Оьрсийн Президентца Цхьанакхетта Къилбаседа Кавказера Бакъонашларъярхой

Цу тайпа цхьанакхетар дуьххьара хилла Оьрсийчоьнан президентца. Иза хилийта доккха гIо дина Оьрсийчохь юккъаралла кхиоран а, адамийн бакъонаш ларъяран а кхеташонан куьйгалхочо Памфилова Эллас. Ерриге а Къилбседа Кавказера федералан гуонна юкъайогIучу республикашкара бакъонашларъярхой а, юккъаралхой а хилла цигахь дакъа лоцуш. Дийцаре дина долу хаттарш, оцу махкашкахь а, уггар а сагатдойтуш долу хаттарш хилла.
Нохчийчуьра цига ваханера кхо стаг. «Ламанан аз» цIе йолчу вовшахтохараллин куьйгалхо Динаев Iадлан а, «Стимул» цIе йолчу организацин коьртехъ волу Яркиев Василий а, «Диалог» цIе йолчу кегирахойн буоламан куьйгалхо Аюбова Лайлаъ а. Цара йийцаре йинчу проблемашна леррина тидам тIебахийтина Оьрсийчоьнан президента. Лар йоцуш дайначу адамийн а, хIинца а лаьттахь йохкучу минийн проблема а, тIом боьдучу хенахь йохийначу хIусамех луш долчу компенсацин ахча кIезга хилар а, ишшта, реабилитацин хьокъехь долу Оьрсийчоьнан низам а, Нохчийчохь кхочушдеш ца хиларх а дийцира нохчийн юкъаралхоша Медведев Дмитрийга. И ша мел йолу проблема, федералан тIегIан тIехь Iедало сацам ца бахь дIаяккхалур йолуш яц аьлла кхетийна иза. Цхьанакхетарехь хиллачу Динаев Iадлане хаьттира Маршо радионо, дIабаьхьначу некъах а, юьхьаралаьцначу Iалашонех а хIун кхочушхилла я ца хилла дийцахьара аьлла.

Динаев Iадлан: Цигахь тхо доцурш а шортта нах бара Къилбаседа Кавказера кхечу регионашкара. Медведевс, шена цхьадолу хIуманаш хаьа бахара, делахь а, вай тахана долу цхьанакхетар, шена чIогIа мехала ду элира цуо. Цунна тIе цо тидам бахийтира. Ишта цхьанакхетарш хила а деза элира цо. Хлопонин а вара цигахь дакъа лоцуш. Цига тхо дахале, Нохчийчура адамийн бакъонашкахула йолчу векалаллехь кечдина цхьацца документаш дара тхоьгахь. Ишшта, тхайн организацин проблема, минех болчу кхерамех лаьцна а дийцира оха, кхачам боллуш. Цо дош делира, хIара санна долчу цхьанакхетаршкахь йолу проблемаш а, документаш а, шен белхахошка дIа а ца луш, ша леррина тIе тидам бохуьйтур бу аьлла. Ша хьажа а хьаьжна, оцу хьокъехь цхьа сацамаш бийра бу аьлла дош делира цуо.


Маршо радио: Москоха оцу цхьанакхетаре бахале, Нохчийчоьнан адамийн бакъонашкахула йолчу векалаллехь кхечу бакъонашларъярхошца цара, билгаладаьхнера дийцаре дийр долу хаттарш. Массарел а коьртачарех ду, лар йоцуш байна болу нах лахар а, декъешна генетикан экспертиза еш йолу лаборатори еллар а. Оцу ша долчу хIуманна, ша накъост а ву и болх чекх а боккхур бу аьлла дош дела, Оьрсийчоьнан президента.

Динаев Iадлан: Лар йоцуш байначу нахах лаьцна дийцира. Цигахь билгалдаьккхира и нах мичахь бу а, белла белахь, мичахь дIабоьхкина а хаа дезаш ду аьлла. Церан гергарчарна синтем хилар бахьанца билгалдаьккхина дара иза. Цунах лаьцна дуьйцуш Медведевс и лаборатории кхуллур ю элира, цу тIехь ша накъосталла дийр ду а элира. Тахана и лаборатори елларо, дуккха а нахана синтем бийр бу аьлла хета суна, хIунда аьлча, ишшта декъий хьенан ду аьлла билгаладаьккхича, тIаьхьа бисинчарна аьтто хир бу каш тIехотта а, барз лело а.

Маршо радио: Оцу цхьанакхетарехь Къилбаседа Кавказан кхечу регионашкара векалш а хилла. Церан хIун пробеламаш яра?

Динаев Iадлан: Хаттарш, дукха хьолехь, цхьанадогIуш дара. Iедалан белхахоша нахана тIехь латтош йолу харцонаш яра массара а юьйцуш ерш. Оцу тIехь тидам латтор а дехар дара дина. Iедалний, наханий, юкъахь йолчу меттиган само латтор а дийхира, ишшта. Цул совнаха, кегийрхошна, белхан меттигаш а, дешаран хьелаш а дара дуьйцуш.

Нохчийн юкъаралхоша Москоха, Оьрсийчоьнан президентаца и маьIне хаттарш дийцар боккха кхиам хета, махкахь болчу юккъаралхошна.Амма кхеташ дац, цига, махкахь а, цуьнан дозанал арахь а бевзуш болу бакъонашлраъярхой а, юккъаралхой а хIунда ца бахийтина? Оцу кхаана юккъахь Динаев Iадлан ву мелла а вевзаш. Важа шиъ, бакъонашларъярхойн боламехь, башха девзаш дац.