ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жигархошна гайтаме таIзар дар: адвокато Беков Мохьмада дуьйцу "гIалгIайн гIуллакхах"


Адокат Беков Мохьмад
Адокат Беков Мохьмад

Товбеца-бутт бовш Пятигорскера Ставропол-мехкан кхело хийцаза битина ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а дозанаш хийцарна дуьхьал протестан акцийн декъашхой хиллачу ворхIаннан хьокъехь кхело бина хилла сацам. 2021-чу шеран гIуран-баттахь ворхI шарера исс шаре кхаччалц чохь йаккхийта хенаш йиттинера царна, экстремистийн йукъаралла вовшахтохарна а, цу йукъахь дакъалацарна а.

Кавказ.Реалиин сайто къамел дира гIалгIайн жигархойн цхьахволчу адвокатаца – Беков Мохьмадца – гIуллакхна иза йукъахь хиларх, корматаллехь ницкъ эшарх, политикан гIуллакхашкахь адвокатан дакъалацарх.

– Мохьмад, ГIалгIайчуьра дуьхьалонан лидершна дина таIзар муха хета хьуна?

– Цхьа гайтаме и долуш санна, мах хадабо аса цуьнан. ХIара йоллу процесс йуьхьанца дуьйна а массо бахархошна дIагайта дина хIума дара.

– "ГIалгIайн гIуллакх" карарчу хенахь муьлхачу тIегIанехь ду? Кхин дIа царех хIун хир ду аьлла хета хьуна?

– Товбеца-беттан 28-чохь дIакхайкхийра хьесап тIетоьхна дина дакъа. Доллу къастор ворхI дийнахь кечдийр ду аьлла, амма суьдхо могуш воцуш хилла цIахь вара, цуьнан могушалла бахьана долуш гIуллакх дIадахделла.

ХIора кхеташонехь кхело низам а, къепе а, регламент а йохош йара

Кассацин кхелехь латкъамбан тхуна луш берг 6 бутт бу. Бина сацам кхочушбан болийча, хьалхарчу инстанцин кхеле билгалдаккхар кхочу, цо и жигархой латточу талламан изоляторе дIакхачон деза. Цул тIаьхьа иттех дийнахь уьш колони дIабохуьйтур бу шайна тоьхна хан йаккха.

– Хьалхарчу инстанцин кхелан сацам йухабаккха бух бан а барий?

– ТаIзар йухадаккхар-м стенна дуьйцура, уьш бехказа баха а бахьанаш-м дара! Хьалхарчу инстанцин кхелехь дуккха а харцонаш лелийра, апелляцин инстанцин кхело бIаьргаш хьаббира царна.

ХIара гIуллакх айдичхьана, оха дух-духа олуш ду, талламан верси тIечIагIйан тоьшаллаш дац бохуш. Шайггара кхоьллина ду иза, пIелг цIубдина даьккхина ду. ХIора кхелан кхеташонехь суьдхоша дохадора низам, къепе а, кхелан кхеташонан регламент а.

– Кхел йухайоккхуш цаьрга дIахьедирий аша, йа оцу дохийначу низамийн цхьа а тергойирий?

– Дера йира! Кхелахо дIатеттина дуккха а меттигаш бу. ХIора низам дохорна оха кхел йухайаккхар тIедожадора. Кхелан боллу декъашхошна а, куьйгаллехь волчунна а. Амма тхан тIедахкарш кхочуш ца дора.

– 2019-чу шарахь дегайовхо йарий шун, гIуллакх листа дуьйлалуш, кхечу кепара доьрзур ду аьлла хеташ? Шайна дуьхьал хIун дер ду аьлла, цхьана а кепара хетарг дарий?

– 2019-чу шеран оханан-баттахь Нальчикера изоляторехь уьш болуш, аса аьллера: "Административан лацар а хилла, хIара доьрузр ду аьлла, ма мотталаш". Суна хаьара, вай цхьана хIуманна кечдеш дара, мел кIезиг а цхьана шаре дIадахлур долчу. Административан гIуллакхехула 10 дей-буьйсий чохь даккхийта ГIалгIайчуьра дуьйна ГIебарта-Балкхаройчу дIа ца вуьгу.

Амма сан даим а дегайовхо йу, цхьана муьрехь кху системера цхьаммо цхьаъ дийр ду аьлла. Амма хIоразза а оха кехаташ чу мел лун, дегайовхо йовш йара, хIунда аьлча, цуьнан терго ца йора, тергамза дIа Iад дуьйтура. Тхешан чуделлачу аьрзнашна дуьхьал цхьана а кепара жоьпаш хилла дац тхуна.

Бакъонца доьзна дац "гIалгIайн гIуллакх". Доьзна дац иза йа зуламан-процессуалан, йа бехтакхаман низамашца а. ЦIенна политика йу, политикан интерес йолуш дайтина хIума а ду.

