Нохчийчохь жигара тIемаш боьлхучу хенахь, акхаройн проблема дIаяьллера, амма хIинца гуш ду иза ханна хIума хиллийла. Дукха яьрташкахь, хIокху шина-кхаа шарахь дукха яьржина берзлой. Шийла деанчу хIокху шеран IаьнтIехь, уьш яьрташкахь а гучуйоьвла меттигаш ю.
Дукхах болчу тергамхоша иза дузу, махкахь етташ яьккхий тоьпаш а, лелхаш бомбанаш а ца хиларца. Ханна махкара дIаяхана йолу берзлой, шай цIа яьхкина ала мегар ду боху цара. СемаIашка юьртана уллехь йолчу хуьнхахь гучуевлла уьш. ХIокху IаьнтIехь, цара уьстагIашна а, бежнашна а тIелатарш дина меттигаш ю, боху оцу юьртарчу вахархочо Iадизас.
Iадиз: "ХIокху шинна а тIамах, дукха яьржина и берзлой. ЧIогIа зе до цара. Кхузахь цхьа колхоз ю бохуш яра, цхьа кошара яра.Стаго санна уьстагI ги а тухий дIахьо барзо.бежан ара яла йиша яц. Эсий-м ас дийца а ца дуьйцу. Говрашна тIе ца кхоьвда уьш. Говраша шайн бекъий чIогIа ларъйо".
Радио Маршо: ТIом болчу хенахь акхарой дIа ма йоьлхура...
Iадиз: "Дера ца хаа, хIинца-м уьш яьржина хьуна. Советан Iедал долчу хенахь, со со а топ а йолуш, билет а долуш иччархо хилла ву. Цхьа борз йийча, цуьнан цIоканах 200 сом луора. Уьш хIаллакьеш хIума леладора. ХIинца иза деш дац. Цундела уьш яьржина дукха".
Радио Маршо: Иччархой цхьа болх беш бац Нохчийчохь?
Iадиз: "Кхузахь хьал муха ду аьлча, топ кхосса а йиша яц.ТIаккха, эскархойн а , вукхеран а (тIемалойн) тоьпаш ю кхузахь цкъачуьнна вовшахъетташ. Царна тIехь беш цхьа а тайпа болх бац-кх. Со суо кхуза эвлан йистехь Iаш ву. Буьйсана схьавеъча, муьлхачу а хенахь, ас гойтура ю-кх хьуна. ЧагIалкхаш мел дукха ю яьржина. Буса дуккха а вовшах а кхетий лела уьш.Сахиллалца урамашкахь лела уьш. Акха жIалеш а дукха ду".
Радио Маршо: ТIаккха дийнахь адамийн карахь ю-кх юьрт, ткъа буьйсана акхаройн долахь?
Iадиз: "Дера ю.Вай кегий вежарий олий царах.Церан карахь ю. Царна тIехь болх беш бац, цундела ю. Хьунхой бу бохуш лелаш бу цхьа нах. Ахь ваха а вахана, цхьанахь топ тоьхна ахь цхьа борз ехь, йоккха татийн гота хуьлу цуьнах. Хьалатоьхна ду массанхьа, талла лела мегаш дац аьлла. Иза бу-кх церан болх".
Радио Маршо: Ахь хIинца борз йийча хьо жоьпе уозор ву?
Iадиз: "Борз йийча-м ца хаа суна, амма, оцу хьунхоша, милицино а, федералаш а, мийра биттина, биттина, карахь мел ерг дIа а яккхина, цIа хьажора ву. Ишшта хIума ду-кх".
Радио Маршо: "ТIееттачу бомбанех къаьхкина акхарой Нохчийчуьра, луларчу мехкашка Дагестане а, ГIалгIайнчу а дIаяхнера. Къаьстина жимачу ГIалгIайн махкахь хааеллера берзлой хIара шозлогIа тIом Нохчийчохь буолабелла хьалхарчу шерашкахь. Мацалла даръелла йолу уьш, яьрташна улле теIара".
2002 шарахь, IантIехь, цхьана буса, барт бича санна берзлоша Экажево олучу юьртана тIелатар динера. Нах бийшинчу хенахь, божалш чу а , котамийн баннаш чу а лелхаш, шайга катохалуш ерг дIаяхьнера берзлойн оцу тобано.
Цу юккъера цхьа борз нехан кертахь даькхкинчу ор чу а йоьжна йиснера. Иза е ца лууш, наха, лами а дечкекш а кхиссинера оцу ор чу, иза хьалаялийтархьама. Амма, иза шен чу кхоьссина йолу хIума а ца юуш, угIа а угIуш, гуонаш дохучуьра соцуш ца хиллера. Иза мацалла кIел йиссинчу хенахь, къиза ца ялийта, ен дезнера кертан долахочуьнан.
ХIокху шарахь, ГIалгIайн махкахь Iедалша ахча кхайкхина борз йийначуьнна. ХIинца иччархой арабоьвла шай шалго тоьпаш а эцна талла.
ТIом жигара боьдучу меттигара берзлой а, кхийолу акхарой а йовдуш ялахь, гарехь, хIокху тIаьххьарчу хенахь Дагестанера уьш йовда мега. ДIадаханчу кIирнахь, Нохчийчуьра бIеннаш эскархой дехьабаьхна церан буьйралло.
Бахьана - оцу махкахь тIемалойн лакхаяьлла йолу жигаралла. Цундела, Нохчийчохь берзлойн бала гергарчу хенахь дIабалахь тамаша бу.