Советан Заманахь Санна Чубухку Iедална Новкъа Болу Нах

Советан заманахь, Лефортово олучу, уггар луьрчу набахти чубохкара, ГУЛАГе хьовсош болу политикан тутмакхаш. Буковский Владимир а, Гинзбург Евгения а, Шаранский Натан а санна берш. Тахана, Путин Владимир Оьрсийчоьнан куьйгаллехь волуш а, изза хьашташ кхочушдеш ю Лефортово. Советан заманахь санна, хIинца а чубухкуш бу, Iедална ца товш долу бакъдерг дуьйцу нах.

Оьрсийчоьнан куьйгалле муьлхха а Iедал деъчи а, политикан бахьанашца чубоьхкина нах даиманна а хилла оцу йоккхачу пачхьалкхан уггар а луьрчу набахтешкахь.

И тайпа нах, шен-шенахь къинтIерабахаран процесс а-м хуьлу цигахь. Делахь а, юкъа юлуьйтуш йолу хан – кхузткъе итт, шовзткъа шераш хуьлу. Харц чубоьхкина хилла нах дийна а боцуш, церан гергарчарен дегнаш андделчу хенахь. ХIора режим пайда эца хьожу хьожу, кхин Iедал долуш, дуккха а шераш хьалха чубоьхкина хилла политикан а, олуш ма-хилларан иэхьаан а тутмакхашна реабилитаци ярах. Оццу хенахь, цара терго а ца йо, шайн режимо чубоьхкинчарна.

Таханлерчу Оьрсийчохь шовзткъех стаг ву, политикан бахьанашца чувоьллина.

Бакъонашларъярхоша дечу хьесапца, таханлерчу Оьрсийчохь шовзткъех стаг ву, политикан бахьанашца чувоьллина. Царна юкъахь ву ЮКОС компанин куьйгалхо хилла Ходорковский а, Лебедев а, оццу компанехь болх беш хилла, кхаа беран нана – Бахмина а. Муртазалиева Зараъ а, Тахигов Заурбек а, иштта дIа кхин а. Дукха хан йоццуш набахтера араваьлла, вевзаш волу адвокат Трепашкин Михаил:

Трепашкин: ЦIенош лелхийтарца доьзна гIуллакх соьга ца таллийтархьамма чувоьллинера со. ГIуллакхана тIехьожуш хиллачу тIеман прокурораша соьга нийсса схьаэлира, ахьа зуламаш дина меттиг яц. Делахь а, лакхара охьадоссийна омар ду - шеггара, президентера дуй те ала а мегар долуш - хьо гучура ваккха аьлла. ЦIенош лелхийтаран гIуллакхана юкъара хьо дIаваккхархьамма. Цундела, тхо иза кхочушдан дезаш ду.

Трепашкинан цхьа а шеко яц, ша чувоьллина бахьана цхьаъ бен ца хиларх.

Трепашкин: Оцу политико иэшийра со. Политикан сацам бара бинарг - дIакъовла, тIадам - аьлла. Суна хетарехь, кхечу тайпара цунна маьIна далур дац. Адамийн кхетам ма бу иза.

Ша а диъ шо чохь даьккхинчу Трепашкинна дика девза, ша санна болчу нахана оцу набахтешкахь кхуллу хьелаш.

Трепашкин: ТIаьхьарчу хенахь и политика адамаллина дуьхьала яьлла. ХIунда аьлча, чубоьхкинчу нахана тIехь кхин а алсам ницкъ бо, хьийзабо, дагана ницкъ беш хIуманаш леладо. Стеган синна боккха тIеIаткъам бо. Уьш оцу набахти чура цомгуш я, телхина арабовлийтархьамма. Арабевллачул тIаьхьа, царга шайна дарба лехийта, таханлерчу Iедална я, цуьнан билггалчу белхахочунна уьш кхин новкъа ца хилийта.



Ехха хенаш тоьхна, оьрсийн Iедалш бен ца кхетачу, цхьана хьашташна, набахтешкахь латточу Муртазалиева Зараан а, Талхигов Заурбекана а бечу ницкъах лаьцна дийцира Маршо радиога, цершиннан гIулалкх шайн лерринчу тидамехь латточу оьсрийн бакъонашларъярхочо Ганнушкина Светланас.

Ганнушкина: ГIуллакх муха ду аьлчи, я Заурбек а, Зараъ а я маьршонехьа къуьйсуш а, я оппозиционераш а бацара. МогIарера кегий нах бара уьш. Цхьаъа тайпана зулам дина ца Iаш, ур-атталла, Iедална дуьхьала хIума аьлла а, я бакъонашлръярехьа а ца къийсина царшимма. Норд-остерчу закъалтахойн метта ваха лууш хиллачу Заурбека дина хIумма а доцург. Хууш дара, цунах гIуллакх хир доций. Набахтехь боккъалла а царшинна шинненна а хаза нехан санна беш ницкъ бу. Къаьсттина, Заурбекана хала

Оцу кепарчу берашна набахтешкахь тIеIаткъам бо, уьш чубоьхкинчарна царга болх байтархьамма. Цунна дуьхьало ян чIогIа хала ду. Цунах лаьцна дийца а церан йиш яц.

ду. Дарба ца лелало цамгар кхетта цунах набахтехь. Дарба хIете-вете ца леладо, юург яц лортIехь. Даиманна карцер чу вуллуш ву. Кхин цхьа хIума а эр ду аса кхузахь. Оцу кепарчу берашна набахтешкахь тIеIаткъам бо, уьш чубоьхкинчарна царга болх байтархьамма. Цунна дуьхьало ян чIогIа хала ду. Цунах лаьцна дийца а церан йиш яц. Кхеташ ду, цара цунах лаьцна дийцахь, кхин а яккхий халонаш хир ю церан. Суна дика хаьа цунах лаьцна. Зараъ, чIогIа доьналла долуш йоI ю. Иза могуш оцу чура араяларна догйовха ю со. Ама, иза де долуш а, маьрша а хилар охьатаIо гIерташ, иза кагъян Iалашонца цунна ницкъ бо набахтехь. Даиманна а гIуда тухучу изолятор чу юллу иза. Иштта долуш ду иза.

ХIора а Оьрсийчохь дIахIуттучу режиман шен-шен политикан тутмакхаш хиларан хIун бахьана ду аьлла хаьттича, адвокато Трепашкин Михаила элира Маршо радиога.

Трепашкин: Хьалха а, хIинца а, къамел доцуш, нах гучура баха безаш бара, церан багош дIа къовлархьамма. Царга, Iедална ца тов хIуманаш ца дийцийта. Цхьацца информаци царга гIара ца яккхийта. Лачкъо лерина йолу проблемаш, юкъараллина хьалха царга ца айийта. Царах цхьаберш, лортIехь бац олий, психикин цамгарийн дарбан цIийнахь дIалечкъош, вуьйш, набахти чу бохкара - леррина тIеIаткъам бе олий, омар а луш.


Я хьалха а, я тахана а, шайна новкъа волу стаг чувуллуш, башха бахьанаш леха а ца хьовсу Iедалш аьлла хета Ганнушкинина:


Ганнушкина: Уьш бехке бац бохучух тешна ду тхо. Цхьана хIуманна бехке бац уьш. Церан гIуллакхашна юкъахь а зулам дина хиларан цхьа а тоьшала дац. Даьсса гIуллакхаш ду уьш. Ур-атталла, бозбуунчаллаш лело а ца хьаьвсина уьш, царга кховдо ладаме бахьана лаха гIерташ.

Тахана шуьйрра юкъадаьккхина, дин лелочу нахана тIеIаткъам бар. Уьш а политикан бахьанаш лору бакъонашалръярхоша.

Къилбседа Кавказехь дIалийцинчу кегийчу нехан гIуллакхашна тIехьожуш вара хьо. Царах цхьаберш, бехк-гуьнахь доцуш лецна бара. Вуьйш, цхьацца, герзийн тобанашца уьйраш лелош бара аьлла чубоьхкинера. Оцу кегийчу нахах ала мегар дарий, иэхьан тутмакхаш я, политикан бахьанашца чубоьхкина бу аьлла хаьттича, бакъонашларяърхочо, "адамийн бакъонашкахьа" цIе йолчу боламан кхочушдаран директоро, Пономарев Лева элира:

Пономарев: Еа кепара бу политикан бахьанашца чубухкуш берш. Хьалхара кеп, къамел доцуш, бусулба нах бу. Масала, Узбекистанера

Ваххабизм терминах пайда оьцу, "ваххабизм" а, терроризм а цхьатерра ю а олий. Цхьа а бахьана а доцуш, стаг чу воллар совнаха, уьш тIепаза бойу. Соьга хаьттича, къамел а доцуш, политикан бахьана ду кхузахь.

Хьизб-ут-ТахIрир организаци цигарчу Лакхарчу Кхело, терроран организаци ю аьлла дIакхайкхийра. Кхин цхьа а бахьана а ца далийра цара. Оцу партин декъашхой, шаьш экстремисташ ма дац аьлла, дуьхьала тоьшаллаш а далош, шайн позици йийца буьйлабелча, уьш

провокацеш а йина, кхелаш дIа а яьхьна, царах цхьаберш чубоьхкина. Изза ду Кавказехь а. Ваххабизм олу, аса кхин цкъа а билгалдоккху, "ваххабизм"боху хIума юкъа а даьккхина. Оцу терминах пайда оьцу, "ваххабизм" а, терроризм а цхьатерра ю а олий. Цхьа а бахьана а доцуш, стаг чу воллар совнаха, уьш тIепаза бойу. Соьга хаьттича, къамел а доцуш, политикан бахьана ду кхузахь. Дагестанехь керла организаци кхоьллина "Дагестанан наной" цIе йолу. Оцу кепара байна шайн кIентий лоьхуш бу, цуьнан декъашхой.

Ша демократин пачхьалкх ю бохуш, дозаллица дIахьедарш дечу Оьрсийчохь тахана а политикан а, иэхьан а тутмакхаш хилар йоккха сийсазалла ю боху, Ганнушкинас:

Ганнушкина: Иза мел йоккха сийсазалла ю. Вайн юкъараллин доккхах долчу декъан сийсазалла ю-кха иза. Хала хеташ делахь а, иштта ду иза. Иза президентана оьшуш аьлла ца хета суна. Амма, цхьанненна а ца лаьа цуьнца къийса. Цхьанне а ца лаьа иза сацо. Таханлерчу дийнан а, Путинан режиман а билгало ю иза.

Хьалхалера зама кхин башха хийцаелла ца хаало тахана. Делахь а, цхьатерра хIуманаш а ду, тера доцурш а ду бохуш дийцира, Пономарев Лева. Советан заманахь чубухкуш берш, политикан амал йолчу артиклашкахула чубухкуш бара. Кхузткъе итталгIа а, цхьа бIе езткъалгIа, прим. Царна тIехь нийсса дIа яздина дара "Советан Iедална дуьхьала хилар", "Советан Iедалан цIе бехъяр". Кхузахь чIогIа атта дара. Цкъа-цкъа, советан заманахь а, зуламийн кодексехула бехке а бора. Амма, ма-дарра аьлчи, политикан бахьанашца чубухкуш бара. Ткъа тахана, "Путинна дуьхьала валар", я "Путинан цIе бехъяр" боху артиклаш яц. Цундела, массо а зуламан артиклашкахула чубухкуш бу элира Пономаревс. Иза хьалхара башхалла ю.

ШолгIаниг, оцу хенахь иэхьан тутмакхаш алсам бара. Тахана а бу уьш.

Кхузахь билгалдаккха деза, иэхьан тутмакх а, политикан тутмакхах а муха къаьста. Иэхьан тутмакх - шен ойланаш бахьанехь чувоьллина стаг ву. Диъ шо чохь даьккхинчу адвокатах Трепашкинах ала мегар ду, иза иэхьан тутмакх вара аьлла. Ткъа политикан тутмакх, зулам дина аьлла чу вуллуш ву, амма, иза чуволла хьийзоран коьрта бахьана, политикица доьзна ду. Масала, экономикица боьзна бехкаш тIе бохку цунна, ткъа ма-дарра долу бахьана, политикица доьзна ду.


Ходорковский а, Лебедев а, иштта дIа кхин а - политикин тутмакхаш бу. Уьш системица къийсалуш бацара, идеологина дуьхьала бара ала а мегар дац. Делахь а, уьш политикин бахьанашца чубоьхкинера. Оьрсийн бакъонашларъярхошна иштта хета.