ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Журналист Кеворкова лаьцна 2005-чу шарахь Нальчикана динчу тIелатарх пост йазйарна


Кеворкова Надежда
Кеворкова Надежда

Карладаккхар: Кеворкован адвоката Ахильгов Калойс хаамбина, цунна дехкина бехкаш ЦАР-хь вийначу Джемаль Орханан 2005-чу шарахь Нальчикана динчу тIелатарх динчу къамелана репост йарца а, Оьрсийчохь террорхойн организаци лоручу Талибанан гIуллакх "къбалдарца" а доьзна ду аьлла.

Москвара Басманан кIоштара талламан декъе йалийнера журналист Кеворкова Надежда терроризм къобалйарца доьзначу бехкзуламан гIуллакхехула цуьнга хеттарш дан. "Известия" газето, "Рен-ТВ" канало шайн хьасташна тIетевжина хаамбо, бехкашдахкар доьзна ду, 2005-чу шарахь Нальчикехь динчу тIелатарехь дакъалаьцна волчу, Басаевн тобанца хилла ву бохучу декъашхочунна тIехIуттуш публикаци йарца.

Вуьйцург хила тарло "терроран" артиклехула таIзар дина ГIебарта-Балкхаройчуьра вахархо Кудаев Расул. Оцу гIуллакхехула листарш дира итт шерашкахь - 2017-чу шеран товбеца-баттахь цунна а, кхин а бехкевечу веанна а баллалц чохь такха хенаш йиттира. Кудаевн нанас дийцинера, колонихь цунна йеттарх, цо байъина боцу нах айхьа байъина алий тIелаца бохуш. "Политикан тутмакх" ву аьллера Кеворковас иза, тидам тIеуьйзира цунна ницкъбарх бинчу хаамашцна – Кудаев политикан тутмакх ву аьлла лерира хьалхо "Мемориало" а.

Журналистана бехкаш дахкар иштта доьзна хила тарлуш ду цуьнан гоьваьллачу Дагестанера бусалба динан Iеламчаца Ахмеднабиев Исраилца (Саситлинский Абу-Iумар) доттагIаллин уьйраш хиларца а, йаздо "Известия" хьасто. Цуьнан "Ансар" фонд бехкейо Оьрсийчохь "Исламан пачхьалкхан" хьашташна ахчанаш гулдарна. Ахмеднабиевца уьйраш хилла аьлла гезгамашин-баттахь кхел йира дагестанхойн "Черновик" газетан журналистана Гаджиев Iабдулмуминна а, гIоьналлин фондан куьйгалхочунна Ризванов Абубакарна а, программистана Тамбиев Кемална а.

"Независимая газетана" а, Russia Today каналана а, "Новой Газетана" а, ишта кхечу хьасташна а лерина йазъйеш йара Кеворкова. 2017-чу шарахь Дагестанера лаьмнашкахь йолчу Тлондода эвла дIайахара журналист, цигарчу берашна мектебехь (бусалабанийн йуьхьанцара школа- редакцин билгалдаккхар) истори а, йукъараллайовзар урокаш йала.

  • Саситлинский – Дагестанерчу Ново-Саситли йуьртара бусулба динан хьехамча ву. "Ансар" цIе йолу гIоьналлин фонд кхоьллина, Африкехь гIунаш ахка ахча гулдора цо. Оцу фондо "Исламан пачхьалкх" олучу экстремистийн тобанна лерина ахча гулдо аьлла, бехкейира иза Оьрсийчохь, тIаккха хьехамча федералан лехамашка велира. Дайначу шеран чакхенгахь хьехамча Туркойчохь вара. Хьехамча Саситлинский Абу Iумар (Ахмеднабиев Исраил) дуьненайукъарчу лехамашкара дIаваьккхира "Интерполон" комиссино стохука охан-баттахь. Политикан а, динан а Iалашонаш йу цуьнан гIуллакхехь алсам аьлла, хьесап динера цара.
  • Саситлинский Абу Iумарца зIенехь вара аьлла шеконашка лаьцна хIинца кхел йира дагестанхойн "Черновик" газетан журналистана Гаджиев Абдулмуъминна. Терроризмана ахча латтийна аьлла, колонихь дакха 17 шо туьйхира цунна. Гаджиевца цхьаьна кхел йеш кхайкхийна программистана Тамбиев Кемална а, "Ансар" гIоьналлин фондан куьйгалхочунна Ризванов Абубакарна а, цу шинна 18 а, 17,5 шераш хенаш йиттина набахтехь такха. Царех цхьаммо а бехкаш тIелаьцна дац, таIзар къуьйсуш ду цара кхелехь.
  • ГIадужу-баттахь оцу гIуллакхехула Саситлинскийн ваша Ахмеднабиев Саадун хьокъехь сацам бира Ростов-на-Дону гIалахь – терроризмана ахча латторна бехкевора иза. Шогачу рожан колонехь яккха 16,5 шо хан тоьхна цунна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG