ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Жоьжахатира йуха а баьхrина тIом беш бу нохчий": украинхошкахьа йолчу шейх Мансуран батальонан тIемалоша – тIамах лаьцна


Шейх Мансуран цIарахчу батальонан тIемалой
Шейх Мансуран цIарахчу батальонан тIемалой

Шейх Мансуран цIарах батальон – ВСУ-на йукъа ца йахна, Украинехьа тIемаш бечу батальонех цхьаъ йу. Цу йукъахь бу тIеман кеп-кепара говзаллаш йолу нах: таллархой, штурм йийраш, пехота, дронийн операторш, кхоссархой, артилеристаш. Царна хIоттийна алапа дац, тIемалоша бахарехь, доьзалан, волонтерийн, кхечу батальонийн гIоьнца, вовшашна гIо дарца беха уьш. Иштта трофейн герзах а пайдаоьцу цара. И хаало керла лаамхой кечбарна тIехь: кхарех дIакхета луучийн къоьлла йацахь а, царна тIейухург а, тIеман гIирс а латторехь халонаш хуьлу.

Шайгарчу хьолах украинхойн армино иштта кхетадо: "Тхо ахчанах тIемаш беш дац, 2014-чу шарера схьа дуьйна тIемаш беш долчу тхайн цIе бехйан бахьана дита а ца лаьа тхуна". Карарчу хенахь батальон Херсонан а, Запорожьен а агIонашкахь йу, дозуш доцу дакъа санна.

Кавказ.Реалиин корреспондент цхьаьнакхийтира нохчийн батальонан эскархошца, дIайаздира цо церан Украинана дуьхьал Оьрсийчоьно болийначу тIамехь дакъалацарх монологаш.

Адам

"Тхан батальонан цIарах Кадыровс батальон кхоьллина аьлла хезча, тхайн накъосташца дийлира тхо. Оьрсийчоьнна дуьхьал Кавказан маршонехьа тIемаш бина ву шейх Мансур. ЛартIахь хIума дац Оьрсийчохь пачхьалкхаллин алапа тIехь цуьнан цIарах батальон вовшахтохар.

Тхо Украинехьа тIемаш беш ду. Бакъ дерг аьлча, суна ца моьттура контртIелатар иштта дайн а, маса а хир ду аьлча. Хетарехь, оьрсий шайн позицешкахь чIагIбалале хьалха кхиаме хила тарлора и.

ХIаъ, Малхбузено герз латтадо Украинана, амма, дийнахь Оьрсийчоьнан артиллерино а, оха а дойург дустича, - цара доьазза-пхоьазза алсам хIоъ-молха дойу охачул а. ТIаьххьарчу беттанашкахь Бахмутана гергархь йолчу Константинвкехь кIезиг йетта, бIаьста хилалчуьнца дуьстича. Даим а минометана а, "Град" санначу герзана оьшу хIоьънаш тIе ца тоьа тхуна.

Тхан батальонан беза гIирс бу: оха сирачу зонехь йохийна трофейн "Град" схьаэцна, цигахь дийна йисина биргIанаш а заводе а йаьхьна, керла герз дина цунах. Украинхой болчу луларчу бригадашка лела тхо, буссоль лелон Iема, Iалашо лаца а. Буссоль карайерзон йеза оха (меттигашкахь съемкаш йечу хенахь саьнаш дусту гIирс. – Редакцин билгалдаккхар).

Оьрсийчоьнан тоьлаш хилар ду, салтийн дахар цхьана а меха цахетар командирашна

Амма аса герз къастор дацара, аса буьйраллин хьекъал долуш куьйгалла дар къастор дара. Масала, схьайаьккхинчу Горловкехь позицешна тIелата гIоьртира украинхой. Кхо чакхарма гIаш дIаэха дезара. Таллархой билгалйаьккхинчу цхьана меттиге дIакхечира, цигах хьалхахьа хIун ду а ца хууш. Сацам бира кхин дIа ца гIерта, гучубовлахь а аьлла, оццу буса тIелата Iалашо а йеш.

Йуккъе дIайахара штурм йечийн хьалхара тоба, амма чакхарма дехьа миномет тIе нисбелира уьш. Цхьа стаг велира. ШолгIа тоба машенахь йаханера, циггахь уьш охьа ма буьссура, нийсаллица хьажийна тIетоьхнера царна а. ТIеман комплект йегира, эскархой лазийра. Талламхой буьззина хаамаш боцуш, хIуммаъ а дан мегар дац, чIогIа доккха гIалат ду иза.

Стигалкъекъа-баттахь оьрсаша дIайаьккхинчу Бахмутехь, шен хенна дуьхьалойо ца йира, дика окопаш, кIорггера блиндажаш. 90 процент тхуна хилла зен артиллерино йеттарца хилла ду. Шозза-кхузза тIекарчор йолуш блиндажаш оьшу, амма церан метта башха кIорга йоцурш йира, уьш а, мостагI герга кхаьчначу заманчохь. Дахначу Iай Бахмутехь буса окопашка девллера тхо, уьш а 1х1,5 метар йара – кхин а ахка дийзира.

Шайн чIагIонаш оьрсаша хааршца а, бух боллуш а кечйо. КIоргера бомба бен цу чу кхетар йац

Кхойттта гардус шело, когаш бухахь ша бу, цигахь дукха сиха гIораво хьо. Деа сахьтехь Iийра со цу чохь: окопаш йохурш ларбеш дара тхо. Оцу тайпа шелонехь латта охкийла йац – шел йалале хьалха дан деза хIума дара и. Кхо бутт хан ма йара цу тIе, сахьтехь къахьоьгу ахьа, ах метар аьхкина хуьлу. Оьрсий гIалина герга баьхкича бригадин командиро тIеэца безаш сацам бара и.

Хааршца, кхачам боллуш йо цара шайн чIагIонаш. Бахмутана уллорчу Берховка эвлахь блиндаж гира суна 5x4,5 метар. КIоргенан бомба бен кхочур йац цу чу, артиллерино зенаш дийр дац. Бахмутан агIор оьрсий дика кечбеллера,: церан окопаш чохь генаш дара, къайлах дIасалеларш, кIелонаш йар. Авдеевка йаккха хьийза хIинца оьрсий, Бахмут а ма йаккхара.

ХIаъ, шайна хьалхара байа туьйсурш дукха бу Оьрсийчоьнан. Артиллерига хIаллкхбайта тIеман хьалхарчу могIаршка хIиттабо уьш. Цхьаберш чекхбовлу, тIаккха керланаш бохкуьйту. Церна гIоле хилар ду ала тарло, салтийн дахар царна кепекан меха хеташ цахиларехь. И ца оьшу салтий церан дуккха а бу. Соьга олура, тIамехь эшна бахахь а, караваха мегар дац. Церан салтий наркотикаш тухий арахоьцу боху. Уьду уьш, герз а детташ.

Наггахь санна баккъал а цхьа Iалашо шайн йелахь, цара говзанчахь хьовсабо. Тхан шина базана туьйхира ши ракета стохка а. Амма нийса тIе ца кхийтира, тIе ца кхечира цкъа, шолгIа луларчу цIенна тIе йуьйжира, иза вовшахдоккхуш, тхан гIишло жимма йоьхнера. База хийца дийзира тхан. Украинхойн агIоно дикка ойла йан йеза, кхин дIа тIом муха бан беза аьлла. Ницкъаллин урхаллашна йукъахь координаци оьшу, тIом бечу хьалхарчу могIарехь ден долчух лаьцна".

Бахмутана уллорчу маьждигехь бу шейх Мансуран батальонера эскархой
Бахмутана уллорчу маьждигехь бу шейх Мансуран батальонера эскархой

Iийса

Iийса – Ведаара ву. Нохчийчуьра шолгIачу тIамехь дакъалаьцна а ву иза, Нохчийчуьра дIавахна иза 2000-чу шарахь, ша вон лазийначул тIаьхьа.

Дозанал арахьа дарба лелийра цо, ЦIечу ЖIаран декъехь, масех шарна ваха висира иза Азербайджанехь, цул тIаьхьа Европехь тховкIело йаккха хьаьжира, ца йелира, 2011-чу шарахь шен доьзал а балош, Украине схьавеара иза.

"Нохчийчохь шолгIа тIом болуш сан доьзал белира. Ши ваша а, йиша а, да-нана а. Сан эвла – Ведана – террорхойн, вахабистийн йурт йу бохура. Соьлжа-ГIалара тхан эскарш арадовлучу заманчохь вийра сан ваша. Доллу тхан цIийнах со цхьаъ висира. Аса тIом бира, бинчу гона йукъахь а нисвеллера, лазийра, амма дийна висира. Украине Iен-ваха веана со, лаам болуш вара Оьрсийчоьнна дуьхьал тIом бан, и аьтто белира сан.

2014-чу шарахь, Украинера Донбассехь тIом баьлча, сайн тоххара дуьйна хиллачу доттагIчух Мунаев Iийсах дIакхийтира со. Иза вара Дудаев Джохаран цIарахчу батальонан куьйгаллехь. Нохчийчохь цхьаьна тIом бина вара тхойша. ХIетахь Европера Украине веанера иза, со цигахь вуй а хиъна, со волчу веара: "Iийса, валохьа, тIом болабелла!". Иза гинчу сан бIаьргех хиш девлира, мар-мара а кхетта, аса элира: "Со вогIу!" Зуда а, пхи бер Iад а дитина, дIавахара со.

2015-чу шарахь Иловайск олучу мттигехь вийра Мунаев Iийса, тIаккха со цIа веара. Украинехь ваха бакъо кхин а дIа йахйан гIоьртира со, амма суна дуьхьало йира: "АТОшникийн (Украинан малхбалехь антитерроран операцин декъашхой. – Редакцин билгалдаккхар) гIуллакхе хьовсуш дац тхо аьлла. Изза хьаькамаш тахана а бу цигахь болх беш.

Сан латкъамна дуьхьал жоп лучу миграцин сервисан декъахь украинхо йалайе аьлла, хьийхира суна, бакъо а йолуш кхузахь виса. Цул тIаьхьа кхин ца вахара со цига. Шайн хьашт делахь, чуволла аьлла, ойла йира аса. ВНЖ-н метта цхьа кехат делира суна, Украинехь виса бакъо луш.

Стохка боккха тIом баллалц иштта вехира со. Вижина Iара со, хIусамнанас хьалагIаттийра со, хьо тIом бан кхайкха, "ТIемаш бечийн Ассоциацира" нах баьхкина хьо волчу аьлла.

Иштта кхузахь нисвелира со. ХIаъ, суна-м лаьара, сихха тIом дIабала. Уггар а халаниг хIун ду хьуна аьлча – сайн доьзалца цхьаьна хила йиш йац сан. Амма сайн доьазлехьа и тIом бина ца Iаш, доллу къомехьа а, Оьрсийчоьно тхан байинчаьргахьа а цхьана беш бу аса".

Шейх Мансуран батальонера тIемалой
Шейх Мансуран батальонера тIемалой

Хьамзат

МогIарера тIемало ву ша ала боху Хьамзата, массеран а вовшашца вежараллин уьйраш йу, цхьа а даржехь лакхара вац шаьш аьлла. Накъосташа командир олу цунах: кеп-кепарчу операцешкхаь тIеман тобанийн куьйгалла деш ву иза. 2014-чу шарера схьа дуьйна батальонца воьзна ву иза, ткъа стохка, Оьрсийчоь тIелеттачул тIаьхьа, даим а батальонехь вуисира. Хьамзат – украинхошца цхьаьна Херсонера аьрру бердана тIелеттачех ву , Олешка гIалана уллохь "дегайовхонан плацдарм" кхоьллира цо.

Вон ца бо тIемаш оьрсийн эскархоша. Берриш а бац "мобикаш" – хIоранхьа а тIеман говзалла йолу нах бу

"КонтртIелатарх дерг аьлча, жимма чам балар ду. Тхуна дагадогIу, Харьковн а, Херсонан а операцеш дIахьочу хенахь стохка оьрсий маса йухабевлира тIелетачу украинхойх къаьхкина. ЧIогIа дог ир-кара хIоьттина дара тхо хIетахь. Амма цул тIаьхьа Оьрсийчоь дикка дуьхьало йан йолайелира. Запорожьен кIоштахь 13-15 чакхарма чудахара тхо, Ореховон агIор тIелетира. Украинхойн агIонан тIом бан доьналла а ду, лаам а бу. Сихо ца хиллехь а, тхо кхин дIа а тIемаш беш ду. Оьрсийчоьнан а ма бац чакхе йоцу гIирс. Нах ле, техника а йуху.

Доккхачу декъанна, Оьрсийчоьно вон ца бо тIом. Берриш а бац "мобикаш" – амма хIора декъахь говзалла йолу эскархой бу. Квадарташкахь, позицешкахула болх бо артиллерино, картанашца дика тIаьхьа а кхуьу уьш. МогIарерчу салтийн дIоггара тIом бан доьналла дац, даймахкехьа, йа шаьш тешачун дуьхьа тIом беш бац уьш, йа шайна лаамехь а ца хуьлу уьш даим а. Уьш нуьцкъаша бохуьйту, заградотрядаш а йу. ТIемалой бу, цара уьш кечбо, Iамабо, уьш лоьхку.

Оцу йукъанна Украинехь оьрсий хIинца гунахь бац керла тIелатар дан. Массарна а мобилизаци кхайкхон тарло Путина, тIом бан цалуу боллу божарий гулбина, царна герза а декъна, уьш Украине хьовсон, амма и цуьнан тIаьххьара садаккхар хир ду. Дозанан кхин а цхьа дакъа цо дIадаккхахь а, Украина саца дагахь йац.

Оьрсийчоьно изза дора Нохчийчохь а: бомбанаш йеттара базараш, гуманитаран ковранаш, автобусаш йолчахь

Цундела йетташ хир йу Оьрсийчоьно хаа а хууш йохка-эцаран центрашна а, нах бехачу хIусамашна а тIе бомбанаш, бахархой кхерон, цаьргахула Iедална тIеIаткъам бан а. Царна моьтту, шайна тIе бомбанаш ца йиттичхьана халкъо хIуъа а дийр ду. Тхан цIахь Оьрсийчоьно изза дора. Бомбанаш йеттара базараш, гуманитаран ковранаш, автобусаш йолчахь, И церан политика йу, нах кхерор, террор".

Салман

"Украинхойн гIаланашна тIейиттина С-300 йамарт йу, уьш хIаллакйан ницкъа бан а бац. ЧIогIа маса дIа-схьа йоьду и. Советан заманахь миллион арахецна уьш. Видео йу, цу тIехь Оьрсийчоьнан Нохчийчохь волчу эпсаро боху, шайгахь шира хIоъ-молха дуккха а ду, уьш цхьана агIор хIаллакйан йеза.

Оьрсийчоьно хьажийна тохар ца нислуш, дукха до тохарш, цундела тIеман асанан майда йерриг а аьлча санна хIоъ-молханаша даьхначу Iуьргех лаьтташ йу. Тхан агIоно ницкъ мел берг до, дуьххьара, йа шолгIа тухуш нийса кхетийта, ткъа цара ткъе иттозза а, шовзткъе иттоза а туху.

Оьрсийчоьнехьа тIемаш бечу нохчаша дукха дика хаьа, и тIом джихIадан боций. Уьш Кадыровна гIуллакх деш бу, ткъа хIинца цига вахар тIедожийна ду. Царна чIогIа ца лаьа цига баха. Тоххара ахча лора, ницкъаллин структурашка балах хIуттург. ХIинца цигара балхара дIаволург ло. Йа тIом бан боьлху. Церан цхьа принципаш йац, цхъа а ойланаш йац.

Амма тхо дохко ца делла, кхузахь тIом беш хиларна. Тхуна – тхешан къам маьршадаккхаран боламан цхьа дакъа ду хIара. 400 шо а ду тхо Оьрсийчоьнна дуьхьал лета, тхешан маршо къуьйсуш. 1944-чу шарахь къам махках даьккхинчул тIаьхьа нохчий дийна бисира, жоьжахатира йухабаьхкинера уьш, хIинца а къийсам латтон декхарийла бу. Цхьана хенахь оха йаьккхинчу маршоне тхо кхочур ду-кх бохуш, тIемаш бо оха. Шайн цIахь тхан бераш маьрша дехар ду аьлла, тешна ду тхо. Шайн лаьтта тIехь дай а хилла, хийра мехаллаш цхьаммо а коча а ца йухкуш.

Тхо даккхийдедо, Оьрсийчоьно ма-йарра шен йуьхь гайтарна. ХIунда аьлча хIетахь, ткъа шо хьалха, изза леладора цара тхо долчахь а, Оьрсийчоьнан кепех лаьцна дуьненчохь цхьанна а хууш дацара, йа ца тешара, информаци шайна херонгахь йуьтура. Дика ду тахана доллу дуьненна хIара дIа гуш. Толам а баьккхина, тхайн латта маьршадаккха дагахь ду тхо".

  • 2014-чу шарахь вовшахтоьхна йу лаамхойн шейх Мансуран цIарах батальон, Донбассехь том болабелча. Цуьнан декъахь дукхахберш нохчий бу, цхьаберш Ичкерин маршонехьа тIемаш бина а бу. 2018-чу шарахь Ичкерин декъан боллу тIемалоша Украинан тIеман куьйгаллин тIедилларца герз охьадиллира, амма 2022-чу шарахь Оьрсийчоьно шуьрачу тIамца тIелатар дича йуха а мобилизаци йира царна.
  • Карарчу хенахь хууш ду, Украинин эскарехьа тIом беш нохчийн йалх батальон хиларх. Иза Шайх Мансуран цIарах батальон (буьйранча ЧIебарло Муслим); Дудаев Джохаран цIарах батальон (буьйранча Осмаев Адам, батальонца жигара "Адаман тоба" йу); ОБОН ВС ЧРИ (леринчу гIуллакхашна къастийна батальон, буьйранча - Ажиев Рустам); Шалена Зграя "Хьере арданг"( Абдурзаков Казбек); SOG (Леррина оператив тоба); Гелаев Хьамзатан цIарах батальон.
  • Кадыровс бехкейира шейх Мансуран цIарах йолу украинхойн батальон, нохчийн ницкъахой гучубовллушехь, уьш "тIепаза бов", шайн шевронаш охьа а туьйсуш аьлла. Цунна жоп лучу батальоно кхетийра, кадырохоша гойту амуници йитинера утилизаци йайта Мариуполера Киевн агIор шаьш дехьадовлуш аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG