Тверь къоштан кхело лаккхара хенаш тоьхна 2009-чу шеран гурахь «Невский Экспресс» цΙерпошт эккхийтарна итт гΙалгΙачунна. Белла дΙабовллалц набахтехь кхаба кхачийна вежаршна КартоевгΙарна – Бисланна а, Мурадна а, Татарханна а, церан гергарчу Аушев Зеламхина а. Кхечу ялханна 7 а, 8 а шераш кхайкхийна.
Бехккъасторхоша чΙагΙдарехь, КартоевгΙар а, Аушев а «Бусулба вежарий» шех олуш хиллачу зуламе тобанехь лелла, иштта герга хилла Нохчийчохь а, ГΙалгΙайчохь а тΙемаш бинчу Тихомиров Александрна а ( Бурятский СаΙидна).
Талламчаша бакъдо бехкебечара Бурятскийн лаамца Петарбухара Москох лела «Невский экспресс» цΙерпошт эккхийтина хилар. Оцу Ιалашонца Тверан къоштарчу Лыкошино юьрта а баьхкина, цигахь дина, боху, КартоевгΙара а, Аушевс а и зулам.
Динчу эккхийтарехь велира 27 стаг, 150 некъахо лазийра. 133 миллион соьмана ду, кхело къастадарехь, аьчка некъана дина зе.
2007-чу шарахь а дира эккхийтар оццу некъа тΙехь. 60 стагна хилира зе хΙетахь. Цунна бехке а вина, 10-ий, 4-ий шерашна набахти кхайкхийра кхечу шина гΙалгΙачунна, Дзахкиев Саламбекний, Хидриев Макшарипаний.