Китайн Iедалша махкара ара валийтина шайн бIаьрзе диссидент

Китайн Iедалша бакъо елла шайн бIаьрзе диссидентана Чэн Гуанчэнна Iамерке деша ваха. Цхьанатоьхначу Шаташа бакъ дина Китайра бакъонашларярхо Нью-Йорке догIучу кеман тIехь хилар.

Iамеркан мачхьалкхан департаменто динчу дIахьедарца а догIуш, Ченца цхьаьна махкал ара яьлла цуьнан хIусамнана а, ши бер а. ТIаьххьалц Чэн Гуанчэн латтош вара Пекинерчу цхьаьна дарбан цIийнехь. Шен цIахь ша Iедалша лаьцна латточу веддера иза Iамеркан векалалле. И бахьана долуш гIоьртинчу хьоле евллера Iамеркан а, Китайн а юкъаметтигаш.

Тергамхошна хетарехь, Пекин реза хилла и стаг махкара дIавахийта Вашингтоно Iаткъам бар бахьана долуш. Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа Чэн Гуанчэн кхайкхина Нью-Йоркерчу университетехь деша.