Мел лаххара а 117 стаг велла ГIиргIазойчоьнан къилбехь, кхин а 1,500 чевнаш хилла хIокху цхьана деа дийнахь гIиргIазойн а, узбекийн а тобанашна юкъахь хиллачу тасадаларшкахь. Иттаннаш эзарнаш узбекаш Узбекистане бевдда ГIиргIазойчохь шайна тIебазбеллачу кхерамах.
Оцу махкахь ирделла лаьттачу хьолах лаьцна материал кечъйина Маршо радион корреспондента Наджибулла Фарангиза. Чулацам гочбина Умарова Аминас.
ГIиргIазойчура Могашаллин Министраллин хьесапехь ГIиргIазойчоьнан къилбехь диъ де хьалха дуьйладеллачу тасадаларшкахь беллачерийн терахь цхьа бIе вуьрхIийтта стагана тIекхаьчна. Чевнаш хилла цхьа эзар ах эзар гергга нахана.
Ош а, Джалал-Абад а кIошташкахь бехаш хилла иттаннаш эзарнаш узбекаш бевдда шаьш дойуш а, гIишлош ягош а болчу гIиргIазойн талорхойн тобанех.
ХIокху тIаьхьарчу ткъеха шарахь оцу махкахь хилла уугар а боккха бохам бу иза.
Джалал-Абадерчу Маршо радион корреспондента Абдраимов Русбайс бахарехь, цхьа а билгало яц хаалуш, цигара кризис лахъяларан:
Абдраимов: Маситтаза детташ герз хезна суна Токтогул а, Октябрская а урамашкахь. Джалал-Абад администрацин гIишлонна гонаха детташ а хезна.
Маршо радио: Цул сов Новруз цIе йолу хьешан цIа а, Ширин цIе лелон кафе а цIаргахь гира шена Iуьйранна. Иштта, цхьана нехан доларчу хIусамах цIе таса гIерташ болу, герзаца хилла нах а гира шена бохуш дийцира Абрадимовс кхин дIа а телефонехула.
Маршо радион корреспондента чIагIдарехь гIалин юккъехь гулбелла бу, герз карахь долу, доккхучу декъана, кегий нах. Баханчу баттахь оцу кIоштахь къепедацарш лелхийтарна коьрта бехкениг лору цара узбекийн юкъараллин лидер, депутат а хилла волу Батыров Кадырьян.
Абдраимов: Джалал-Абад провинцин администрацин гIишлонна хьалха гулбелла бу тайп-тайпанчу кIошташкара схьабаьхкина нах. Талас а, Иссык-Кулан а кIошташкара баьхкина нах а бу царна юкъахь. Царгахь цхьаболчаргахь герз а ду. ГIагI-диллина машен а ю царгахь.
Маршо радио: Джалал-Абадерчу комендатуро бахарехь, ток а, газ а дIаяьккхина Джалал-Абадехь, гIалахь цIераш тийссар марса ца даккхийта. Комендатурин векалша чIагIдарехь царга хаам кхаьчна Сузак кIоштара, бевзаш нехан цхьана тобано кхайкхамаш бина меттигерчу бахархошка, урамашка арадовла бохуш. Сузакехь бехаш берш, дукха хьолахь, узбекаш бу.
Оцу юкъанна, уггар а дукха адамаш дайинчу Ош гIалин йистехь а хезаш ду дуьйлуш долу герзаш. Беллачарех дукха берш цигахь байина бу. ГIиргIазойн Iедалан вебсайто бечу хаамца, яханчу буса мелла а меттадеана оцу гIалара хьал.
Узбекийн Iедалшна тIе а тевжаш хаамийн гIирсаша дийцарехь, Узбекистанан Андижон кIоштахь хьесапе эцна кхузткъа эзар мухIажар. Амма, оцу терахьанна юкъахь дац дай-наношца долу бераш. Андижонан маьI-маьIIерчу кIошташкахь четаршкахь дIатарбина тIебаьхкина мухIажарш.
Маршо радион ГIиргIазойн къилберчу корреспондента дийцарехь зударех, берех а, къанойх а лаьтташ бу мухIажарш. Божарий шайн хIусамаш ларъян севцца.
Дуьненаюкъарчу ЦIечу ЖIаро варе дина, ГIиргIазойчоьнан къилбехь кхолладелла хьал чIогIа ира ду аьлла.
Люксембургехь йистхуьлуш Европан Бертан арахьарчу политикин хьаким йолчу Аьштон Кэтрина элира оцу кризисо боккха сингаттам баьккхина Европан Бертан. Оццу хенахь, Оьрсийн Iедалша дIахьедар дина ГIиргIазойчу эскарш хьовсорна тIехь ойла еш ду шаьш аьлла. Юьхьанцара, гIиргIазойн лидеро Отунбаева Розас Шоьтан дийнахь гIо дехча, цунна реза ца хиллера Москох.
ГIиргIазойчохь хилла Бакиев Курманбекан Iедал 7-чу Апрелехь лаьллинера. Цу хенахь велира везткъа стаг. Бакиеван еш йолу гIортор цу кIоштахь уггар а чIогIа ю. Хьал дIадижа ца дуьтуш, юкъ-кара къепедацарш лелха цигахь. Ханна хаьржинчу Iедало Бакиеван агIончаш бехке бо, махкхара хьал дохорна.