Шуьйра билгалдоккхуш зударийн де а долуш, Соьлжа-хин бердаш цIандеш, белхи дIабахьна гIалахь Iедалдайша. И бахьнехь гIала дIаоьзна ярташкара белхалой-божарий.
Кхо-диъ де мукъа а делла, даздеш ду Нохчийчохь Дуьненаюкъара зударийн де. Официала а доцуш, Iедалан белхоша а, гIуллакххоша а кхеторехь,оршот де тIекхаччалц урхаллехь болчара кхузахь диъ де мукъадитар бахьана ду, президентан харжамаш махкахь кхиамца дIаберзар.
Юкъараллехь кхеторехь цу кепара совгIат дина Iедалдайша белхалошна. «Моьттур дац харжамийн жамIаш тхох дозуш а долуш, тхан карахь цхьа хIума хилла», боху могIарерчу бахархоша. Цара кхеторехь иза махкал арахьа цхьаъ моттийта лелош, ,хьал ца хуург дуьхе кхуьур воцуш, политика ю. Мухха делахь а, массо тIегIан куьйгалхоша, министарша, маьхькIамхоша хастаме дешнаш ца кхоош, совгIаташ луш, декъалбеш бу нохчийн зударий дезчу 8-чу денца.
Пачхьалкхан хьукхмат-урхаллашкахь церан сий-лерамна дIадехьна цхьаьнакхетарш, гайтина концерташ. Официала чIагIдарца церан йокъалла хир яц кху кIиранна дисинчу деношкахь а.
Делахь а, тахана Нохчийчохь долчу хьолан сурт дуьззина довзийтарехь кхачо хир яцара, кхузахь тергаллуш нийсса бIостанехьа хиламаш бацахьара. Шуьйрачу маьIнехь, комаьршша дIахьуш зударий базбарш а долуш, цхьаболчу божаршна и де къахьдан санна, Соьлж-гIалахь «субботник» олу белхи кхайкхийна Iедалан мукъ карахьболчара Зазадоккху-беттан 8-чу дийнахь.
Аьлчи а дIабаьхьна, кIошташкара, ярташкара хьаькамаш цига белхалой кхачо жоьпе а бина. Царна хьалха хIиттийна декхарш дара, гIалин юккъехула чекхдолучу Соьлжа-хина бердаш нехех, синтарех, диттех дIа а цIандеш, битаме далор.
Цу Iалашонна, чекхдаьллачу зударийн дезчу дийнахь, Iуьйранна ворхI сахьт даьлчахьана дуьйна, хьалххе билгалъйинчу метте дIагулбеш, автобусаш тIехь Соьлжа-гIала дIабигна, юьртабахамашкара белхалой а, школашкара хьехархой а, дарбанан цIийнашкара къинхьегамхой а. ГIала баха «кхаж» баьлларш, кхеташ ма- хиллара, божарий бу.
Цара шайца дIабаьхьна белхан гIирс: белаш а, дигарш а, кхин йолу коьчалла а. Соьлж-гIала белхалой кхачон шайна тIедожадарх тоьшалла дора цхьаболчу юккъерчу тIегIан хьаькамаша а. Масала, цIе ца йоккхуш вуьтучу Новр-кIоштан вахархочо.
«Со завхоз ву бохуш ву. Соьга директоро аьлла - аса белхалошка. Тхайн белаш а, дагарш а эцна, дIа-м дахна тхо Соьлжа-хи цIандан, аьлла. «Ура» бохуш даздеш 8-гIа март долуш, тхо кху дийнахь кхуза стенна далийна-м хаац, кхин де доцуш санна. Цу тIе, Iедало луш а яц бензин дотта цхьа кепек. Тхайн чоьтах ду дерриг а»
Амма цунна а, кхечарна а хууш дацара «цIе яьлча» санна сиха, билггал цу зударийн дезчу дийнахь стенна беш бу Соьлж-гIалахь мехкан белхи. Бакъду, цо билгалдаьккхира, барта омра дар доцург, Iедалехь болчара белхан куьйгаш 100 чакхарма гена гIала кхачо а, цигахь цаьрга делкъе яйта а ахча луш ца хилар. Вуьшта аьлча цу гIуллакхна ахча карор а, хIинца дуьххьар а доцуш, кIошташкахь болчу хьаькамашна тIехь ду. Иштта ша-тайпа даздина Нохчийчохь Дуьненаюкъара зударийн де.