ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зударийн гIуллакхашкахула йолчу кхеташона йукъа цхьа зуда йахна – Кадыровн йоI


Кадырова Iайшат
Кадырова Iайшат

Зударийн бакъонаш ларйеш, йукъараллехь церан дакъалацарна тIехь терго латтон кхеташо кхоьллина Нохчийчохь. Оцу кхеташонан декъашхошлахь волчу бархIаннах цхьаъ зуда йу: Кадыров Рамзанан йоI Iайшат. Республикехь культурин министран даржехь йу иза.

Кхеташонан урхалле хIоттийна: вице-премьер Алханов Адам – республикехь чоьхьарчу гIуллакхийн министр хиллачу Алханов Русланан кIант. Кадыровн шолгIа йоI йу цуьнгахь.

Иштта регионехь зударийн интересаш дIакхоьхьур йу къинхьегаман министро Баширов Iусмана а, цуьнан гIовса Ибаков Тамерлана а, дешаран министро Дааев Хож-Баудис а, къоман политикан, арахьарчу зIенийн, зорбанан, информацин министро Дудаев Ахьмада а, могушаллин министро Лорсанов Сулеймана а, физкультурин, спортан, кегийрхойн политикан министро Ибрагимов Iийсас а.

Зударийн интересашкахь къоман стратегино болх бийр бу пхеа дакъошкахь – зударийн могушалла Iалашйар, социалан токхо цахиларна профилактика йар, йукъаралла кхиорехь церан дакъалацар лакхадаккхар, йукъараллин- политикан позицеш чIагIйар, Оьрсийчоьнан социалан-экономикан хьал кхиорехь церан дакъалацар шордар. Оцу йукъанна билггал хIиттор болчу барамашлахь къастийна, "бераш дIадахар лахдан" Iалашонца репродуктиван могушаллин школаш кхоллар, техникан говзаллаш карайерзайайта зудаберашна лерина профориентацеш дIайахьар, талламан белхашна уьш йукъабалор.

  • Ростовн кIоштахь зударийн дахар аттачу даккха Iалашонца кхоьллинчу кхеташонан куьйгалле хIоттийна борша стаг: регионан губернаторан гIовс Пучков Андрей. Делахаь а, Ростовра кхеташона йукъара 14 декъашхошлахь зударий алсам бу: бархI зуда а, йалх стаг а.
  • ХIора шарахь Оьрсийчоьнан 700 эзар гергга бахархой Iиттало доьзалехь гIело латторца. Стратегин инициативийн агенталло бехха бинчу талламехь дина цунах лаьцна хьесапаш. Лонгитюдан талламийн жамIашца, цу йукъахь дакъалаьцна 40 эзар Оьрсийчуьра вахархочо, 10% бахархой – 14 миллин стаг – вуно чIогIачу сингаттамехь ву. Хууш дац, буьйцурш диагноз хIоттийнарш бу, йа респонденташна хетарш бу, йаздо оьрсийн Свобода Радионо.
  • Къилбаседа Кавказехь кест-кеста нислучех ду – доьзалехь ницкъбар. Меттигерчу бахархошна-зударшна гIело латтайо церан цIийндайша а, кхинболчу доьзалхоша а. Даим аьлча санна, полицино тергамза дуьту и тайпа хIуманаш, нагахь санна, царна дуьхьал бехктакхаман гIуллакхаш дахахь а, ден таIзарш дайн хуьлу.
  • Боьхначу доьзалийн процессашкахь дакъалоцучу адвокаташа дуьйцу зудий-майрий къастаран коьртачу бахьанех, ду царлахь доьзалашкахь хуьлу дахарца йоьзна конфликташ, гIело латтор, зударий кхийлар, марзхой доьзална йукъагIертар.
  • Къилбаседа Кавказехь "сий лардеш" нах байарх "Правовая инициатива" проекто бинчу талламо гайтарехь, 2008-чу шарера 2017-чу шаре кхаччалц схьа 39 адам дийна, царех кхоъ борша стаг вара. Бакъоларйархойн хаамашца, дукха хьолахь дойу марехь доцу зудабераш, йа марера цIабаьхкина кегий зударий, цхьа наггахь нисло цаьрца марехь берш а. Дайша, вежарша, хIусамдайша, девежарша бойу уьш.
  • Къилбаседа Кавказера бахархошкахь марехь болу зударий кест-кеста кхеле буьйлу, шайн нанойн бакъонаш ларйан гIерташ, амма дукха хьолахь аьтто ца болу церан. Нохчийчуьра, ГIалгIайчуьра, Дагестанера кхелаша дукхачу меттигашкахь бераш дайшца дуьту – метттигерчу менталитет а, ламасташ а иштта ду олий, дийцира Кавказ.Реаллин сайто хеттарш динчу, доьзалийн гIуллакхаш луьстучу юристаша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG