Сербин президент хаьржина Николич Томислав


КIирандийнахь Сербехь хиллачу президентан харжамашкахь толам баьккхина оппозицин ницкъийн кандидато Николич Томислава. Цо гулдина 50 сов процент кхаьжнаш. ШолгIчу кандидатана, Демократин партин лидерна, Тадич Борисана шайн кхаьжнаш делла 47 процент ца кхоччуш харжамхоша.

Шозза Сербин президент хилла волчу Тадича даре дина Николич толар.

Толам баьккхинчу Николич Томислава дIахьедар дина Евробертаца интеграци яран политика дIахьур ю ша аьлла.