Сан иллюзиш йайра, кхаа дийнахь цIахь а латтийна, Саутиева Зарифа йуханехьа СИЗО дIайигча. ХIетахь со кхийтира, кIеда таIзар дойтур дац кхелахочуьнга – уьш бехказабохуш сацам бийр бу аьлла хеташ цхьа а вацара.

Адвокат Беков Мохьмад а, цо кхелехь Iалашвен Мальсагов Муса а. "ГIалгIайн гIуллакх"
Адвокат Беков Мохьмад а, цо кхелехь Iалашвен Мальсагов Муса а. "ГIалгIайн гIуллакх"

– Политикан гIуллакхкашкахь кхелашна адвокаташ ца хеза боху ахь. Хьуна хетарехь, цхьа наггахь хезаш меттиг нислой?

"ГIалгIайн гIуллакх" – бакъоларйаран а, къелан а системийн цIарматалла йу

– Нисло аьлла, тешна ву со. Хаттар стенца ду аьлча, ваьхьар вуй-те суьдхо, йа иза муха хила веза бохучуьнца ду. Нагахь санна, суьдхочо йахначу хенахь цхьа харцо йитинехь, цо цкъа а бакъонца сацам бийр бац. Аса йуьхьанца дуьйна олура, и сацамаш вовшех дагабуьйлучу чохь тIеоьцур бац, жигархойн хиндерг кхечу, кхин а лакхарчу кабинеташ чохь дийцаредийр ду. Нийсонца, низамехь сацам тIеэца, суьдхо цIена хила веза, оьзданга, эхь-бехк долуш. Ткъа буй-те ишта кхелахой? Со тешна ву, бу уьш, амма кIезиг бу. Аса болх бечу 20 шарахь иштта цхьа суьдхо гина суна. Иза а дацара хьуна политикан гIуллакх.

– ХIун дара оцу сацамехь хьуна уггар а хала, адвокатана а, адамна а санна?

– Суна уггар хала дара – тоьшаллаш дан, шозза шиъ диъ хуьлу бохуш. Ахь мел хьегна къа, цхьана дашца дIадойуш ду: латкъамна дуьхьало йар, таIзар хийцаза дитар.

Со тешна вара, мел кIезиг а апелляцин кхело лахйийр йу къаношна а, Саутиева Зарифина а тоьхна хан бохуш. Кхел йоьдучу зал чохь уьш маьршабохур бара аьлла, ца хетара суна, амма дог тешна дара, таIзар кIедо хир ду аьлла. Иштта колони схьабалийначул тIаьхьа чохь цара масех бутт боккхур бу, и хан чекхйаьлча уьш ара а хоьцур бу аьлла.

Пренешкахь кхелехь аса иштта ала а элира: "Уьш бехказа бохкуш сацам кхайкхон шун къонахалла ца тоахь а, со тешна ву, къинхетамехь таIзар кхайкхор шун карахь ду аьлла, церан хан охьа а йоккхуш". Иза дегайовхо йара, амма дагца а, кхетамца а суна хаьара, айса суо Iехон суо гIерташ вуй.

– "ГIалгIайчоьнан гIуллакх" – муха ду и? Пачхьалкхера кхечу политикан гIуллакхех стенца къаьста и?

– Бакъонца а, логикехь а кхетон хала ду и. "ГIалгIайн гIуллакхан" цхьа а йукъарло дац йа бакъонца а йа логикица а, Iа кхетамехь а. Иза – бакъоларйаран а, кхелан а системийн цIарматалла йу. Цо гайтина, бахархойн конституционан бакъонаш бакъонан имитаци йу.

Система ирйина йу хIинца, ладугIур долуш адвокаташ хилийта

ХIаъ, Iедалан векална дуьхьал ницкъбаккхарна бахархой кхеле ийзош Iедал ду – иза даьржина хIума а ду. Амма акцийн лидерийн хьокъехь оцу кепара квалификаци лелийна меттиг суна дага ца йогIу.

– ХIокху доллучунна а йуккъехула Оьрсийчуьра адвокатурин хьал муха хета хьуна?

– Чолхе ду хаттар. Кху хьелашкахь адвокатура кхуьур йу аьлла ца хета суна. Система ирйина йу хIинца, ладугIур долуш адвокаташ хилийта.

Дукха хьолахь шаьш бохучунна тIера а бевлла, тапъаьлла ца Iаш, шайн клиенташна жигара тIехIуьттуш, кхелан кхеташонашкахь лелочух лаьцна массарна а хезаш комментареш йеш, Iедална а, бакъоларйаран системина а критика йан ца кхоьруш болу адвокаташ "дIалакъон" гIерта кхелаш.

Дукха хьолахь процессашкахь, къаьсттина политикан, хьо оьшу психолог санна, гергарчарна а, айхьа интересаш лелочунна а дегайовхо а луш. Гергарнаш а, цо Iалашван тIелаьцнарг а тешаш ша цхьаъ бен воцург ву адвокат оцу йоллу системехь. КIайниг Iаьржа йац бохуш, тешон дезаш хьо хиларо, хьайн балхах къахкаво хьо.

Сайна хетарг ду аса хIинца дуьйцург. Йоллу адвокатийн йукъараллин цIарах олийла дац сан. Муха йуьйцур йу бакъонаш, селхана маьхза бахархошна юридикан консультаци луш хилла бакъоларйаран организацеш а дIакъовлуш хилча?

– Къар а ца луш, кхин дIа а муха болх бан беза, оцу хьолехь волчу адвокато?

–Нах хьуна тIеоьхуш, хьо кхета, царна хьан гIо оьший. Адамаш даим а цхьаьнгахула хоттий-олий тIе ма догIу, аса консультаци лур йу, шайн ахча ма дайа аса аьлча, цара олу: "Тхуна хьоьца болх бан лаьа, гIуллакхан чакхе мухха хилахь а". Оцу йукъанна уьш кхеташ хуьлу, ахьа царна цхьа а гаранти луш йоций. Адам хьох тешаш хиларо ницкъ ло. Хьан жамIаш дика хилча, кхин а дуккха а нах тIеоьху хьуна.

ХIокху "имитацин системехь" а дика жамIаш хуьлуийла ду.

– Политикан гIуллакхехь адвокат хилар хIун ду, хьуна муха хета "гIалгIайн гIуллакх"?

– Чолхе ду суна и хаттар. ХIаъ, цкъа делахь айхьа Iалашвечун позици латтош ву хьо, коьрта ду цуьнца оцу боллу муьрех, стадих чекхвалар, дерриг а нийса дар а.

Суна, "гIалгIайн гIуллакх" схьаэцча, иза рогIера дац. Кхузахь бехкебо хьан санна ойланаш йолу, хьан агIончаш. Бен дац, хуьлийла иза Мальсагов Муса, йа цхьа кхин – суна бен-башха дац, уьш массо а суна айса Iалашбийраш а, сайн агIончаш а, доттагIий а хета. ХIара процесс суна политикан хилла ца Iа. Суна сайн декхар хийтира оцу йукъахь хилар. Сан деган лаам бара и, цундела оцу процесса йукъахь нисвелира со.

Сайн халкъаца цхьаьна хилар ду и суна. Мел пафосе и дешнаш хетахь а.

– ГIалгIайн гIуллакхах аьлча йуха а, оцу нахах хIун хир ду аьлла хета хьуна кхин дIа? ХIун Iалашонаш а, дегайовхонаш а йу хьан?

– ХIинццал деш хилларг кхин дIа а дар йу план, - кассацих чекхдевр ду. Кхин дIа хаттарна латкъамбийр ООН-н адамийн бакъонашкахула йолчу Комиссихь йа ЕСПЧ-кхелехь, цкъачунна цунах дерг къаьстина даьлла дац.

Дина таIзар йухадоккхур ду аьлла, тешна ду тхо. Ца тоьшийла дац тхан. Вуьшта оха Iалашбийраш колони дIабохуьйтур бу аьлла хета суна. Хенал а хьалха арадоху хан кхаьчна церан, колони дIакхаьчначул тIаьхьа, йалх бутт баьлча царех хIораммо а кехаташ-дехарш чу лур ду, шаьш хенал а хьалха маьршадахар доьхуш. ХIора адвокато оцу тIехь болх бийр бу. Уьш маьршабахархьама тхайга мел далург дийр ду оха.

  • 2021-чу шеран гIуран-баттахь Ессентукехь кхело бехке лаьрра ГIалгIайчуьрчу дуьхьалонан акцешна хьалхабевлла лелла жигархой ницкъаллин структурийн белхахошна ницкъбар вовшахтохарна а, эскстремистийн юкъарло кхолларна а, ткъа иштта цунна юкъахь дакъалацарна а. Хенаш тоьхна царна 7-9 шераш набахтехь даккха. Ужахов Малсагна таIзар дина Iедална дуьхьал и организаци кхолларна, Барахоев Ахьмадна – цу йукъахь дакъалацарна. Оцу таIзарна апелляцин латкъам бира махкара кхело. Бакъонашларъяран "Мемориал центро политикан тутмакхаш лаьрра гIалгIайн протестан хьалханчаш.
  • Европан Кхеташонан парламентан ассамблейно къобалйина, политикан буха тIехь Оьрсийчохь нах лоьцуш, хьийзош хиларх рапорт, цара резолюци тIеэцна, Оьрсийчоьнан Iедалхоша политикан тутмакхаш дIахеца аьлла.
  • "ГIалгIайн гIуллакхехула" бехкебечара протест йира Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а доза билгалдоккхуш барт барна дуьхьал. ШолгIачу дийне яьллачу цу акцехь тасадаларш хилира гулбеллачийн ОМОНца а, Росгвардица а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG