Дуьненаюкъарчу Нийсонан Кхело бинчу сацаман хьехаман бух бен бацахь а, Балканашкахь а, кхечу кIошташкахь а юкъаметтигаш кхиаран маьIне дипломатан фактор хир ю иза. Дуьненаюкъарчу Кхеле, мел лаххара а, далур дерг ду, тIейогIучу хенахь Приштино а, Белградо а шайн белхан юкъаметтигаш муха нисъян еза бохург къастор.
Дуьненаюкъарчу Нийсонан Кхело и сацам бале хьалха, Лондонерчу Экономикан Школехь профессор волчу Кер-Линдсей Джеймса элира Маршо радиоца къамел деш, Кхело Сербегхьа сацам бинехь, хIинцале Косово йозуш ца хилар къобалдинчу Европан Бертан пачхьалкхаш чолхечу хьоле хIиттор ю цо аьлла.
Кер-Линдсей: Оцу Кхелан сацам хьехаман маьIна долуш бен бацахь а, цуьнан цхьа а тIаьхье хир яц бохург ма дац. Iаламат доккха маьIна долуш хIума ма ду иза. Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин бакъонийн орган ма ю иза. Британи а, Франци а, Германи а, Европан Бертахь деха къаьмнаш массо а дуьненаюкъара низамашка ларам болуш ду. Нагахь санна дуьненаюкъарчу кхело Косован сацам низамашна дуьхьала бу алахь, царна оцу ситуацера арадовла некъ ца карабахь, дуьненаюкъахь царга болу ларам ша берриг а бухур бу. Церан йиш хир яц т1аккха Къилбседа Корей а, ГIажарийчоь а санна йолчу пачхьалкашка а бахана, дуьненаюкъара низамаш лара деза аш ала.
Маршо радио: Сербин президента Тадич Бориса элира даханчу кхаарин дийнахь Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин Кхело дуьненаюкъара низамаш а лерина, Сербин латтан цхьаалла ларъйийр йолчу сацаме хьоьжуш ву ша, аьлла. Амма цо билгалдаьккхира, нагахь санна кхелан сацам Сербина дуьхьала хилахь а, Белградан хьажам хуьйцур бац цо аьлла.
Оцу юкъанна, деношкахь Вошингтонехь хиллачу Косован премьер-министро Тачи Хашима аьллера Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Кхело бина сацам Косово йозуш ца хиларна дуьхьала хилахь, Приштинин позицин хуьйцур яц, аьлла. Тачис, иштта, билгалдаьккхира, шайн мохк бозуш ца хиларца доьзна хаттар къастон Iалашонца, шен администраци, Белградца дагадовларш дан цхьана стоьлан хаош, цхьа а сацам бийр бац кхело, аьлла.
Тачи: Суна билгалдаккха лаьа, Косово республикан Iедалш цкъа а ховшур дац дозуш ца хиларца а, Косово латтан цхьааллица а доьзна хаттар дийца. ХIунда аьлчи, Косово йозуш ца хилар юхадерзалур долуш дац. Тхан латта декъалур долуш а дац.
Косово йозуш ца хилар низамехь хилар тIечIагIдарна дуьхьала яра, шайн цIахь, сепаратистийн ойланаш йолу кIошташ йолу Испани а, Оьрсийчоь а, Китай а.