ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жуьгташна дуьхьал аэропортехь лелийначу къепедацарийн тIаьхье луьстуш 20 миллион соьмана харж хилла ХIинжа-ГIалин


ХIинжа-ГIалара аэропорт, гайтаман сурт
ХIинжа-ГIалара аэропорт, гайтаман сурт

Дагестанан аэропортехь жуьгташна дуьхьал лелийначу къепедацарийн лар йойуш 20 миллион сом ахча дайина –йоллу инфраструктура меттахIоттийна.

Къепедацаршкахь хиллачаьргара компенсацеш цкъачунна йаьхна йац, хIунда аьлча, хIинца а таллам бу дIахьош, аьлла аэропортан коьрта директоро Рамазанов СаIида пачхьалкхан информацин "Интерфакс" агенталле.

Карладоккху, 2023-чу шеран гIадужу-беттан 29-чохь ХIинжа-ГIалара аэропорта чуиккхира адамийн жIуга, Израилан бахархой тIехь болу Тель-Авивера деана кема лоьхура цара. Социалан машанашкахь йаьржинчу харц информацица доьзна хила тарлора церан лелар: хаамбинера, ГIаззера тIом бахьанехь Израилера мухIажарш бу Дагестане богIуш аьлла. Аэропорте баьхкинчу нехан аьто хилира кема охьахуучу асане кхача а, дозанал дехьа бисинчара талламаш бора арайуьйлучу машенийн.

Меттигера полисхой гIертара нах меттабалон. Къепедацарш совцон йиш хилира, аэропорте Росгвардин эскархой кхаьчначул тIаьхьа. Оцу тийсадаларшкахь мел лахара а 20 стаг лазийра.

Карарчу хенахь антисемитан къепедацаршкахь дакъалаьцначийн хьокъехь 901 протокол ду хIоттийна кеп-кепарчу артиклашкахула, гIурта йукъахь хилла 100 сов стаг ву СИЗО-хь латтош. Царех цхьаъ бехкево полисхочун дахарна тIекховдарна.

  • Дагестанера Лакхарчу кхеле лахьан-бутт йуккъе баьлчхьана нах лецарца доьзна 143 латкъам кхаьчна жуьгташна дуьхьал ХIинжа-ГIаларчу дуьненан аэропортехь къепедацарш лелийначул тIаьхьа. Дуккха а адам вовшахкхетта, къепедацарш лелорехула йолчу артиклехь бехкзуламан гIуллакх долийна – бехкебийраш кхин а алсам хила тарло, хIунда аьлча, буьйцурш шайн лацарна арз дийраш бу. Латкъамаш кхеле кхин а чу луш бу.
  • Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс йуьхьанца дIахьедира, къепедацаршкахь хиллачу "цхьанна а гечдийр дац" аьлла, амма царах къинхетам бахьара аьлла, кхайкхамаш бинчул тIаьхьа, шен риторика хийцира цо. Кавказ.Реалии сайто зийра, оцу хаттарехула йолу позици муха хийцайелира Меликовн.
  • Израилхошна дуьхьал ХIинжа-ГIалара аэропортехь гIадужу-беттан 29-чохь талораш лелор тидаме ийцира дуьненан зорбанан гIирсаша, цигахь хиллачара дуьйцура, эргIад йахначу тобана дан хIума а доцуш бисинера ницкъахой бохуш, ткъа Оьрсийчоьнан оппозиционераша хилларг "эхь" ду бохура. 20 сов стаг лазийра цигахь, бара царлахь полисхой а цхьаьна, ткъа аэропортана динчу зенийн мах хадийра 300 миллион гергга сом аьлла. Уйташан администраци бахархойн искашца бехкебечарна дуьхьалйала тарло, цаьрга и мах охьабиллийта.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG