ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зеленский а, Кадыров а: ХIунда кхоьру Кадыров Украино шен йоIана хIиттийначу санкцех


Соьлжа-ГIалахь хиллачу нохчийн халкъан Гуламехь ю Кадырова Табарик, 2023-чу шеран зазадокху-бутт
Соьлжа-ГIалахь хиллачу нохчийн халкъан Гуламехь ю Кадырова Табарик, 2023-чу шеран зазадокху-бутт

Украинин президенто Зеленский Владимира оханан-беттан 1-хь керла санкцеш йукъайаьхна. Царна йуккъелаьцна цхьаболу Оьрсийчоьнан махкахой а, компанеш а. Цу могIарехь йу Нохчийчоьнан куьйгалхочун 18 шо долу йоI Кадырова Табарик. КадыровгIеран доьзална хIун тIеIаткъам бийр бу цу санкцеша, аьлла хеттарш дира Кавказ.Реалии сайто.

Зеленскин керлачу сацамо итт шарана 33 адмана, 200 сов оьрсийн компанешна а некъ боьхку. Официалан документо гайтарехь, санкцеша бихкинчаьрца бу Оьрсийчоьнан кхерамзаллин кхеташонан куьйгалхочун Медведев Дмитрийн гIовсан хIусамнана, Путинан уллорчу гонехь йолу Кабаева Алинин нана а, "Газпроман" директорийн кхеташонан куьйгалхо Зубков Виктор а, "Северный поток" компанин директор Варниг Маттиас, кхинболу Кремлаца уьйраш йолу нах.

18 шо долу Кадырова Табарик цу могIарехь 145 номерца лаьтташ йу. Санкцеша ца магадо цунна Украинехь активаш латтон а, цхьа а тайпа йохка-эцаран белхаш бан а, цу пачхьалкхехула лела а.

Цу хаамна дукха сиха реакци йира Кадыровн гоно. Госдумин нохчийн депутато Делимханов Адама Украинин президент сийсазвеш, цунах "сатанист" олуш, пост йазйира, "шена кхерам стенгара бу хаьа" Зеленскийна, аьлла, "сацам" бира зорбанан министро Дудаев Ахьмада. Ткъа Нохчийчоьнан куьйгалхочо шен йоIана йина санкцеш "чагIалкхан" санкцеш йу элира.

Къона бизнесвумен

Кадырова Табариках хууш дерг кIезга ду. 2021-чу шарахь школа чекх ма йаьккхинехь марейахна и. И хаам цуьнан йоккхах йолчу йишин Iайшатан социал-машанашкахула хиира. ЦIийнден цIе йуьйцуш йац.

2019-чу шеран гIуран-баттахь 18 шо кхачанза йолчу Кадыровн йоIа "Омикрон 96" компани дIахIоттайо. Шен болх йуучуьнца-молучуьнца болуш. Цу компанино бахьачу пайданах а, цо токхучу налогех а хаамаш боцуш бу.

Кху шеран зазадоккху-беттан I-хь Табарик "Ирс Групп" компанин учредитель хилира. Цуьнан карахь йукъараллин уставан капиталан 99% йу. Цуьнан даржашлахь йохка-эцар а, кхин а 35 тайп-тайпана категореш йу - ресторан тIера дIайолайелла гIишлош лелорна тIекхаччалц. "Ирс Групп" компанин регистраци чекхйаьлла масех кIира далале йо цо фирма "Берекет" (юстуш йухку сурсаташ), "Альпийские луга" (бепиг, мерза хIума йаттар), "Грозненское такси"(таксистийн болх)

Цу кепара реакци хIунда йу Кадыровн? Хьал карара даьлла цуьнан?

"Ирс Групп" шен болх шуьйро баржон дагахь йу - (юстуш йухку сурсаташ), оьрсийн а, кхечу пачхьалкхийн а брендашца, франшизашца уьйраш тасар, гостиницийн, ресторанийн бизнес, реклама, йохкар, эцар, хIусамийн аренда а",- элира компанин презентацехь Кадырова Табарика.

СМИ-гIирсаша дийцарехь, 2021-чу шаре кхаччалц КадыровгIеран Оьрсийчуьра активаш Ахьмат-хьажин фондах тесина йара. Фондан куьйгалла деш йерг Нохчийчоьнан куьйгалхочун нана Кадырова Аймани йу. Малхбузехьарчу пачхьалкхаша КадыровгIеран доьзална шуьйрра спектр санкцеш тоьхчахьана, фондо Оьрсийчуьра активаш дIайехира. "Ахча цIандо" фирмашна йуккъера арайолуш",- Кавказ.Реалии сайто шега фондан балхах хаттарш дича, дийцира шен цIе йаккхийта цалуучу цхьана оьрсийн экономисто.

"И хIоаш цхьана тускарчу ца Iалашдеш, Кадыровс шен гергарчарна, уллорчу бизнесхошна дIасаделла. Хууш ма дай, цо иза стенна дина. Таханлерчу хьелашкахь а Малхбузехьара санкцеш бизнесна вуно йоккха новкъарло йу. Санкцеша лаьцначу структурашца, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца йерш-м мухле цхьанна а ца оьшу",- боху эксперто.

Соьлжа-гIалахь стенах кхоьру?

Нохчийчоьнан куьйгалхочун йоIана цу санкцеша кхин башха зен а дийр дац, амма санкцийн тIеIаткъаман йуьхьиг дIайолош бина болх бу и, дуьйцу Оьрсийчоьнан Transparency International декъан куьйгалхочо Шуманов Ильяс.

Цо дийцарехь "Киево" Малхбузехьарчу пачхьалкхашка тергалбайта билгалбохуш, хьалхатуьтту Оьрсийчуьра векалш. Цу механизмо ЕС-хь дикка болх беш хилар гуш а ду.

"ХIунда йу Кадыровн и тайпа реакци? ГIуллакх цуьнан карара долуш лаьтта. Шен доьзална а, шен уллорчу накъосташна а туху санкцеш шена тIелатар санна тIеоьцу цо. Путинан "пехотинец" хиларе терра, ша-м воьллера иза цу санкцех. Амма шен доьзалехь берш цу санкцийн тIамехь хилийта ца лаьа цунна",- Соьлжа-гIалахь айддина дечу къамелех кхеттош дуьйцу Шумановс.

Путинца висар Путин воцуш висарал кхераме ду

Цо дагадоуьйту, 2022-чу шарахь (Financial Action Task Force, FATF)- тобано "ахча цIандарца" къовсамехь дIабаьхначу белхашкахь Вовшахтоьхна Iарбойн Эмираташ а йехира "мокхачу тептарна" тIе. Абу-Дабехь болчарна хаа деза шайна "шоллагIа санкцеш тохахь, хьал дика хир доцийла. ТIаккха Кадыровн доьзална боккха эшам хир бу.

"Пачхьалкхаш "мокхачу тептарна" тIейахар - Йоккха контроль хилла ца Iаш, репутацина зене хилал совнах, рейтингашкахь цIе йожош, дуккха проблемаш йеш дIахIуьтту. ОАЭ финансийн институтийн лаахь, ца лаахь санкцеш лаьцначу клиенташна сацамаш бан дезар ду. США а, Евросоюзо а аьлларг дарца",- дийцира Transparency International -ан векало

Цу санкцийн коьрта Iалашо - Кремлана хIуьттаре йар ду, элира Кавказ.Реалии сайте Лаккхарчу Радин депутато Гончаренко Алексейс.

"Путинна а, оьрсийн элитина а тIеIаткъам бан беза. Царна-м Украинин санкцеш башха новкъа ца хила тарло. Амма Украино санкцеш йича, кхечу пачхьалкхаша йан мега - царех уьш чIогIа кхоьру. Оьрсийчуьра адам Кремлана дуьхьало йеш гIоттур ду аьлла сатийсамаш кхин бисна бац. Оьрсийчоьнан элитнашна Путинца хилар Путин воцуш дисарал кхераме долуш де догIур ду",- аьлла хета Гончаренкона.

"Стандартан практика"

Кадырова Табарикна санкцеш хьалхо США-но, Японис а йинера. Ткъа хIинца Киев царна тIекхетар - йоккха цхьа гIулч ю, боху украинхойн "Махкахойн маршонийн центран" эксперто, политолого Савва Михаила.

"Украинин санкцеш - дуьненйукъарчу санкцийн цхьа дакъа. Цхьана тептарш тIехь адам долуш, вукхарна тIехь доцуш хила ца деза. [Кремлан] пропагандо шайн агIора туьдура ду и санна дерг. Бертахойн барт бац ала тарло. США-на хIара вон ву, Украинина -мел лахара а мегар волуш бохучу кепехь",- кхетадо къамелахочо.

Кадыровс а, цуьнан гоно а сел чуьрабуьйлуш реакцеш йар дийцича: шен мехаллийн системехь Нохчийчуьра куьйгалхо ша даимна нийса хеташ ву. Цхьамма ша лелориг низамца дац аьлла шена новкъарло йеш, доза дихкича - цуьнан менталитетехь иза харцо ларалуш хуьлу. Цунна дуьхьал сихха цхьаъ ала дезаш",- дуьйцу профессоро.

"Иза дукхахьолахь психологин реакци йу, бизнес-интересаш Iалашйар дац. Социал-машанашкахь посташ хIитторах цунна цхьа а гIоле хир йац",-тIетуху Саввас.

Шен доьзална дуьненйукъара санкцеш йеттар чIогIа ца лов Кадыровс. Цундела и санна дерг моссуза хилла, иштта чуьраволу иза. Цо иза ца дахьара, дерриге тидам ца беш, тIехтуьлур дара, боху Оьрсийчоьнан а, хиллачу СССР-н америкхойн эксперто, ЦРУ-н, США-н Iедалан департаментан хиллачу аналитико Гобл Поло.

Кадыровн бераш санкцеш ца йича а, Украинин контролехь долчу латтанаш тIе гIур дацара",- олу къамеле ваьллачо.

"Амма и стандартан практика йу: дуккхачара йохку и санкцеш шайн пачхьалкхашка цкъа а цабогIун болчарна",-чекдоккху Гобла.

  • 2022-чу шарахь Нохчийчоьнан куьйгалхочун воIарий: 16 шо долу Ахьмат, 15 шо долу Iела, 14 шо долу Адам шайн 23 шо долчу йишица, культурин министраца Iайшатаца сепаратистийн "ДНР"-е бахара. Кадыров Рамзана дуккха дийцира цунах шен телеграм-каналехь - шен воIарша тIамехь дакъалаьцна бехира цо. Нохчийчоьнан куьйгалхочун критикаша иза бакъ ца дира.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочун 18 шо кхачанза волу кIант Ахьмат Кремлехь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира тIеийцира. Азербайджанехь масех цхьаьнакхетарш дIа а даьхьира цо. Дас шен кIант Iедалхочун карьера йан, шен меттана дIахIоттон а кечвеш ву аьлла хета эксперташна.
  • Нохчийчуьра урхаллин йерриге система а КадыровгIеран доьзална, цуьнан уллорчу накъосташна а тIехь лаьтташ йу. Шен гергара нах даккхийчу даржашка хIитторехь цхьа а доьхна хIума гуш а вац иза. Iедалерчу даржашкахь дIатарбелла: цуьнан бераш, йижарий, невцарий, вешин, йижарийн бераш, шичой, маьхчой, кхинболу гергара нах а. Кавказ.Реалии редакцино Iедалан даржашкахь болчу цуьнан нахах бехха цхьа могIа охьайазбина.
  • Шен доьзало атта карьера йо аьлла шегара бехк баьккхича, Нохчийчоьнан куьйгалхочо элира: "Тхайна тIедехкина декхарш оха дикка кхочушдичхьана, хьенан хIун бала бу? КIезга сагатло сан аша дуьйцучунна, шуна хетачунна".
  • Кадыров Рамзан дIасалела RA-73417 бортан номер йолу долара кема юха а нисделла радарашкахь. Чиллан-беттан юьххьехь Мальдивашкахь хааделла иза, Таиландан а, Цхьаьнатоьхначу Iарбойн Эмиратийн а хийистошкахь. Оццу деношкахь цигахь тергалбира Нохчийчоьнан куьйгалхочун воIарий. Ша хьаькамо тIе ца дуьту, республикера ша араваьллера бохург, чIагIдо шен кема дац бохуш а. Шен бераш курорташка лестарх йеш комментарий йац цо. Кавказ.Реалиин корреспонденто къастийра цунах дерг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG