ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Жуьгташна дуьхьал йозанаш динчул тIаьхьа дагестанхойн блогерх Хасбиках талламаш болийна - Mash


Магомедов Хьасбулла
Магомедов Хьасбулла

Оьрсийчоьнан Коьртачу прокуратуро талламаш бийр бу экстремизман артиклехула дагестанхойн блогерх-миллионниках Хьасбиках (Магомедов Хьасбулла), жуьгташна дуьхьал публикацеш хIитторна а, махкахь къепедацарш леладе аьлла, кхайкхамаш барна а. Блогерх таллам барх шайн хьасташна тIетевжина йаздо Mash телеграм-канало. Коьртачу прокуратурин а, кхечу урхаллийн а сайташ тIехь информаци тIечIагIйина йац.

Хьасбикна арз дина цуьнан аккаунте йазвеллачу цхьаммо, бахьана даьлла телеграм –каналашкара "жуьгташка хIусамаш ма ло", "шайн машенаш тIехь жуьгтийн мухIажарш дIаса ма лелабе" бохуш, зорбане йаьхна посташ цо шен агIоне эцча. Иштта Хьасбика сурт хIоттийнера, Хасав-Йуьртара "Фламинго" хьешан цIийнан администраторна кхерамаш туьйсуш, цара Израилера нахана чоьнаш йелла бохура. Антисемитан постийн скриншоташ йалийна Mash телеграм-канало шен публикацихь.

Оцу йукъанна Хасбика йемалдина, эзар сов стага Тель-Авивера кема догIу аьлла, ХIинжа-ГIалара аэропорт дIа а лаьцна, цигахь лелийна къепедацарш, йаздо "Оьрсийчоьнан газето". Шен социалан машанашкахь Хасбика комментарий ца йина цунах лаьцначу информацина.

Хасав-Йуьртара кхеле итт административан протокол кхаьчна нах вовшах кхетта, къепе йохош барамаш дIабахьарх лаьцна. ГIадужу-беттан 29-чохь меттигера бахархой жуьгташна дуьхьал гуламе бевлира меттигерчу хьешан цIенна хьалха, цу чохь Израилера бахархой бу дIатарбина аьлла хезна. Акцихь дакъалаьцначарна гIуда догIу 150 эзар соьмана тIера 300 эзарна тIекхаччалц, йа чохь даккха 15 дей-буьйсий тоха тарло.

  • Масех бIеннашкахь наха дIалецира кIирандийнахь, гIадужу-беттан 29-чохь, ХIинжа-ГIалара аэропорт. Протестхоша тIедожийра республике жуьгтий ма бита аьалла. Масех сахьтехь кеманчохь бисира пассажираш, протесте бевллачарна дуьхьал арабовлар кхераме дара. Полицина билгалваьлла ХIинжа-ГIалара аэропортехь "къепе йохорехь жигара дакъалаьцна" 150 декъашхо, Дагестанан могушалла Iалашйаран министраллин хаамашца, лазийна 20 стаг, бу царлахь чIогIачу хьолехь берш а.
  • Нохчийчохь нахана йукъахь къепедацарш лелораш "чубохка" аьлла Кадыров Рамзана: цо омра делла "кхозза хIаваэ тоха, ткъа йоьалгIаниг – хье йуккъе" аьлла. ХIара дIахьедар дина цо Дагестанехь аэропорт дIалаьцначу йукъанна, эзар сов меттигера вахархо жуьгташна дуьхьал акци ваьлча.
  • ХIинжа-гIалара антисемитан къепедацаршкахула долчу гIуллакхехула хIинцале а лаьцна 83 стаг, 50 "талламан барам дIабаьхьна" – цунах лаьцна дIахьедира Къилбаседа Кавказан федералан гонашкара чоьхьарчу гIуллакхийн Коьртачу урхалло.
  • ХIинжа-ГIалара къепедацарш шайн бIаьрга гинчара а, политологаша а хьалхо дийцира Кавказ.Реалиин редакцига, муха дIалецира аэропорт, политикан хIун тIаьхьало цо йуьтур йу, иштта хьесап дира къепедацаршкахь хиллачара а, ницкъахоша а лелийначун а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG