ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стенга сатуьйсу Нохчийчуьрчу бахархоша?


Маршо Радион архивера сурт.
Маршо Радион архивера сурт.

БIеннаш эзарнашкахь аьлча а сов хир доцуш, болх-некъ а карийна, Iар-дахар а нисдина дукхе дукха вайнах беха Оьрсийчоьнан кIошташкахь а, иттаннаш кху дуьнентIерчу пачхьалкхашкахь а, къасттиина Малхбузенехь.

Шайн лаам-аьллар чекхдаьлча цара хIун дохьийла лаьара шуна Даймахка?

Цигахь уьш бола а боьлла, царна хийра доцучу дахарера уггаре хьалха хIун хийцамаш ган лаьара шуна шайн дахарехь? Цу могIарерчу хеттаршна бахархоша луш долу жоьпаш вуно атта ду кхето. Массара а бохург санна сатуьйсу болх-некъ хиларе а, токхечу, синтемечу дахаре а, нийсо-бакъо баьрччехь хиларе а.

Цунах дуьйцуш ю Шелковскан кIоштара кхаа беран нана Келиматова Яхимат а: «Нийсо йоуьйтур яр-кх ас дуьххьала. Болх-некъ а боуьйтур бара. Дерриге хьайн чоьтах лело дезаш ду массо хIума а. Кхерам а дIабоккхуьйтур бара. Цхьа хIума ала йиш а яц, дийца а ца мaгадо. Адам паргIатдолу агIо езар-кх».

Ткъе итт шо гергга хан ю Магамадов Хьасан махках а ваьлла, Владимир кIоштахь веха. Шена хетарг дахаре дерзо йиш хилча боху цо, цкъа гIалатло яьллера аьлла ша стаг нажжаз веш сийсаз а войтур вацара, я цуьнан цIеранаш нахала а бохуьйтур бацара: «Ас сайха доьзна хилча, тIаьхьаьша лер дуьтуьйтур дар-кх уггар хьалха, шолгIа, ледарло яьллера аьлла цхьана-а дена тIеIаткъам бойтур бацара, цуьнан цIеранаш а хьийза а бойтур бацара». Ишта бовзийтира шен хьажам Магамадов Хьасана.

Ша уггар хьалха нахана Европехь санна болх-некъ хуьлуьйтур бара, гIийла бохкучарна цигахь санна кхачо йоллуш гIо-накъосталла дойтур дара элира Соьлжан кIоштарчу Висханов Доккас: «Кхузахь болх-некъ бац. Ас кегийчарна болх нисбийр бар-кх. Дан хIумма а доцуш лелаш бу тIекхуьуш берш. Церан къа мича даха деза? Кхузахь луш долу пособеш а цIена белам бу».

Шен ницкъ кхаьчча ша кхиазхошна, кегийрхошна гIо а дойтур дара спортан инвентарь дIахIоттор биста кхаччалц, цомгашчу нахана мел оьшу молха а хуьлуьйтур дара маьхаза. Иштта ойла кхобучех ву Старопромысал кIоштера зIаьIапхо Эдалсултанов ТIаус: «ТIекхуьучу чкъурана гIо дойтур дара ас, массо хIуманал а хьалха. Церан самукъадолу, царна пайдехьа хиндолу хIума дара хьалхадаккха дезарг. Дукха адам ду махкахь цамогуш. Царна гIо а дойтур дара. Болх-некъ а хуьлуьйту агIо а юьхьарлоцуьйтур яра.»

Мискачарна а, лазархошна а Европехь мел деш долу дика ша махкахошка Даймахке кхачадойтур дара. Ишта лаам гайтира соьлжагIалахочо Мусаев ИбрахIима: «Мискачарна, лазархошна Европехь деш долу гIо-накъосталла сехьадоккхуьйтур дар-кх ас уггар хьалха. Давуьсийла цигахь санна алапаш а, карадогIуш хIума а долуш делара кхузахь а. Церачух дахар дуста а дуьстина, цигахь санна нийсо-бакъо а елара кху Оьрсийчохь а. Кхузахь адам дан хIума доцуш тасаделла доллуш ду. Бехаш берш кхин тIе а баха ховшуш бу, мисканиг кхин а охьатаIош ву кхузахь. Цкъа мацца а нислур хир ду-кхь хIара».

Вайнехан дахарехь дика, бIаьрла хийцамаш ган лууш мел диначу къамелашкахь дегIан цIий, тIум санна юкъара дара аьлла хета ерриге Оьрсийчохь а олалла деш нийсо а, бакъо а хиларе сатийсар. Дукхах болчарна моттарехь, уьш хилча кхидолу къачамбацарш, нийсадацарш ша-шаха дIадевр ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG