Бусулба Зударийн Духарш Дийцаре Дар Лахлуш Дац Европехь


Германехь а бу дуккха а бусулба зударийн духаран кеп шайна хетачу агIора нисъян лаам болу политикаш а, жигархой а. Амма пачхьалкхан Коьртачу Низамо - Контитуцино муьлххачу а стагана шен дин шена хетачу агIор лелон а, ткъа иштта, шен духар маьрша харжа а луш йолу бакъо бахьана долуш, церан хIинца Европехь сел чIогIа яьржинчу керлачу политикан модица - зударийн духарш билгалдохуш йолчу- нисбала аьтто бац.

Никабаш, нохчийн маттахь аьлча, бусулбачу зударша шайн юхь-сибат дIакъовлуш лелош долу Iаьржа корталиш, Германехь а дехка деза аьлла, хабар кхузарчу политикийн гуонашкахь дола ма деллий, немцойн Бундестагехь хIинца Iедалехь йолчу кериста-демократийн цIарах депутат волчу Босбах Вольфганга билгалдаьккхира, Германехь, цкъачунна лелаш Конституци ю, ткъа цу Конституци тIехь йиалгIачу артиклехь дIаяздина долу дешнаш хIинца а нуьцкъала ду, аьлла. «Динан маршо а, дин лелоран маршо а, ткъа иштта хIора стеган дине а, дуьнене а болу хьежамаш тIе куьг дахьа йиш йолуш бац», боху дешнаш ду цу депутато хьахийнарш.

Цу тIехь Германехь бусулбачу зударийн духарх долу дийцарш политикан тIегIанехь цкъачунна дIатийна. Амма юкъараллехь и тема, схьахетарехь, кхин а ехха йийцаре йийр йолуш ю. Цундела Германерачу «Дойче велле»- «Немцойн тIулгIенаш» цIе йолчу радиокампанехь болх бечу цхьана зуда-журналисто кху деношкахь цхьа ша-а башха эскперимент дIаяьхьнера. Шен дегI а, юхь а, ур-аттала куьйгаш а дIахьулдеш, кIора санна Iаьржа никаб а йоьхна, Коьльнерачу урамашка яьллера иза, оцу тайпана дIахьулъелла зуда гича наха хIун до теша бохург талла.

ГIажарера орамаш долчу Шамселасиль Аярис шота дийнахь дIайолийнера шен эсперимент, Коьльнан урамашкахь къаьстина дуккха нах лела хан харжархьама. Туристаш а, меттигера бахархой а гуллучу Коьльнерачу доккхачу Кирхьана уллорчу еза мачаш юхкучу туькнара дIаболийнера цуо шен таллам. Иштта буьйцу цуо шен цу туькнахь хилла леламаш:
«Цу чохь дуккха а адам дара, дукхахьолахь зударий. Со гича царех цхьаберш белакъежар, вуьш ойлане бовлур, цхьаццаберш сихлой, дехьабовлура. Цхьа къона йохкархо тIееара суна, ас хаьржина йолу мачаш а яхьаш. ТIе а йоьхна, гIехь юйла хьожуш ша-а гIо дой хьуна, аьлла хаьттира цуо. Ас «хIаъ» аьлла, корта ластийра. Цунна сан ши бIаьрг бен кхин хIуммаъ гуш дацара. Ткъа охьа а таьIна, суна мачаш тIе юхуш ша-а гIо дечу хенахь иза даима а цхьа тамашийна къежаш яра, мелла а йоьхначух тера дара иза. ХIунда аьлча, со сайна хIуммаъ бен а доцуш санна Iаш хиларна, цуьнан сан ехачу паранджан йистош хьала айъа дезара, суна мачаш гIехь юйла хьожуш».
Цул тIахьа, журналист, ша-а араяьккхина Iалашо дIа а йовзийтина, шеца къамеле яьлча, цу мачашйохкархочуо дийцинера, хиджабаш йоьхна бусулба зударий-м шена дуккха а гина, уьш шайн клиенташ юккъехь хIора дийнахь а хуьлу, амма иштта Iаьржа паранджа йоьхнарг мелла а тамашийна хетар шена, аьлла. Иштта цуо мукIарло динера, никъаб йоьхначу зудчунна немцойн мотт хаьий кхетча, мелла а са паргIат делира шен, аьлла.
Ткъа журналиста шен талламинй некъ кхин дIа а баьхьнера. Ша-а дуьххьара доьхнера цу дийнахь и тайпа къевлина духар, бохуш дуьйцу экспериментан автор йолчу журналиста Шамселасиль Аярис. Цундела шена цкъа хьалха атта дацара, цу никъабах дIайола, бохуш. Амма ша-а сарралца немцойн гIалин урамашкахула паранджа а йоьхна лелаш, шена тамашийна хеттарг а, кхета лиънарг а еккъа цхьа меттигерачу бахархойн реакци хилла ца Iара, шена цул а чIогIох кхета лаьара, и тайпа духар доьхна Европин гIаланашкахь лелачу бусулба зударийн хIун дог-ойла хуьлу теша, цара муха лов теша, нах шайга хьежар а, нах шайх цакхетар а, наг-нагахь шайх кхерар а, бохуш дийцира журналиста шен талламийн Iалашонех.
Мачаш эцначул тIаьхьа ша-а урамерачу цхьана кафе чу кофе мала яхара, - бохуш дуьйцу Аярис кхин дIа а. Луларчу стоьла йистехь Iаш масех боьрша стаг а, зударий а бара. Шайн къамелаш а деш, бела а боьлуш Iаш хилла уьш, ша-а схьагушшехь, мелла а дIатийра, боху. Ткъа ша-а царех шена эхь хетар юхь къевлинчу никъабана кIелахь къайла а даьхьна, меллаша кофе мала гIоьртира боху. Бакъду, юхь дIакъевлинчу корталин бухула иза малар аттачех хIума ца хиллера, хIунда аьлча, гуонахьачарна ган а ца гойтуш, и кортали хьала а айдина, кофе бете яхьар боккъал а говзалла оьшуш хIума хилла. Ткъа хьуо наха кIирбелла тергал еш юйла хууш хилча-м хIетте а.
Ша-а кофе мала гIерташ хьоьгуш болу бала а гуш, шена цхьа зуда елакъежира, бохуш дуьйцу журналиста. Юха хIара цуьнца къамеле а аьлла, ша-а дIайовзийтича, цу Коьльнан яхархочуо шена хIинцалца схьа кафе чохь цкъа а иштта юхь дIа а къевлина, кофе молуш зуда ца гинера, бохуш дийцинера. «Иза мелла а тамашийна хетало, - аьллера цу зудчуо. Амма суна хазахета. Со иштта кхиийна ю, кхечу нехан культура а, Iадаташ а лара деза бохучу кхетамехь», - аьлла. «Бакъдерг дийцича, хьуна кофе мала иштта хала дуй гуш, суна цхьажимма къахийтира хьох», - аьлла тIе а тухуш.
«Дойче Веллен» журналиста шен башха эксперимент кхин дIа духиш духкучу туьканахь а, зударша юхь тIе хьокху басарш духкучу туьканахь а, метро чохь а дIаяхьнера. МогIарерачу немцойн цуьнан духаре болу хьежам хазанехасанна атта а, кхетаме а хиллера, Европа мел ю политикаша никъабаш йоьхна болу зударий, уьш цхьа кхераме зуламхой болуш санна, коьртах баьхна белахь а. Иза къаьстина немцойн юкъаралла кхечу къомах а, Iадатех а болчу нахаца тIекаре а, хьасене а хиларца доьзна хила а мега. Кху махкахь вехаш волчу виъ миллион бусулбачу нехан тIеIаткъам баьржина хиларца доьзна хила а мега. Я немцойн, уггаре а чIогIа аьлча санна, низам лоруш къам хиларца, ткъа цу низамо хIора стеган шена луу дин лелон а, цу динца догIуш долу духар лелон а бакъо ю аьлла кхайкхина хиларна уьш муьтIахь хиларца доьзна а хила мега.
Мухха а делахь а, немцойн журналиста Шамселасиль Аярис йиначу эксперименто дуккха а нахе ойла йойту, политикаш а, юкъаралло а, кхин дийца хIума доцуш санна, юхьарлаьцначу никъабаш лелочу зударий хьал муха ду теша, бохучунна. Церан хIун синхьаамаш хуьлу теша, шаьш урамашкахула лелаш, нах шайга хьоьжуш я шайх кхаьрдаш хилча бохучунна. И никъабаш йоьхна болу зударий йоллучу йоккхачу Европехь а масех бIе бен ца хилар тидаме эцча-м муххале а.
Азимова Сийлаха, Маршо радиона лерина, Германи.