Юнеско цхьанатохаралло масех шо хьалха байна дIабаларан кхерамехь болчу меттанех лерина нохчийн мотт. И кхерам боккъал а боккха буйла кхета, Европехь кхуьучу вайнехан бераша вовшашца къамел деш, цаьрга ладоьгIча. МухIажаралла дIадоладелла иттех шо бен дацахь а, амма царех дукхахболчарна хIинцале а атта хета шаьш дехачу пачхьалкхийн меттанашкахь къамел дан, ненан маттахьчул а.
ТIаьхьарчу масех бIешарахь хаддаза аьлча санна Оьрсийчоьно Нохчийчоьнна тIеман тIелатарш дара даима деккъа цхьа адамаш дайъарца, царна тIехь къизалла лелорца, церан хIусамаш а, даьхни а хIалакдарца доьзна ца Iа. И тIемаш даима а нохчийн къоман ша-башхалла а, цуьнан оьзденгалла, культура а хьоьшуш, иэеш, цуьнан хIу дайъа Iалашо йолуш хилла. Цу бIешерашка дахделлачу тIелатаршкахь, адамийн дахар ца дийцича, уггаре а доккхачу закъалте боьжнарг нохчийн мотт бу.
Масазза дагийна, чим бина дIадаьхна цу некъехь нохчийн шира тептарш? Масазза ягийна библиотекаш? Архиваш? Музейш? Масазза кхел йоцуш я довхаттар доцуш байъина нохчийн къомах бевлла Iилманчаш, яздархой, къоман син мехаллаш евзаш а, кхобуш а болу оьзденгаллин дай?
ТIемийн кIуркIамане ца хилча а, иштта а замано а, Iожалло шен ца лелча ца йолу кхел лелош, вайна юккъера дIабийлина меттан говзанчаш, тIекхуьучу чкъурана ца девзаш долу дешнаш а, меттан кIорге а евзаш болу къаной.
Ткъа цу долчунна а тIехула тIе миллион стагах лаьттачу къоман мел кIезга а пхеалгIа дакъа, ши бIе эзар герга адам, карарчу хенахь даймахкана хийраллехь, дуьне мел ду дIасадаьржина ду. МухIажарийн кхолламан кхин дIа болу Iийжамаш ца бийцича а, оццул халкъ дуьнентIехула даьржина хилар нохчийн мотт ларбарна кхин цхьа а далатохар ду. ХIунда аьлча, и Европа а, Къилбаседа Америка а мел ю баьржина болу нохчий наггахь бен ца нисло вовшашна тIекхачарехь я вовшашца ненан мотт бийца йиш йолчу меттигашкахь гулахь дIатарбелла.
Дукхах йолчу Европерчу гIаланашкахь цхьацца-шишша доьзал бен ца нисло вайнехан. Ткъа, кхеташ ма-хиллара, цу доьзалера бераш де дийне мел долу ненан маттана херло, иза банне а царна биц ца лахь а, амма бийцар хала хуьлу. Нохчийн маттал царна шаьш бехачу пачхьалкхашкара меттанаш дийца аттох хета.
Амма иза цхьаъ хилла ца Iа Европерчу вайнахалахь нохчий мотт бовш, бицлуш латтаран орамехь. Цу хIуман бахьанех цхьаъ лара догIу цхьаболчу нохчийн синкхетаман башхаллаш. КIезга бац нохчашна юкъехь, шайн бераш „нохчийн мотт ца хууш-м дуьсур дацара, оьрсийн мотт Iамон беза, деша а, болх бан а ма деза церан заман йохалла“, бохучу кхетамца бехаш берш. Ала дашна, и лазар беккъа Европерачу нохчашца хилла ца Iаш, иштта Нохчийчохь а шуьйра даьржина ду. Хала а, атта а могуш-паргIат хаттал ненан мотт хаарх, иза мотт хаар а лоруш, цунах тоам а беш, амма дахарехь цхьа кхиамашка кхача оьрсийн маттаца бен йиш яц аьлла тешнаберш. Цундела, масала, Европехь дукхаъчу вайнаха шайн бераш, мах а луш, оьрсийн ишколашка буьгу мукъаденошкахь. Оццу мукъаденошкахь лерина нохчийн мотт Iамабан кхоьллинчу мехазчу нохчийн ишколашка а ца буьгуш.
И хIума дика девза, масала, Берлинерчу нохчийн оьздангаллин кхерчахь берашна нохчийн мотт Iамош волчу Докудаев Ахьмадна. Масех шо ду иза Берлинерчу нохчийн берашца болх беш волу, царна шайн ненан мотт биц ца балийта гIерташ. Бакъду, мел кIезга а, виъ эзар нохчи вехачу цу гIалахь шайн дай-наноша нохчийн мотт Iамон иза волчу кхуьйлуш пхийттех бер бен дац. Хьуна муха го Европехь нохчий мотт бийцарца а, ларбарца а долу хьал аьлла хаьттича, Докудаев Ахьмада ишта дийцира:
Докудаев: “Гой хьуна, кху Берлинехь, багарбан болийча, дуккха нохчийн доьзалш бу. Иштта кхузахь схьайиллина центр ю "оьздангаллин цIа" олуш йолу. 4 шо ду со цу чохь болх беш волу. Кхузарчу баккхийчара, делахь, цхьа дош Iемина а нохчийн мотт берашна Iемича дика дара-кх, дала ахча-м дац вайн, и мотт царна Iамалур бацара хьоьга, аьлла, сайга аьлча, сайн ницкъа кхочург -м лелор ду ас, аьлла волавеллера со. Амма кIезиг бу-кх цига оьхурш.
Кхушарахь, масала, вейтта ву-кх сан дешархо. Хила безаш-м дуккхаъ бара... Пхийтта-ткъа шо кхаьчначу вайн кегийрхошна баттахь цкъа-шозза хилла а вайн гIиллакх а, оьздангалла а евзаш волчуо нохчийн маттахь иза довзуьйтуш хилча, дика хир дара, иза дан а лур дара. Амма, бакъдерг аьлча, уьш цига бахка-м ца богIу“.
Докудаев Ахьмада берашна мотт хьоьхуш йолу оьзденгаллин кхерч Берлинехь схьайиллина масех шо. Юьхьанца дуьйна схьа цигахь берашна хьоьхуш ву Ахьмад. Цуо билгалдоккху, нохчийн мотт Iаморца а, кхиарца а йолу проблемаш тахана Европехь кхоллаелла яц, церан орам дукхахена дуьйна схьа оьрсийн Iедало нохчашца лелочу политикехь бу бохург. Советан Iедал долчу хенахь а дацара ненан мотт Iамор сийлахь, бохуш дуьйцу цуо.
Докудаев: “17 шарахь ишколехь хьехархочуьн а, директоран а болх бина ас, 1965 шарахь дуьйна. Суна зеделлачуьнца, хIетахьлерачу Iедало а беш тидам бацара нохчийн меттан. Ткъа вайн кегийранаш а тIаьхь-тIаьхьа, шо шере мел долу а, кхушара итт класс яьккхина арабовлуш берш стохкалерачарел а вайн мотт бийцарца а, вайн гIилакхаш лелорца а цхьа пIелиг кIезгох хуьлуш дIадоьдуш дара Советан Iедал долчу хенахь а. Суна иза муха го аьлча, генара цхьанхьара охьаиэгаш болчу хин тIадамо тIулгах Iуьрг ма доккху, и тIулг мел чIогIа белахь а. И санна вайн, нохчашна, оцу Iедало коьрта чу а, сина чу а дилла гIиртинчун хьу хIинца а дIаяланза ю аьлла хета суна вайн дегнашцара, вайн синошцара“.
Нохчийн меттан хьехархочунна хетарехь, уггаре а коьртаниг мотт доьзалехь бийцар, и мотт бийцина ца Iаш, иза цхьа-цхьацца керла дош Iамийна а Iамор, кIиранахь цкъа-шозза мукъане а шен доьзалхочуьнца цхьана мотт Iаморна хьажор ду.
Цуо лакхара мах хадабо кесталгIа Нохчийн Республика Ичкерин куьйгалхочун Закаев Ахьмадан боламца арахецна долчу латинийн элпашна тIехь нохчийн мотт Iаморан жайнин. Цуо дийцарехь, и киншка къаьстина Европехь латинийн абаташна тIехь тайп-тайпана меттанаш Iамочу нохчийн берашна пайдехь хир ю.
Докудаев: „Даханчу шарахь Закаев Ахьмадан боламца Францехь киншка арахецна, нохчийн мотт Iамон. Бакъдерг аьлча, кхин а дика елахь-м дика хир дара иза, амма иза ма-ярра а вуно дика киншка ю иза. Цхьанхьа а ишколе бер ца дахийтича а, кIирнахь цкъа я дас я нанас шен бераца цу киншкица мотт Iамийча, цунах боккха пайда хир бара.
Латинийн алфавит тIехь ю иза. Кхузарчу берашна латинийн элпашца деша а, яздан а ма хаьа. Цундела царна цуьнца Iамон атта хуьлу. Шерра дIа а дешало цаьрга латинийн элпашна тIехь яздина долу йозанаш. Цу киншках къаьстина Европехь мотт Iамон луучу берашна гIо хир ду, уьш тIекхочехь ишколаш я нохчийн хьехархой бацахь а, шаьш шайна мотт Iамон аьтто а беш“.
Берлинехь санна берашна нохчийн мотт Iамош йолу кхерчаш Европехула дукха яц. Ткъа уьш йолчехь а нохчийн дайн-наноша шайн бераш цига дохуьйтуш ца хилча, я царна хIусамашкахь мотт хьоьхуш ца хилча, я бийцане а цаьрца буьйцуш ца хилча, тIаккха дукха хан оьшур яц, ЮНЕСКО цхьанатохаралло шайхалла дина ма-хиллара, нохчийн мотт, шел хьалха кху лаьттахь дукхаъ кхин долу меттанаш дайна ма -хиллара, лар йоцуш бан.