахча мукъна а йухало аьлла хиллера цуьнга Людас, амма Даянас дIахьединера, цуьнгара шега кхаьчна кепек а йац, дозанехула дехьаволучунна "гIо до" ша "мах ца боккхуш" аьлла. Людас бахарехь, цо ахчанаш хьежийна карта Даянин майрчун ГIалгIайчуьра цхьахволчу гергарчун ду.
Полшхойн мухIажарийн куьпахь Людина масийттазза дуьйцуш хезна, нах "дехьабохучара" Iехийначу нехан дийцарш, пачхьалкхе нах ца буьту, ткъа цаьргара даьхна ахчанаш йуха ца ло. Оцу йукъанна "дехьабохучара" пассажираш бехкебо – шайга кхин дийцинера цара, Европан кхечу пачхьалкхехь тховкIело йоьхуш диллина гIуллакх хиллера бохуш.
Кавказ.Реалиин корреспондентаца хиллачу къамелехь Даянас ша бакъоларйархо йу боху, цо чIагIдо, цхьана францхойн фондаца болх беш йу ша бохуш, цуьнан цIе а ца йоккху цо. Керла клиенташ лоьху цо рекомендацешкахула а, инстаграмера пабликашкахь а.
Кара кхочуш ахча дац и
Шега дахьийтинчу хеттаршна жоп лучу Даянас аудиош йахкийтира, шина бераца нана дехьайоккхур йу ша 2 эзар евро лахь аьлла. Оцу мехах Брестехь де-ши де доккхур ду, дозане кхаччалц таксино дIавуьгур ву, дехьавокхучунна богIу мах а дIалур бу. Цул совнах цо дош ло, пачхьалкха чу ца битахь, 200 евро доцург важа ахча а йухалур ду ша бохуш.
Даянас бахарехь, цхьа а чекаш а, йа ахь ахча делла аьлла, тоьшаллин кехат а луш дац цо, цуьнан дашах тешна хила везаш ву: "ХIун расписка йуьйцу ахьа? Со кхеташ йац! И ахча цхьа хIаваэхь лелаш санна ду. Сан фондехь берш сан дашах теша, соьгара чоьташ ца йоьху цара, хIунда аьлча, цхьа дIоггара диллина лелош гIуллакх дац хIара – петарш, такси. Оцу стагера аса ахча схьаэцний, оцу ахчанах аса цхьа кхечунна гIо до".
"Вайнехан почта" а, Iазапах вадар а
ГIалгIайчуьра Мила (цIе хийцина. – Редакцин билгалдаккхар.) бутт а бу шен берашца полшхойн мухIажарийн куьпахь Iаш йолу. Бресте кхаьчначул тIаьхьа зIене йаьллера иза "дехьабохучаьрца" аьхкенан йуьххьехь, шеца къамеле йаьллачу Польшера "бакъоларйархочунна" эзар евро ахча а деллера цо. Амма цуьнга цхьаммо а ца аьллера, дозанехь оьшур ду цунна йиттина хиларх а, кхеран дов даьллачу заманчохь хIусамдас йохийначу хIуманех а тоьшаллаш.
Баккъал а ирча хьал ду цуьнгахь, Брестехь кадыровхой тIаьхьабевллера цунна
"Мангал-баттахь йеара со Бресте". Цигахь суна хиира, машенлелорхо карон везий, Польшица доза хадон бакъо йолу. Йалх пост йу цигахь, хIора агIонехь кхоккха. Жима йукъаметтиг йу, чакхарма а хир йац, хIетте а де-буьйса ийшира тхуна цигахь чекхдовла", - дагалоьцу цо.
"КхоалгIа бен дехьайала аьтто ца белира цхьана зудчун, цо йоккха гIовгIа эккхийтинера, шен бакъонех дуьйцура дозанхошка. Баккъал а ирча хьал ду цуьнгахь, Брестехь кадыровхой тIаьхьабевллера цунна", - дуьйцу къамелхочо.
Польшин дозанерчу посташкахь Милас олура, шен тховкIело оьшу, шен гIуллакх таллийта бакъо йу шен: "Цара лахкарх, дIаваха мегар дац. Цигахь дозанехь миграцин хукматера белхахой а цхьаьна бу, ткъа мухIажарш йухаберзораш уьш бац, дозанхой бу".
Дуьххьара дехьайолчу заманчохь Мила йухайерзийра – хIетахь Беларуси йухайеара иза, шена "мел бевзачу бакъонашларйархошка" йаздора, телефонаш йеттара цо. Польшера цхьа бакъоларйархо реза хилира кхунна гIо дан, Милас бахарехь, Евробератан пачхьалкхе дехьайалар нислахь накъосталла дарна эзар евро а луш.
"Нагахь санна, оцу стага Польшехь тховкIело йоьхуш йелахь, цул тIаьхьа Германи а вадахь, кехаташ йаздеш, цуьнан гIуллакх лелочуьнгара бехкбаккха тарло – ахьа царех дехар дина, ткъа уьш бевдда кхин дIа бахана", - кхетадо Милас.
"Тхан низамашца таIзар дар"
Хьалха-Мартанара Марина (цIе хийцина. – Редакцин билгалдаккхар.) шолгIа а йада хьийза Нохчийчуьра. Дуьххьара 2013-чу шарахь – хIетахь шен шина бераца цхьаьна дIайахара иза кхин тIе а доьзалхочух а йолуш, ша хьийзош хиллачу хIумсамдех йедда. Шена йиттина хиларх тоьшаллаш а гайтинера цо дозанхошна. Иза чуйитира, амма Польшехь ца соцуш марина Германи дIайахара, цигахь тховкIело а йийхира цо. 2018-чу шарахь, мухIажаран статус а йолуш, Нохчийчу йухайеара иза нана кхелхича. Иза цIа йеънийла хиъначу майрчо бераш схьадаьхнера цуьнгара.
Цо бахарехь, бераш дуьххьара дIадига цуьнан аьтто хиларна, Нохчийчохь кхузза лецира иза, Хьалха-Мартанара полисхоша ницкъбинера цунна. Цунна дуьхьал дIахьедар дина хиллера хIусамда лаьттинчо.
"2018-чу шеран бIаьста Iуьйранна йалх сахьт даьллачу заманчохь полисхой баьхкира сан неIаре, паспорт а, телефон а схьйаьккхира соьгара, дIа а йигина ларми чохь латтийра со. "Вайна Iадаташца" таIзар дар ду и бохура, хIунда аьлча, дегара пурба а доцуш, республикера бераш арадаха сан бакъо йац бохура", - дагалоьцу цо.
Оцу тIехула лармичохь шена тIехь гIело латтийра боху Маринас. Ток йеттийтинера цунна: "Суна тIехь ницкъбечара бохура, аса бераш лачкъийна дIадигинчу хенахь церан дехоша лайна бала аса лан беза. Аса массарна а тIе эхь деъна бохура. Суна тIехIотта, соьгахьа гIо даккха стаг а вацара сан".
Йуха шозза лаьцна цигина, ницкъбира Маринина. Соьлжа-ГIала дIайахара иза болх бан а, йаха а, йукъ-кара бен ца гора цунна шен бераш. Кху шеран аьхка берийн дехоша шаьш далийра хIара йолчу бераш аьхкенна. Кхуьй а гIийла, цхьацца тергамза дитинчу лазаршца дара.
Бераш лачкъийна дIадигинчу хенахь церан дехоша лайна бала аса лан беза
ТIаккха шолгIа а йада сацамбира Маринас, марсхьокху-беттан йуьххьехь Брестан дозане йеара иза. Цунна йевзачу цхьана нохчийн зудчо Николай цIе йолчу цхьана стеган телефон йеллера цунна. Цуьнца зIене а йаьлла, дозанехула дIехьайаларх дийцира цо телеграмехь, мах а буьйцуш.
Цкъа хьалха 600 евро дийхира Николайс, "гаранти" йелира Марина берашца Польше йуьтур йу аьлла. Европе кхаьчначул тIаьхьа кхин а 600 дала дезаш йара иза. ШолгIачу постехь Марине дийцира, чуйан цуьнан бакъо йац, хIунда аьлча, цо Германихь тховкIело йехна, цунна и йала а йелла, ткъа Дублинан бертаца а догIуш, Германи йаха йеза иза, Польшехь ца соцуш аьлла. Николайца зIене йала гIоьртира Марина, амма вукхо чат дIайайинера, цуьнан контакташ ца йиссинера Маринехь.
Берашца цхьаьна йуха а шозза ша Польше дехьайала хьаьжира Марина, амма цунах гIуллакх ца хилира. Брестехь даьккхинчу шина кIиранчохь 500 эзар сом гергга харж йина цо, тIаккха Оьрсийчу йухайаха дийзира цуьнан. Кадыровхойн бIаьрг шена тIехIоттарна кхоьру боху цо, йуха а ша Iазапехь йаллорна кхоьруш.
***
"Къайлах" нах дехьабохучу нахах лаьцна шайна хууш хIума дац элира Польшера Дозанхойн хьукмато, Кавказ.Реалиино дахьийтинчу кехатна жоп луш.
"Нагахь санна, Польшехь тховкIело йеха лууш цхьаъ велахь, дозанхоша хIоразза а чуоьцу цаьргара кехаташ, хIунда аьлча, тхан белхан цхьа дакъа ду и. Амма мухIажаран статус йаларх сацам бар дуьсу арахьарчу бахархойн Урхаллин компетенцихь", - хаамбира Польшера дозанхойн хьукматан пресс-секретаро Михальская Аннас, шена "дехьабохучех" хууш хIуммаъ а дац аьлла, тIе а тухуш.
Кхерамзалла Iалашйеш, дахьийтинчу кехата тIехь ца йазйина цаьргара гIо хиллачийн цIераш
- Товбеца-бутт йуккъе балча дуьйна Швейцарин Германера а, Австрира а, Швецира а векалташна хьалха нохчийн диаспоран векалша митингаш хIиттийра Батаев Iела маьршаваккхар тIедожош.
- Оьрсийчоьнан эскарш Украине гIоьртинчул тIаьхьа европахойн Iедалхой формале бахьанашца нохчашна даймахка депортаци йан буьйлабелла. Цигахь царна тIехь ницкъбан а, уьш бертаза тIамте хьийсон а тарло. Батаевца доьзначух аьлча, иза цхьана хенахь Украинехь ваьхна ву, цигахь тIемаш бечу Ичкерин агIончийн лаамхойн батальонашкахьа хилла а ву.
- Оханан-баттахь Европерчу адамийн бакъонийн кхело (ЕСПЧ) Францин Iедале дехар дира, нохчо Т. Бувайсар Оьрсийчоьне дIавалар хенаца дIататта аьлла. Даймахкахь ши адам дерна бехке лоруш ву иза. Амма цуьнан адвокато и бехке хиларехь дерриге дийцина ца даьлла, тоьшаллаш оьшу боху. Иза дIалахь, оьрсийн Iедалан белхалоша цунна гIело йарна кхерам бу а аьлла.