ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жуьгташна дуьхьал ХIинжа-ГIалахь йаьхначу къепешна шаьш бехке дац аьлла Украино


Оьрсийчоьнан агIоно ХIинжа-ГIалара аэропортехь жуьгташна дуьхьало йарна Киев бехке йу алар "шайн бехк кхечарна тIебилла" гIертар ду элира Украинан арахьарчу гIуллакхийн министраллехь. Цунах лаьцна хаамбина Крым-Реалии сайто.

"Иттех шерашкахь Оьрсийчоьнан бахархойн кхечу халкъашка гамо йаржош оьрсийн пачхьалкхан пропагандо бинчу белхан тIаьхье йу – жуьгташ хIаллакбан гIертар. Дагадоуьйтур, дукха хан йоццуш президент Путин а, арахьарчу гIуллакхийн министр Лавров а вистхилира сийсазе антисемитан дIахьедарш деш", - йаздина урхаллин спикеро Николенко Олега шен фейсбукан агIонехь.

Хьалхо Оьрсийчоьнан президентан пресс-секретаро Песков Дмитрийс дIахьедира ХIинжа-ГIаларчу аэропортехь къепе йохоран зIе хиларх "дозанал арахьара йукъагIортарца" аьлла. Аэропортана тIелеттарш Украинан къайлахчу сервисашца боьзна хиларх дIахьедира иштта арахьарчу гIуллакхийн фициалан векало Захарова Марияс а, кхин а оьрсийн цхьа могIа пропагандисташа а. Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс бехкебира аэропортана динчу тIелатарна "дозанал арахьара кураторш". Цхьана а кепара цунна тоьшалаш ца далийра цара.

  • Масех бIенна тIера эзар стаге кхаччалц дахначу кIирандийнахь дIалецира ХIинжа-гIалара аэропорт, цига баьхкинера нах Тель-Авивера кема схьакхочучу заманчохь жуьгташна дуьхьало йан. Гулбеллачара протест йира Израильна дуьхьал, шайн регионера жуьгтий арабахар тIедожийра. Адамийн жIуга аэропортан гIишло чу а, кема охьадусучу майдана а кхаьчнера Израилера баьхкина пассажираш лоьхуш. Хьалхо меттигерчу пабликашкахь кхайкхамбира бахархошка, Тель-Авивера догIучу кеманашна дуьхьал довла, цу тIехь богIу жуьгтий гIали чу ма бита бохуш.
  • Полисхоша барамаш дуьхьал ца бохура царна, шайн ма-хуьллу нах тебан хIьийзара мелхо а, шаьш "кхета" адамашкарчу хьолах, гулбелларш шайна "хийра бац" бохуш. Кема дусучу майдана нах бевллачул тIаьхьа аэропорте кхечира Росгвардин эскархой. Дагестанера Талламан комитетан урхалло дуккхаъчу наха къепе йохор аьллачу артиклехь бехкзуламан гIуллакх долийна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG