Москох ДIаваьлла Абхазин Лидер Багапш Сергей

Оьрсийчоь -- Абхазин лидер Багапш Сергей ву къамел деш Москохарчу Дуьненан Юкъаметтигийн Пачхьалкхан Институтехь (МГИМО), 16Чил2010

Ша шех йозуш ца хилар дIакхайкхийначу Абхазин президент хилла волу, 62 шарера ваьлла Багапш Сергей даханчу кIиран дийнахь кхелхина Москохарчу дарбан цIийнахь. Пехашна тIехь операци йинчул тIаьхьа чолхе даьлла хиллера цуьнан хьал.
Гуьржийчоьнах дIа а къаьстина, ша шех йозуш йоцуш дIакхайкхийначу Абхазин лидер Багапш Сергей Москох велла. Цуьнан 62 шо дара. 2005-чу шарахь дуьйна, Абхазин де-факто президент хилла Багапш, Стигалкъекъа беттан 29-чу дийнахь дIавелира, пехашна тIехь операци йина масех де даьлча.
2009-чу шарахь шолгIа а президент хIоьттинера иза. Москохан а Тбилисин а сиха тIом дIабирзина шо даьллачул тIаьхьа, Оьрсийчоьно къобалдира Абхазин йозуш ца хилар.

Юртбахаман говзалла Iамийначу Багапша Советан заманахь хиллачу кегийрахойн комсомолехь, тIаккха коммунистийн партехь йира политикан карьера.
1993-чу шарахь йозуш ца хилар къобалдина йоцчу республикин Iедалан гIантден хьалхара когаметта хIоттийра Багапш. Цул а хьалха Абхазин а, Гуьржийчоьнан а тIом хиллера, эзарнаш нах а леш, Гуьржийчоьнан Абхазина тIехь долу урхалла дIа а долуш. Дукхах болу гуьржий дIакхелхира.

1997-чу шарахь дуьйна, шина шарахь премьер-министр а лаьттира Багапш, Ардзинба Владислав де-факто президент волуш.
2005-шарахь Дечкен-баттахь президент хIоьттира, премьер-министрца Хаджимба Раулца махкара коьрта гIант къевсинчу харжамашкахь толам а баьккхина.

Сухумерчу Абхазин пачхьалкхан университетехь лектор йолчу Пилиа Далилас билгалдоккху, Багапшан политикан девнех хьалхавала гIортаран похIма. Ур-атталла, цуьнан политикан опоненташ а къера бара, Багапш неIмат лаха гIерташ хиларна. Гуттар а, иза бийца мотт лохуш хиларна, бохуш дийцира Пилиас Маршо радиога.

Къоман лидер хиларе терра, Гуьржийчоьнах дIакъаьстинчу Абхазин хьашташ лардеш Багапша баланса лахара прагматизмана а, бакъдолчунна а юкъахь. Оцу цхьана хIуманна тIехь ца йора цо цхьа а компромисс.

Оьрсийчоь -- Президент Медведев Дмитрий ву Абхазин лидерна Багапш Сергейна Москох хlоттийначу тезетехь, 30Сти2011
Лорткипанидзе Важа, 1990чу шарахь, Гуьржийчоьнан президент Шеварнадзе Эдуард волуш, пачхьаькхан министр хилла ву. Багапш вуно дика вевза цунна, и шиъ 1970-чу шерашкахь цхьаний комсомолехь жигархой хилла хиларе терра. Багапш, гуьржийн лидеран керлачу тайпанара ву бохуш вийцира Лорткипанидзес. Дов дерзош, Багапша юьхьарлоцучу гIирсех лаьцна дуьйцуш, цо хьахийра:

«И дов дерзон Iалашонца цо гуттар а хьалхатоттуш йолу ойла, цхьацца гIулч йоккхуш, жим-жима ерзорца йоьзна яра. Экономикан чолхенаш тIера волавала лууш а вара иза».

Тамашийна делахь а, 2008-чу шеран Марсхьокху-баттахь Оьрсийчоьно Абхази йозуш ца хилар къобалдаро, Багапшан бакъонаш гатъйира. ТIаьхьарчу шина шарахь оппозицино иза бехке вора, цо къоман хьашташ эшадо, бохуш.
Оппозицин векалша бахарехь, хьаштдоцу а, тIеэца мегар доцу а хIума чекхдоккхуш вара Багапш – Абхазехь оьрсийн эскарш дуьтуш а, экономикехь цхьанабелхаш беш а. Оппозици эргIадъяхийтинера, иза, гуьржашна абхазийн паспорт даккхар аттачу даккха гIертаро.

Журналисташ а, юкъараллин векалша а критика йора Багапшана, цо хаамийн гIирсийн болх гатбарна а, официала кхаьънаш эцар цуьнга къаста ца даларна а, маьIне реформаш дIа ца яхьаяларна а. Хiетте а Багапш шолгIа а президент хаьржира 2009-чу шарахь Абхазехь дIабаьхьначу президентан харжамашкахь.

Абхазин бакъволу патриот а, ша юьхьарлаьцна чекхдоккхуш хилла волу, хьекъале политика санна билгалваьккхира Оьрсийн президенто Медведев Дмитрийс. Медведев а, оьрсийн премьер Путин а вахара, Абхазе дIавигале, Багапшана Москох хIоттийначу тезете.