Каннашкахь Гойтур Ю Михалков Никитин Керла Кино

Фаранси -- Каннера Филмийн Фестивал, Схьаелларан Церемони, 12 Зазадоккху-бутт 2010

Францера Лазуран Хийист шен Iаламат хазчу садоIу меттигашца евзина ца Iаш, хIора шарахь кхузахь дIахьучу Каннерчу Кинофестивалаца евзаш ю. Кху шарахь фестивал кечъеш берш а, цуьнан цIеяххана болу хьеший а, цIеххьана карзах баьллачу хенан хIоттамо мелла а кхерийна хиллехь а, амма, ша фестивал новкъа-нацкъарло йоцуш дIахьур йолуш ю.

Ткъаесна филм ю карарчу фестивалан программехь гайта кечъйина, дуьненан массо а маьIIерачу бевзачу а, ца бевзачуа режиссераша яьхна йолу. Ткъа жюрин куьйгалла деш, цIеяххана волу Голливудера режиссер Бартон Тим ву, хIинца дукха хан йоццуш дерриг дуьне а, шен керлачу «Алиса куьзган дехьарчу дуьненчохь» цIе йолчу киноца цецдаькхина волу. Иштта, жюрин декъашхошна юкъахь ву Бенисио дель Торо, Кейт Беккинсейл а, Шек-хан Капур а. И тIаьххьарниг, Нохчийчура бахархошна дика вевзаш ву, шен индхойн Болливудерчу Iийжамечу киношца.

ХIинцалерчу Каннийн кинофестивалан башхаллех цхьаъ ю, цигахь цIеяхханчу кинорежиссерийн филмаш цхьанне а ца бевзачерчаьрца цхьана гойтур йолуш хилар. Иштта, масала, шен якудзех, самурайх, кхин дIа болчу, Малх Схьакхетачу Махкара турпалхойх йолчу киношца вевзаш волу японхойн режиссер Такеши Китано а, Украинера къона режиссер Лозница Сергей а цхьана тIегIанна тIехь лаьтташ ву Каннашкахь, нагахь санна, коьрта совгIат къовсар дуьйцуш делахь. Иштта, оцу коьртачу совгIате сатесна оьрсийн режиссер Михалков Никита а ву. Цуьнан тIаьххьара филм «Малхо гIелбинарш – шиъ» цIе йолу - кхушарахьлерчу Каннийн фестивале кхачар, цхьаболчара Михалковн Каннашкахь яккхий зIенаш хиларца дузу, вукхара цуьнан Кремлера гIентан дайшца дика уьйраш хиларца дузу. Амма режиссеран похIмица я филман дикаллица и хIума дузуш берш я Малхбузехь а я ша Оьрсийчохь а кIеззиг бу.

Леррина цу фестивалехь гайтархьамма Михалковмн яцъян дезнера шен филм. Амма цунах а кIезга пайда баьллачух тера ду филман корматаллина. Мухха делахь а, Францехь я Германехь и болх гайта а гайтале, цунна гуонахьа хIинцале а йоккха гIовгIа яьржина. Иштта, масала, французхойн «Ле Монд» газето Михалковн болх «сталинизман локхуш йолу гимн» ю аьлла язъдинера. Ткъа, цхьа кхечу «Либерасьон» газето шен тамаша къайлахьуш а бацара и тайпа кино, шен форматаца Каннийн фестивалаца йогIуш йоццушехь, цхьана бозбуанчаллин гIоьнца санна, фестивалан программа юкъахь нисъяларх. Иштта, немцойн хааминй гIирсаш а, тIаьхьарчу деношкахь шен Путин Владимир хесторца гIараваьллачу оьрсийн режиссеран керла болх емал беш бара. Масала, «Франкфуртер Альгемайне Цайтунгехь» зорбане яьллачу йоккхачу артиклехь авторо дийцира Михалковн Путинца долчу гергарлонах а, цу режиссерана, цхьана хенахь похIма а, дикчу кинох болу кхетам болуш хиллачу, хIинца шен Кремлерчу гIентан дайшца долу гергарлой бен, ша йохуш йолчу филмийн кхачам кхин башха бен а боцучох тера ду, бохуш. Иштта дийцаре деш дара, Михалковн керла филм, иза кинотеатрашкахь гойтучу хенахь, ахчаъ делла хьажа лууш берш Оьсрийчохь вуно кIеззиг хиларна, цу мехкарчу цхьаццайолчу кIошташкахь Iедалхоша ишколерачу берашка нуьцкъара, лаахь а, ца лаахь а билеташ а оьцуш, цуьнга хьажар тIедожийна хилар а. И советан Iедалера орамаш долу Iадат хIинца Кремлан гергарчу режиссерана Михалковна тIера юхаъ дIа долош ду Оьсрийчохь, бохуш яздора немцойн журналиста. Ткъа, иза похIмица я Каннашкарчу фестивалца цхьана а агIора цхьанадогIуш дац аьлла.

Журналисташа сел ира йинчу критикана дуьхьал вистхилира кху деношкахь фестивалехь гойтучу филмийн бакъонаш юхкучу «Вильд Банч» цIе йолчу продюсерийн кампанин векал волу Мараваль Винсент. Цуо шайна гина а йоцу кинофилмана критика ян журналистийн бакъо яц аьлла дIахьедар дира. Бакъду, цунна дуьхьала францерчу журналисташа «тхуна филм ца гинехь а, иза яьккхина волу режиссер Михалков Никита дика вевза», аьлла жоп деллера.

Цхьацболчу аналисташна хетарехь, оцу тайпа ирча реклама Михалковн белхана Малхбузехь йина хилар цу филмана, мелхуо, пайдехь хила мегаш ю. ХIунда аьлча, иштта дукха йийцаре йинчу кинога нахана хьажа дага дан мега. Бакъду, Каннийн бахархой ца хьовсахь, Оьрсийчохь иза ган луучеран терахь беламе лоха ду. Иштта, оьрсийн кинематографехь инзаре доккха терахь долу шовткъе пхи милион доллар ша йоккхуш дIадаьлла йолу Михалковн филмано хIинцалц схьа ялх миллион доллар а вовшах ца тоьхна. Муьлхачу а, ша лоруш волчу режиссеран и тайпа жамI юхьIаьржо а, эхь а хира дара. ХIунда аьлча, иза кино пайденна ца хиларан уггаре а, гаррехь йолчарех, билгало ю. Амма тIаьхьарчу шерашкахь патриотизмаххий, Оьрсийчоьнан еза-сийлахь хиларххий къамелаш дан Iеминчу оьрсийн режиссеран Михалков Никитина иза бен а доцучух тера ду. Коьртаниг, цуьнан кхул а хьалха яьккхина хиллачу филман коьрта турпалхочунна а, деган доттагIна а Путин Владимирна и филм ган а гичхьана, цуо иза дика ю а аьлчахьана.