Финляндехь баха бакъо елла боберийн цIа кхоьллинчу ГатаевгIарна


Нохчийчохь боберийн цIа кхоьллина долчу ГатаевгIарна Маликна а, Хадижатна а политикан тховкъело елла Финляндино. Цулсовнаха тховкъело елла церан кхаа берана а. Цуьнах лаьцна хаамийн гIирсашка хаам бина Оьрсийн а, нохчийн а доттагIалла олучу юкъараллин куьйгалхочуьнан когаметта йолчу Челышева Оксанас.

«Хьоме доьзал» цIе йолу боберийн цIа кхоьллинера Гатаева Хадижата а, цуьнан хIусамдас а I997-чу шарахь Соьлж-гIадлахь. Цигахь цара кхобуш дара дай-наной а доцуш дисина долу бобераш. ТIаьхьо 10 тIеэцна бер а, шайн бераш а эцна ГатаевгIара Вильнюсе бахара. Цигахь Литван Iедалша хенаш туьйхира цаьршинна бераш хьийзийна аьлла, бехке а дина.

Шайна тоьхначу хенах цхьа дакъа хан а набахтехь яьккхинчулла тIаьхьа ГатаевгIара Хадижат а, Малик а Литвара дIадахара Финлянде. Ткъа цара дIадигина долу 8-14 шераш долу 6 бер дехаш ду Вильнюсерачу “SOS-эвла” олучу социалан эвлахь.

Стохка Дечкен-баттахь и бераш цIадига дагахь ду шаьш, аьлла, дIахьедар динера Нохчийчуьрча Iедалша. Амма Чиллан-баттахь Вильнюсерачу цу берашна Iуналла дечу социалан белхахоша бакъо ца елира Оьрсийчоьнан Вильнюсерачу консулна а, Нохчийчуьрча Iедалан векалшна а ГатаевгIара дIадигинчу берашца цхьанакхета.