ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Z-блогерша критика йина Алаудиновна, цо тIом дош аларна. Толам баккхарх а дIахьедина цо


Кадыров Рамзан а, Алаудинов Апти а
Кадыров Рамзан а, Алаудинов Апти а

Iедалхошкахьа болчу блогерша а, "тIеман корреспонденташ" олучара а йиллина критика йо нохчийн "Ахмат" спецназан командирна, тIеман министраллин Коьртачу урхаллин куьйгалхочун гIовсана Алаудинов Аптина. Украине гIортарх лаьцна бIостане дIахьедарш динера цо.

Гезгамашин-беттан 4-чохь Нохчийчоьнан урхалхочун уллорчу накъоста дIахьедира: "ХIокху СВО-хь оха хIинцале а толам баьккхина (Оьрсийчохь ишта олу Украинана дуьхьл бечу тIамах- Билгалдаккхар). Кхин дIа вайн Iалашо йу, цхьана доьзалахь санна, вайн дахар хилийта дерриг а дар".

Алаудиновс ца дийцира и толам стенца хаалуш бу, оцу дӀахьедарна реза ца хилира тIеман агIончаш. Масала, Z-блогеро Котенок Юрийс цавашарца хьийхира хӀинца толам баьккхина де билгалдаккхар дисина аьлла. Иштта лакхарчу даржехь волчу кадыровхочунна дагатесира Курскан кӀоштара дозанехь хиллачух цуьнан йоллу версиш. Йуьхьанца Алаудиновс бакъ ца дира цигахь "Ахматан" эскархой хилар, цул тӀаьхьа мукӀарло дира Украинан ТIеман Ницкъаш шайн позицешна йуххехула бевлла дIабахара аьлла. Ткъа тӀаьхьо тешон гIертара Курскан кӀошта доза хадийначул тӀаьхьа бен спецназ хьажийна йацара бохуш. Украинхойн эскарш йухатоьхнарг а шен дакъа дара бехира цо.

Оццу дийнахь тӀеман корреспондент шех олучу Хайруллин Марата гечдар дехар тIедожийра Алаудиновна. Цул жимма хьалха цо дийцинера, Оьрсийчохь дуккха а дронаш арахоьцуш меттиг бу, ткъа Алаудиновс шен рогӀерчу видео тӀехь "туьйранаш дуьйцург" элира блогерх.

"Стенна сий дойъу ахьа вайн эскаран? Массанхьа а, массо а официалан тIегIанашкахь вай тоьлаш ду. Сайн аьтто мел болчу майданашкахь сайн цIе а, йуьхь а ларйеш дIахьедарш дийр ду ас. Ахьа хьайн сий а, доьналла а дайъина аьлла хета суна", - дIахьедира Хайруллина.

ШолгӀачу дийнахь, гезгамашин-беттан 5-чу дийнахь, Алаудиновс хаамбира, Курскан кӀоштахь кхин дIоггара баккхий хийцамаш ца хилла, Оьрсийчоьнан дакъош "масех декъехь бен хьалха ца девлла" аьлла. Кадыровхочун дешнаш далийна пачхьалкхан ТАСС агенталло.

"Ӏуналла доцуш хьалхагIортар" сацорах а, "ВСУ-на блокировка" йарх а марсхьокху-беттан 11-чу а, 13-чу а, 14-чу а, 15-чу а деношкахь дIахаийтира Алаудиновс.

  • ТӀеман корреспондент шех олучу Сладков Александрца хиллачу къамелехь Алаудиновс дIахьедира, Курскан кӀошта гIеххьа тIеман техника шайца а йолуш, Украинин масех бригада чукхаьчна. Иза а бӀостане ду "цхьайтта танк а, ткъех сов гергга машен а" Оьрсийчоьнан территори тӀе йахана, цара а "нисдан хIуммаъ дац" цуьнан аларца.
  • Алаудиновс бахарехь, эскаре кхайкхина салтий Оьрсийчоьнан дозанаш тӀехь дӀахьочу тӀемашкахь дакъалаца декхаре бу. Иштта жоп делира цо Курскан кӀоштара эскаре кхайкхина бераш схьадаха аьлла, церан гергарчара динчу дехаршна.
  • Оьрсийчоьнан эскаран 488-чу мототоьпан полкан 100 сов оьрсийн эскархо каравахна Курскан кӀоштарчу Украинан тӀеман ницкъашна, Нохчийчуьра эскархойн заградотрядаша тIе герз детта долийча. Британерчу Sky News телеканала эфирехь дӀахьедина цунах лаьцна тӀеман аналисто а, Паччахьан тӀеман Ӏилманийн институтан директор хиллачу Кларк Майкла а. Цо дийцарехь, 488-чу полкан салтий, Украинан эскарийн доккхачу декъана дуьхьал нисбеллачул тIаьхьа кӀелхьара бовла гӀоьртинера бевдда. Цул тӀаьхьа Украинан тIеман ницкъашна йийсаре бахара уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG