Украина реза яц ша разисм яьржина мохк бу бохучунна


Украинан Iедалша бехке бина Британера зорбанан гIирсаш Украинехь а, Польшехь а хир йолу дуьненан футболан чемпионат дIайолалуш шайн пачхьалкх емал ярна. ББС-но видеосюжет гайтина Украинехь футболан фанаташ кхечу къомах болчу нахана еттарх лаьцна.

И бахьана долуш Англин футболан тобанан капитан хилла волчу Кэмпбелл Сола варе бина шайн футболезархой дуьненан чемпионате ма гIо аьлла. Цунна хетарехь, Украинехь а, Польшехь а расисташа ницкъ беш бу кIайн чIор доцучу нахана тIехь.

Шен агIора Украинан арахьарчу гIуллакхийн министраллан векло Волошин Олега леррина дIахьедар дина шайна дохкуш долу бехкаш бух болуш дац аьлла. Цо чIагIдарехь, расизм хиларехь Евробертан дукхах йолу пачхьалкхаш хьалха евлла Украинелла а.