Дагестанерчу терактана бехке лоруш волу ши стаг лехамашка ваьккхина

Шозза нуьцкъала эккхийтар а дина, пIераскан буса Дагестанехь 13 стаг верна бехке лоручу шина стеган цIераш гучуяьхна. Цу республикин куьйгалхочо Магомедов Мохьмад-салама бахарехь, ХIинж-гIалин бахархой йиший, ваший АлиевгIара – Ризван а, Муслимат а ду и шиъ. Уьш лехамашка баьхна? элира Магомедовс.

ТIаьххьарчу хаамашца, пIераскан буса ХIинж-гIалин йистехь, полицин постехь динчу эккхийтарехь чевнаш хиллачех 15 стаг вуно вуочу хьолехь ву. Ша верриг, чевнашца дарбан цIийнехь Iуьллуш – 60 стаг ву.
Беллачерийн декъий хьенан ду къастийначул тIаьхьа шайн гергарчарга дIадохка дIаделла.
Таханлера де тезетан де дара Дагестанехь.