ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жуьгташна дуьхьал хIоттийначу акцихь 60 декъашхо лаьцна ХIинжа-ГIалахь


Дагестанан могушалла Iалашйаран министралло хаамбина, ХIинжа-ГIалара аэропортехь къепе талхош хIоттийначу барамехь 20 стаг лазийна аьлла. Царех 10-нна вон чевнаш йина, шиъ чолхечу хьолехь ву. Мел лахара а полицин 9 белхахочунна а чевнаш йина, царлахь шиъ дарбан цIийнехь ву, дуьйцу Свобода Радион оьрсийн сервисо.

Полицина билгалваьлла ХIинжа-ГIалара аэропортехь "къепе йохорехь жигара дакъалаьцна" 150 декъашхо, царех 60 дIалаьцна, хаамбира Къилбаседа Кавкахана федералан гонашкара чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхалло.

Дагестанан куьйгалхочо Меликов Сергейс дIахьедина, бехктакхаман гIуллакхаш делларх "селхана хиллачу цхьа могIа факташкахула". Цо иштта дош делла, "цхьанна а гечдийр дац" аьлла. Оцу йукъанна хьаькамо чIагIдо, протесташ йаран бахьана хилла "махкал арахьара, шайлахь украинхошкахьа йолу телеграм-каналаш а цхьана, хьолана дестабилизаци йан гIортар".

Аэропортан болх сацош Росавиацино тоьхна хан йацйина, и схьайоьллур йу оршотан буса. Йуьхьанца хаамбора, лахьан-беттан 6-чу дийне кхаччалц аэропорто болх бийр бац бохуш.

ХIинжа-ГIалара аэропорт дIалецира бIе стагана тIера эзар стаге кхаччалц наха кIирандийнахь, уьш цига баьхкинера антисемитийн акци хIоттон Тель-Авивера кема схьадогIучу хенахь. Гулбеллачара дуьхьало йира Израильна, тIедожийра регионера жуьгтий лахка аьлла.

Гулйелла адамийн жIуга аэропортан гIишло чу иккхира, кема охьадусучу майдане кхечира уьш, Израилера кхаьчна пассажираш лоьхура цара. Хьалхо меттигерчу пабликашкахь бахархошка кхайкхамаш бора, Тель-Авивера догIучу кеманашна дуьхьал дуьйла, и нах гIали чу ма бита боъуш.

Жуьгташна дуьхьал хIоттийначу акцин декъашхой йуьхьанца аэропортал арахьа бара, арайуьйлучу машенех а, цу чуьра нехан паспорташка а хьуьйсура уьш. Акци йолийна масех сахьт даьллачул тIаьхьа гулбеллачара йохийра дуьхьало, аэропортан дозана тIе бевлира уьш. ХIора чоь толлура цара, антисемитан лозунгашца маьхьарий а детташ.

Полисхоша дуьхьало йа цора царна, жIуга тейан хьийзара уьш, адамийн дог-ойланех "кхета" шаьш, гулбелларш шайна "хийра" нах бац бохуш. Цул тIаьхьа нах кема гIоттучу майдана кхаьчначул тIаьхьа Росгвардин эскархой кхечира аэропорте. Дагестанера Талламан комитетан урхалло бехкзуламан гIуллакх гIаттийна массо нах ара а бевлла, къепе йохор вовшахтохар аьллачу артиклехь.

Къилбаседа Кавказан кхечу гIаланашкахь а дIайаьхьнера жуьгташна дуьхьал акциш. ГIадужу-беттан 28-чохь Черкесскехь – Кхарачой-Чергазийчохь - митинг хIоттийнера республике Израилера бахархой ма бита бохуш. 30 сов стаг лаьцна ву цигахь а. Шоьтан 29-чу буса Дагестанера Дербент гIалара бахархоша протест йира Израилера бахархой меттигерчу хьешан хIусамашкахь дIатарбеш бу аьлла, долийначу хабаршна тIехула. Нальчикехь муьлш бу цахуучу наха машенийн батташ йагийра жуьгтийн культурин центр йечу меттигехь.

Iедалан векалша къепе йохор вовшахтохарна бехке лерина арахьара ницкъаш а, "Оьрсийчоьнан мостагIий" а. Къилбаседа Кавказера муфтийш бистхилира жуьгташна дуьхьал хIиттийначу акцешна шаьш реза цахилар хоуьйтуш, питанчаш бу элира хьал талхораш цара а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG