Къилбаседа Кавказехь маьIне хIун хилира чекхдолучу кIирнахь?

Дагестан -- Оьрсийн Эскарш Ду Нохчийчура Дехьадохуш, 12Гез2011

Соьлж-гIаларчу Ханкала тIеман базера луларчу Дагестане дехьадаьккхина доккха эскаран дакъа. ГIебарта-Балкхаройчохь ялх гидро-тоькан станцехь кхерамазалла лакхаяьккхина чоьхьарчу гIуллакхийн министралло. Оьрсийчоьнан Регионаш Кхиоран министраллин хьесапехь, президентан урхалла а долуш къаьмнийн юкъаметтигийн кхеташо кхолла еза пачхьалкхехь. ХIора пIераскан дийнахь чекхдолучу кIирнах Къилбаседа Кавказехь хиллачу коьртачу хиламашна хьесап деш ю Фуллер Элизабет.

Дийцарехь, Чоьхьарчу эскарийн а, кхечу ницкъаллийн структурийн а эскарш Дагестане дигар бахьана, тIаьхьарчу хенахь цу республикера хьал чIог1а чолхе даларца доьзна ду. Хьуна хIун аьлла хета?

Фуллер Элизабет: «Шинарин дийнахь КъилбсаСеда Кавказехь дIатардинчу эскарийн урхалло эххар а бакъдира Нохчийчохь латтийна хилла оьрсийн эскарш (церан терахь а ца дуьйцуш) Дагестане дехьадаьхьна хилар. Цхьаболчу хаамийн хаамийн гIирсаша цул хьалха а дийцинера, чIогIа дукха эскарш Дагестанерчу Карабудахкенте дехьадахарх лаьцна.
Оьрсийчоьнан Чоьхьарчу ГIуллакхийн эскаран урхалло бахарехь, Нохчийчоьнан луларчу республикера хьал сингаттаме хилар тидаме а эцна, алссам эскарш дехьадахаран хьокъехь ша сацам бина Нургалиев Рашида. Цуьнца нийсса бIостанехьа догIуш ду, суьйлийн мехкан Кхерамазаллин Кхеташонан секретаро Баачилов Мохьаммада аьлларг – эскарш дехьа-сехьа дахаран могIарера гIуллакх ду иза, аьллера цо.

Оьрсийчоьнан Чоьхьарчу ГIуллакхийн эскаран урхалло бахарехь, цхьадолчу эскарш лаьмнашкахь дIатардийр ду, важа дакъа аренашкахь охьахуур ду. Дийцарехь, цхьаболу ницкъаш Губдене а хьовсор болуш бу.
ТIеман эксперташа бахарехь, лаьмнашкахь бисина радикалан тIемалой дIабаха Iалашонца гулдина Дагестанехь оццул эскарш. Амма, уьш масех кIоште доькъур долуш хилча, эвсаралла хир яц тIемалошца къийсарехь.

Путин Владимир Оьрсийчоьнан президент хирг хилар билгал ма деллина, эскарш Дагестане дIадигиро а хаттарш кхуллу. Дагестанан президенто Магомедов Мохьмадсалама тIемалой байарна метта, уьш Iедалан карабахийтарца йоьзна политика чекхъяьлла бохург-м дац иза? Путин сел чIогIа цу республикехь долчунна саготта велахь, Путинас хIоттийна волу Алиев Мухьу дIа а ваьккхина, цуьнан метта Медведев Дмитрийс республикан лаккхарчу дарже хаийна волу Магомедов дIаваккха гIертий те иза?»

Маршо радио: Стенца боьзна бу ГIебарта-Балкхаройчура сингаттам?

Фуллер Элизабет: «ГIаттамхойн боламах ларлуш кхерамазаллин гIулчаш йохуш еккъа Дагестан хилла ца Iа.
ГIебарта-Балкхаройчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло тIедожийна, Баксанехь а цхьана, ялх гидро-тоькан станцехь видеокамерш хIиттон. Гобаьккхина хIиттийна видокмареш ю цигахь хIокху шеран юьххьехь дуьйна. Оццу кеппара кхерамазаллин гIулчаш яьхна тоькан лакхара таIам болчу подстанцешкахь а.

Дукха хан йоццуш керла амир Убайдулла куьйгалле веанчу тIемалошна хIокху тIаьхьарчу масех кIирнах даккхий зенаш хиллера. Цхьаммо кхерамазаллин ницкъашца мотт бинчул тIаьхьа, ялх тIемало вийна Мир эвлахь. Яханчу аьхка Убайдуллас къилбаседа-малхбалерчу секторан амир хIоттийначу Iабдул Малика аьлла, мотт биттинарш шайна кара а бийр бу, царна таIзар а дийр ду аьлла».

Маршо радио: Юх-юха а къаьмний юкъаметтигашна тIера церан хаттарш къасторна тIекхаччалц векалш а, хьехамчаш, министраллаш а кхуллу. ХIинца керла ойла кховдийна Оьрсийчохь.

Фуллер Элизабет: «Оьрсийчоьнан Регионаш Кхиоран министраллин хьесапехь, президентан урхалла а долуш къаьмнийн юкъаметтигийн кхеташо кхолла еза пачхьалкхехь, бохуш яздина «Коммерсанто» кхаарин дийнахь. Оцу кхеташонна тIехь хир ду «арахьара юкъаметтигашца» йоьзна политикан проблемаш къастор. Вице премьер-министро Козак Дмитрийс урхалла дечу къаьмнийн юкъаметтигийн белхан тобано къобалдина и гIуллакх.

Къаьмнийн ГIуллакхийн министр хиллачу Тишков Валерийс а къобалъйина и ойла. Цо бахарехь, оцу даржехь волчуьн таро хир ю цхьа моггIа проблемаш ерзон – тIепаза йовш йолу култураш ларъярна тIера, къаьмнашна юкъара девнаш дерзорна тIекхаччалц. Президентан векало муха къастор шен а, Iедалан хьукхматийн а декхарш? Кхеташ дац. Иштта, хIун юкъаметтигаш хир ю президентан векалийн а, федералан кIоштийн векалийн а.

Делахь а, ши хIума ду дика хууш. Уггар хьалха Къилбаседа Кавказехь хаалур ю къаьмнийн юкъаметтигашкахь Кремло йохуш йолу гIулчаш. Оьшуш дерг хIун дара аьлча, «политикан сацамаш» а, тIех шога низамаш а дацара. Ларъеш Оьрсийн Федерацин Конституци а, адамийн бакъонийн бухе дехкина коьрта низамаш а дара».