Ичкерин арахьарчу Iедалан премьер-министран Закаев Ахьмадан вешин кIант Закаев Хьусейн Нохчийчохь ницкъахоша лаьцна латтош ву. Иза дIавигина стигалкъекъа-беттан 19-чохь шен вешица Бесланца, ткъа ваша маьршаваьккхина. Цунах лаьцна йаздо "Кавказский узел" гIирсо Францерчу Ичкерин консулна Албаков Шемална тIетевжина.
Цо бахарехь, Закаевн вешин бераш лецаран официалан бахьана дуьйцуш дац. "Цхьана спортан гIишло чохь" латтийнера уьш кхечу лечкъийначу бахархошца, церан телефонаш чу а хьийсинера, билгалдоккху ресурсаца къамел дично. Хьусейн кхин дIа а чохь стенна латтош ву хууш дац.
Кавказ.Реалиин хьасташа тIечIагIдина Бислан маьршаваккхар а, Закаев Хьусейн Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллина чуйогIучу Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин лерринчу 2-чу полкан белхахоша лаьцна латтош хилар.
Шен вешин кIентий дIабигар бакъдира хьалхо Закаев Ахьмада а – шена а, Кадыровн рожана резабоцчарна а бина бекхам бу иза элира цо, амма билггал уьш дIабигаран бахьанаш цунна а хууш дац.
- Хьалхо Кавказ.Реалии сайтан хьосто дийцира, Хьалха-Мартана, ЗакаевгIар бехачу хIусаме, масех полисхойн "уазик" машенаш йахкарх. Нохчийчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина чуйогIучу Кадыров Ахьмадан цIарах йолчу полицин лерринчу 2-чу полкан белхахой хиллера уьш. Цхьахволу ваша цIера дIавигира, шолгIаниг телефон тоьхча, ша тIеваханера.
- 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Кадыров Рамзана кхайкхамбира Украинерчу тIамехь болчу нохчашка Закаев Ахьмад ве аьлла. И динчунна цо маршо а, хьолан дахар а латтор ду ша аьллера. Мангалан-баттахь чIир хьейира Кадыровс Украинехьа тIамехь дакъалоцучу Ичкерин агIончашна.
- 2022-чу шеран стигалкъекъа-баттахь Киевехь хилира Закаев, цигахь цхьанакхетарш хилира цуьнан парламентехь, Украинан президентан администрацихь, бевзачу пачхьалкхан политикашца а. Дийцаредира иштта Оьрсийчоьнца болчу тIамехь нохчаша дакъалацар а. Цул тIаьхьа дIакхайкхийра, Украинехь Ичкерин консул хIотторах – иза ву Шулипа Юрий. Оьрсийчоьно цхьана ханна оккупаци йина латта ду Нохчийчоь, аьлла гIадужу-беттан 18-чохь сацам тIелецира Украинан Лаккхачу Радо, иштта "нохчийн къоманна йина геноцид" йемалйина цара.
- Стигалкъекъа-баттахь, Закаев Ахьмадан Киевехь цхьаьнакхетарш хиллачу шолгIачу дийнахь Нохчийчохь вехачу цуьнан шина вешин цIа баьхкира йуха а ницкъахой. Закаев Iелига видео дIайазйайтира шен гергарчо лелориг йемалдеш, иза сийсазвеш. Дуьххьара хилла хIума дац и, цо лелориг бахьана долуш, цуьнан гергарчара иштта реакци йеш. Закаевх цуьнан гергарнаш а, доллу тайп а, нохчийн къоман цхьаболу векалш а дIахаьддашехь, Закаевн гергарнаш Iад ца буьту Нохчийчохь.