ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ша вен гIортар пачхьалкхийн юкъаметтигашца доьзна ду, деккъа шеца доьзна дац, аьлла, хета Закаевна


Британи -- Ичкерин премьер-министр Закаев Ахьмад дакъа лоцуш ву зорбанан конференцехь, Лондон, 12Гезг2009
Британи -- Ичкерин премьер-министр Закаев Ахьмад дакъа лоцуш ву зорбанан конференцехь, Лондон, 12Гезг2009

Британин МИ-5 олуш йолчу кхерамазаллан сервисо шайн чоьхьарчу гIуллакхийн министре Мэй Терезе хаам бина, Закаев Ахьмадана тIелатар кечдеш ду аьлла. Цу сервисан белхахоша дийцарехь, Ичкерин лидер вен дагахь хилларг ву цуьнан цIе хьулъеш Е-цхьаъ, аьлла, цара цIе тиллина волу Оьрсийчура вахархо.


МИ-5 сервисан белхахоша бинчу хаамца, иза ву 45 шо долу Нохчийчура схьаваьлла волу, хIинца цуьнан доьзал Лондонехь бехаш волу стаг. Иза дакъа лаьцна ву, аьлла, хета царна 2009-чу шарахь Венехь Кадыровн гIаролхо хилла волу Исраилов Iумар вуьш.

Е-цхьаъ цIе йолу стаг Британехь тховкIело йоьхуш хилла. Амма Iедалша юхатоьхна цуьнан дехар. Шена Британе вар дихкина доллушехь, Лондоне веана хилла и стаг. Амма кеманийн портехь иза лаьцна полицино.

Карарчу хенахь Е-цхьаъ латтош ву, бакъо а йоцуш шайн махка баьхкина болу эмигранташ латточу меттехь. Суьдо бакъо елла цунна Британин арахьарчу гIуллакхийн министралло бинчу сацамна латкъам бан.

Закаев вен веана волу стаг шайн махкана кхераме ву, аьлла, иза махкал араваккха дагахь ду Британин Iедалш.

Амма шен хIинца а кхерамазаллин белхахошца хиллачун хьокъехь къамел хилла дац, бохуш, дийцира Маршо Радионе Закаев Ахьмада.

Закаев: Ларвалар а, ларвар а иза Делан карахь ду. Делахь а, бахьанаш хIокхара лела до. ХIинцца, тIаьххьара хиллачу хьолах кхара соьга схьааьлла хIумма а дацара.

Кхара шайна цхьа кхерам бу, аьлла, хеташ хилча соьга хаийтара. Соьца цхьаммо а цкъачунна дина къамел а дац. И къамел дийра хир ду, схьахетарехь. Ца хаьа суна иза а.

Маршо Радио: Хьуна хаий хьо вен дагахь Лондоне веана волу стаг мила ву?

Закаев: Сурт-м кхолладелла хир ду сан. Делахь а, кхачам боллуш сайна хууш ца хилча, оцунах дерг суна дийца ца лаьа. Иза ду-дац къасто дукха хан оьшур яц.

Иза мухха а далахь а, сурт кхолла деллехь а сан, я суна иза хаьахь а, кхеран суьдо бинчу сацамца, цкъачунна и стаг милла а валахь а, иза вийцаре ваккха а, хьехо а йиш яц.

Маршо Радио: Ткъа хьайна тIелатар дан гIортар стенца дузу ахьа?

Закаев: Суна сайн мостагI мичара ву хаьа. Сайца гамо лелош верг мила ву а хаьа. Иза Москвара схьадогIуш ду. Путинца а, цуьнан гонаца а доьзна ду иза. И ара ваьлла волу стаг цхьа пекъар хир ву-кх иза а.

Я, цхьана хIумантIехь кхера а вина, цхьа хIума тIехIоттийна хир ду цунна, я цара беллачу мехах Iеха велла хир ву иза. Кхин цхьа а бахьана суна ца го. ХIунда аьлча, вай тахана дIахьош йолу политика йоцург кхин вай цхьана а стагана дина зе а дац, зулам а дац.

Ткъа и политика новкъа ерш тахана Москва а ю – Путин, тIаккха Нохчийчохь цуьнан политика дIахьош болу нах а бу. Цаьргара схьа ду иза. Кхин цхьа а тIаьхьало я бух болуш хIума а дац.
XS
SM
MD
LG