Вуно хала ду Нохчийчохь белхан меттиг карон. Болх боцчу нехан терахь Оьрсийчохь уггар а лекхачех ду. Балха дIахIотта цхьа а аьтто бац таханлерчу дийнахь, шортта хьаькаме дIакховдон ахча дацахь а, я гергара стаг лакхарчу даржехь вацахь а.
Болх ца карош бала хьоьгучу а, эххар иза карийначу а нахаца къамел дира Султанов Ахьмада.
Официала хаамашца, Нохчийчохь белхан меттигаш ца хиларан барам 25-40 процент ю. Ткъа, официала доцучу хьосташа и терахь ду боху 65-80 процентан юкъахь. Я иза я важа делахь а, хIуттуш долу сурт, гайтаме ду, оцу баланца долу гIуллакх мел кIоршаме ду, гойтуш долу.
Тахана, хьо мел чIогIа дешна велахь а, мел тоьллачух говзалла хьоьгахь ялахь а, хьайна товш болчу балха хIотта атта дац. И меттиг янне а яц бохург дац иза. Иза тоххарехь дIалаьцна хира ю, (нагахь санна, дика алап долуш елахь), куьйгалхочуьнан гергарчу стага. Дукха хьолахь и белхахо шен меттехь а ца хуьлу, де дIадаьлчхьана, бохуш.
Лоьма цIе йолчу жима стага Соьлжа-гIалара лоьрийн колледж яьккхина ши шо сов хан ю, амма, тахана а, шен говзаллица балха хIоьттина вац иза. Бахьана - меттиг ца хилар.
Лоьма: «Нохчийочхь болх бан меттиг яц. Болх бан цхьана агIора вариант яц. Со лоьрийн колледж яьккхина ву, амма балха дIаоьцуш вац цхьаннхаь. Тхо дешна ма доьвлнехь цхьа хIума долийна, лаккхара доьшийла деза бохуш. Со санна дуккха а бу. Мел чIогIа дешна велахь а, шен говзаллица болх бан аьтто болуш дукха бац. Эцца цхьанхаь гIишлошъярхойн болх бой а, цхьаъ дой а, хIума леладо».
Къона лор волу Лоьма, болх а ца карош, гIишлошъяран белхаш беш лелачу хенахь, цуьнга аьлла мел–хIун делча, балха хIотталур вара. Шегахь оццул дукха ахча дац аьлла, иза реза ца хилла.
Баудди, цIе йолу жима стаг, говзаллийца богIуш болх беш ву. Иза гIишлошъярхо ву. ХIара къона говзанча ву аьлла а ца Iаш, хьаькамаш лоруш ву иза, цуо балха тIехь мало ца йо дела, амма, шаьш хIинца еш йолу объект дIаялахь, юха а болх боцуш вуьсур ву ша боху цуо.
Баудди: «Болх лаха вонуо хала а ду. Ас институт яьккхина 1997 шарахь. Балха хIоьттина 2010 шарахь. Сай говзаллица болх беш ву со. ХIара объект йина яьлча, сан болх дIабер болуш бу. Юха болх лаха безаш хилар, суна йоккха проблема хета-кх. Суна сайна а шорта нах тIеоьху, шай-шай балха дIаэца бохуш.
Муьлха а болх бан реза бу уьш цIена а, боьха а ца хоьржуш. Тахана со кIирнахь ворхI дийнахь болх беш ву, цхьа а мукъа де а доцуш. Со ишшта болх беш вацахь, хIокхара кхиверг схьаоьцура ву са метана. Алапа 20 эзар сом ду сан. Со зуда ялийна вац, цундела, суна иза тоьа. Амма зуда ялийна, доьзал болчу а стаганп иза вуно кIезга ду-кх».