Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен уллора стаг Чалаев Замид Оьрсийчоьно Украинехь бечу тIамехь "Луганскан агIонехула" жоьпалле вина. Вочу агIора евзачу Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан буьйранча нохчийн эскаран тобанашна куьйгалла деш хир ву. Дайначу шарахь Чалаевс дIахьедира, ша Кадыровс "психиатрин лазартнера ара а ваьккхина" шех Оьрсийчоьнан Турпалхо вина аьлла.
Керла "дIахIоттийначух" лаьцна Кадыровн уллорчара оьрсийн эскархойн куьйгаллина хьалха чот елира: нохчийн парламентан хьалханчас Даудов Мохьмада а, пачхьалкхан думан депутата Делимханов Адама а дийцира цунах лаьцна инарла-лейтенанте Анашкин Геннадийга.
Нохчийчуьрчу Нажин-Юьртан Беной эвлара ву 41 шо долу Чалаев. Кадыров Рамзан а санна, Бенойн доккхачу тайпанах схьаваьлла ву иза а. 2019-чу шарера схьа дуьйна махкахь адамийн бакъонаш хьешарца боьзначу журналистийн талламашкахь кест-кеста вийца ваьккхира иза. Хьалхо куьйгалхойн цхьахдолчу даржехь хилла иза, оццу шарахь Кадыров Ахьмадан цIарахчу лерринчу полицин полкан командир хилира.
Оцу полкан ларми чохь латтийначу иттаннашкхаь лецначарех дуккха а шерашкахь шаьш бина таллам арахийцира "Новая газето" 2021-чу шеран Зазадокху-баттахь. Оцу полкан хиллачу эскархочо Гезмахмаев Сулеймана бакъдира, мел лахара а 13 стаг вийна хилар. Цо бахарехь, Соьлжа-ГIаларчу Кадыровн полкан дозана тIехь бакъо йоцуш латтош, тIехь ницкъбеш, цара сецош нах хиллера, Iедалхошна гергахь "бехкалахь берш" хIаллакбеш.
Бинчу талламна дуьхьал Чалаевс шена муьтIахьболчаьрца цхьана видеокхайкхам бира Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире,"Новая газетех" а, журналистах Милашина Еленех а шаьш Iалашдар доьхуш. "Доллу эскаран дакъош сийсаз ца дайтархьама, тхох цхьаъ декхареван хьийза, жоьпалла тIелаца", - дIахьедира цхьахволчу ницкъахочо видео тIехь.
2021-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь, рогIера къизачу зуламийн тоьшаллаш зорбане даьхна ши бутт баьлча, Оьрсийчоьнан Турпалхо вира Чалаевх. "Бенойн бIаьсте" аьлла, Нохчийчохь дIахьочу фестивалехь и совгIат дIакховдийра цунна. Баркалла олуш, вистхуьлучу ницкъахочо дIахьедира, цхьана хенахь Кадыров Рамзана "психиатрин лазартнера араваьккхина" ша аьлла.
"Тахана кхузахь лаьтташ ву со, хIара совгIат схьа а оьцуш. Ткъа муха кхаьчна со кхуза, муха нисвелла со кху тIегIанехь? Кхетамах тиллачу нехан хIусамера схьавалийра ахь со, тIаккха полкан командир вира сох, ткъа хIинца Оьрсийчоьнан Турпалхо вина. Дела реза хуьлийла хьуна!", - аьлла, дIахьедина Чалаевс, ор чуьра хьалаваьккхинчу стагаца ша вуста а вустуш. Билггал лерринчу оцу лазартнехь дарба цунна лелийний, йа лелийнехь – кхачам боллуш чекхдаьккхиний - хаа аьтто бац.
Кадыровхойх бен хьакхалур дац цуьнан Iедал
Мехкан Iедалхшна критика ечу блогерна Абдурахманов Тумсона хетарехь, "ЛНР" олучу меттигехь нохчийн тобанхойн урхалла дан хIотто юьхьанца кхин кадыровхо вара вуьйцуш
"Суна хетарехь, доккха тохар ду хIара Алаудинов Аптина [Нохчийчуьрчу чоьхьарчу гIуллакхийн министран гIовс. -Редакцин билгалдаккхар.], къаьсттина оцу Луганскан агIор шен ма-хуьллу хьийзаш волчу, - ткъа жоьпаллин белхахо хIара а ца хIоттош, Чалаев къастийна. Вуьшта аьлча, кхин дIоггара хийцамаш хир бац цигахь. Кадыровс хIоттийна ву жоьпалле Чалаев, Оьрсийчоьнан урхалло хаьржина вац – цуьнан «Iедал» кадыровхойх бен хьакхалур долуш дац", - элира блогеро.
"Хьаькам реза хилийтархьама, хIуъа а дийр ду"
Чалаевн куьйгакIел болчара "ЛНР-хь" шайна Iемина "заградотрядийн" болх бийр бу аьлла хета Украинехьа тIемаш бечу нохчийн лаамхойх вовшахкхеттачу Шейх Мансуран цIарахчу батальонан информацин декъан куьйгалхочунна Чеченский Богданна.
"Кремльна хаьа, оьрсийн эпсаре дезертирашна тоьпаш йеттийталур йоций шайга, ткъа шайн махкахой байина, царна тIехь Iазапаш лелийначу Чалаевс а, цунна муьтIахьболчара а хаза а хеташ дийр ду и, шен хьаькам реза хилчхьана", - элира Кавказ.Реалиица къамелдинчо.
Кремло бехкеван тарло Чалаев а, кхин а масех нохчо а
Оцу юкъанна, нагахь санна, дезертирашна тоьпаш йеттарх Оьрсийчоьнан юкъараллехь шуьйра дийцадаккхахь, "Кремло бехкеван тарло цунна Чалаев а, кхин а масех нохчо а, иштта шаьш оцу зуламех цIанлуш", аьлла тIетуху Чеченский Богдана. Конфликтан шина а агIоно юьйцуш йолу информаци бух болуш юй талла аьтто бац, саццанза боьдуш тIом хиларна. Делахь а, кадыровхойх "заградотрядех" санна пайдаоьцуш хилар тIечIагIдира Дудаев ДжовхIаран цIарахчу лаамхойн батальонан хьалханчас Осмаев Адама.
2021-чу шеран юьххьехь къобалъязчу Ичкерин хиллачу президентан куьйгакIел хиллачу гIаттамхойн лидерна Бютукаев Асланна дуьхьал йолийначу операцина хьалхаваьлла вара Чалаев. Ницкъахочун дешнашца, Нохчийчоьнан куьйгалхочо юьхьанца дийхира "тIемалой дийна" бисийта аьлла, амма ялххе а гIаттамхо вийра Котар-Юьртан йистехь. Кхиамца ерзийна лерира хIетте а операци, "эвсара гIуллакх деш, къонахалла, доьналла" долуш ву аьлла, дIахьедира Кадыровс Чалаевх лаьцна.
Чалаев Замидан санна биографи йолу стаг лело атта ву, куьйгаллина хьалха а Iаьткъаме хуьлу иза, боху политолога, Украинехь лелош долу зуламех тоьшаллаш кечдечу Савва Михаила.
"Иштачу нахана тIехь урхалла дан атта хьулу. И бохург хIун ду, иштта биографи йолу стаг Iаьткъаме хуьлу. Шена тIехIуттуш, лаккхара ша «Iалашвийриг» оьшу цунна. Оцу Iалашвечо аьлларг хIуъа а кхочушдо цо. Шеко йоцуш шайна ишта нах муьтIахь хилар оьшу царна, муьлхха а, адамалла йоцу омра и делахь а, кхочушдийр долуш", - боху къамелдечо, Оьрсийчоьнан буьйранчаша кадыровхойн дакъошна тIехь ледара терго латтош хилар билгалдоккхуш.
Цо бахарехь, оккупаци йинчу дозанаш тIехь меттигерчу бахархошна тIехь кадыровхоша лело тарло Бучехь а, Андреевкехь а, Ирпенехь а лелийннарг: "Инзаре, адамалла йоцу ницкъбар, тIехула тIе цхьана а тIеман кхетамца догIуш доцу".
Цо бохучунна тIетов Дудаев ДжовхIаран цIарахчу батальонан командир Осмаев Адам а, цунна а хета, Оьрсийчоьнан эскаран системехь "эхь-бехк доцчу нахах кест-кеста" пайдаоьцуш хиларх.
"Вайна гина ду къоланаш деш, маьршачу нахана тIехь ницкъбар, тIеман зуламаш. Кхин керла цхьа хIума хир дара аьлла, сатуьйсийла яц", - элира Осмаевс Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь.
"Бозбуанчаш" лийцира, нах байъа кхерамаш тийсира
Лачкъийна вигинчу оппозицин нохчийн телеграм-каналан модератор Тепсуркаев Салман сийсазвеш яьккхинчу видеон тергойинчу, дозанал а арахьа бехачу Кадыровн режимна луьйш болчарна кхерамаш тийса вуьйлира Чалаев 2020-чу шеран Гезгамашин-баттахь. "Тахана-кхана дицлур долуш дац, аш дуьйцург. Цунах жоп доьхур ду. Шуьга забарш йойтур яц, хIара дуьне харцахь а. Мичча хенахь а, тхо дийна мел ду, жоьпе озор ду", - кхерамаш тесира Чалаевс. Тепсуркаев стенгахь ву хIинца а хууш дац.
Кадыровн критикашна кхерамаш тийсар доцург, Чалаев иштта вевзаш ву низамаш тамашен кепехь тидарца а. Масала, 2019-чу шеран ГIуран-баттахь цо дIакхайкхийра шен куьйгакIелболчаьрга, пачхьалкхан низамаш, Кадыровн дехкарш а лардеш воцург "ямартхо" ву аьлла. Цуьнан кхетамехь, царех дIатоха догIу машенийн куьзганаш тIе Iаьржа пардо латийнарш а, машенаш маса хоьхкурш а, ловзаргахь герз деттарш а.
Оппозиицн 1АДАТ болам кхолларна, ЯнгулбаевгIеран доьзал хIаллакбийр бу бохуш, кхерамаш тийсинчу нохчийн лаккхарчу хьаькамашлахь а вара Чалаев.
Цул совнах, тIаьххьарчу шерашкахь Чалаев вара жоьпалла латтош Нохчийчохь "бозбуанчалаш" лецарна тIехь а. 2019-чу шарера схьа дуьйна, бозбуанчалех хаамаш бечу сюжеташкахь дуьйцура, "гIемаш" лоьцурш Кадыровн цIарахчу полицин полкан балхахой бу бохуш.
Нохчийчуьрчу пачхьалкхан медиаресурсаша дуьйцура "терроризмаца" къийсам латторехь Чалаевн "кхиамех". "Грозный" телеканало кино яьккхира ЧалаевгIеран "масалечу доьзалх" лаьцна, коьртачу турпалхочун Замидан кхуьй а ваша ницкъаллин структурашкахь даккхийчу даржашкахь ву: Мурад а, Исхьакъ аЧалаевгIар Нажин-Юьртан а, Гуьмсан а кIоштийн ОМВД-н куьйгалхой. Жимахволу ваша Чалаев Бекхан – Нажин-кIоштахь цхьахйолчу батальонан буьйранча ву.
***
Стигалкъекъа-беттан 26-гIа – Украинехь тIом боьду 92-гIа де ду. Оьрсийчоьнан эскарш тIелеташ ду, Луганскан диссина дакъа а схьадаккха гIерташ. Северодонецк а, Лисичанск а Iалашъен украинхойн дакъош гоне дерзо хьийзаш, кхаа агIонгара тIегIерта уьш. Украинан къилбехь дIалецначу дозанашкахь Оьрсийчоьнан эскаро кхозлагIа тIеман го хIоттош бу, хаамбина украинхойн тIеман министраллан талламхойн Коьртачу урхаллин векало.