ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ютьюбо, инстаграмо дIакъевлина кадыровхойн каналаш


GENERIC -- social media
GENERIC -- social media

Нохчийн пачхьалкхан телерадиохьожийлан "Грозный" канал дIакъевлина ютьюбо, тIаккха инстаграмо – республикан куьйгалхочуьнца доьзна лоруш долу ya_pomoshnik_kra_95 аккаунт а, Кадыров Рамзанан кхаа кIентийн аккаунташ а.

Уьш дIакъовларна тIе тидам бахийтина нохчийн оппозицин блогеро Абдурахманов Тумсос. Карарчу хенахь болх беш дац инстаграмера @tvgrozny, @ya_pomoshnik_kra_95, иштта Кадыров Адаман (@adam_benoevsky_kI3), Ахьмадан (@k95), Элин (@za_kadyrova_k209ra) аккаунташ.

Муьлхачу бахьанашца дIакъевлина уьш, хууш дац.

Инстаграм долахь йолу Meta Оьрсийчохь экстремистийн лерина йу. Иза ца магийначул тIаьхьа Кадыровс цунах "хаамийн тIеман гIирс" элира, амма цуьнан гоно, доьзало, Iедалехьа йолчу зорбанаша а ца сацийра инстаграм-агIонаш лелор.

  • ГIадужу-баттахь шен @kadyrov_dustum аккаунтана блок тохарх хаийтира Кадыров Адама – шен керлачу агIонехь инстаграмо бинчу хааман скриншот хIоттийна цо, цу тIехь боху, 180 денна цуьнан агIо дIакъевлина шаьш, цо йукъараллин низамаш ца лардарна.
  • Инстаграмера @ya_pomoshnik_kra_95 аккаунт Кадыровца йузу, амма Нохчийчоьнан Iедалхоша дIахьедора, иза республикан куьйгалхочун гIоьнчас Даудов Iумара лелош йу.
  • Стохка дIакъевлира Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана лелош хилла @ya_pomoshnik_kra_95 аккаунт. Исс миллион гергга адам дара оцу агIоне йазделла, амма цуьнан бакъболу хьовсархой 0,3% бен бацара. Оцу аккаунтех пайдаоьцура цо, шен важа агIо социалан машано дIакъевлинчул тIаьхьа.
  • Дуьххьра Кадыровн инстаграмера а, фейсбукера а агIонаш дIакъевлира 2017-чу шеран ГIуран-беттан 23-чохь – Нохчийчоьнан куьйгалхочунна "Магнитскийн тептаран" гурашкахь санкцеш туьйхира. 2018-чу шеран аьхка Нохчийчоьнан урхалхо инстаграмехь za_kadyrov_95 аьлла, аккаунт йиллира. Амма иза а дIакъевлира.
  • 2022 шеран оханан-баттахь ютьюбо дIакъевлира ВГТРК-н Нохчийчуьрчу филиалан "Вайнах" телехьожийлан канал.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG