ГIалгIайн махкахь хIокху кIирнахь массийта хилам иккхинера тIамца боьзна. Лазийна а вийна стаг вац цхьана а хиламехь. Оцу юккъехула Iедалш жигара хьийза, шайн мехкан йоккхуш йолу вуо цIе цIанъян гIерташ.
ГIалгIайнчоьнна, зуламаш дукха хуьулуш ду, аьлла кхоллаелла цIе дIаяьккхархьам, меттигерачу Iедалша, хаддаза къахьоьгуш далахь а, цуьнах гIуллакх хуьлучух тера дац. ХIара дIадолучу кIирнахь, масех зулам дина муьлша бу ца хуучу наха. Цу юккъахь ду, эккхарш а, герз туохарш а, эскархошна доьхьала тIелатарш дар а. ТIаьххьарниг хилла МалгIбек гIалахь. ПIераскан дийнахь, буьйсана 2 сахьт даьлча, муьлша бу ца къаьстинчу наха, гранаташ туху тоьпаш йиттина республика кхерамазаллийн кхеташонан куьйгалхочунна Котиев Ахьмадан цIен тIе.
Болчу хаамашца, мел лаххара а, диъ уза тоьхна и герз. Оцу цIа чохь хилчарах цхьа а вийна а, лазийна а вац. Ша низамхо-даржхо цIахь ца хилла бохуш дуьйцу официала хьосташа. Котиев Ахьмад, Iедалан оцу лаккхарчу дарже хIоттале, массийта шарахь болх бина ву Несар-гIалана милицийн декъан куьйгалхочуьнна даржехь. Оццу хенахь махкахь жигара баьллера оппозицийн буолам. Республикехь лар йоцуш нах барна а, лечкъорна а, байарна а, доьхьала митингашка арабоьвлачу оцу буламийн жигархой, хийлаза чу бухкуш а, бехк боцуш дIалуьтйцуш хIума лелийра оцу милицийн декъана белхахоша. Оцу декъера низамхой бехке беш бара, оппозицийн сайтан коьртехь хилла волу бизнесхо Евлоев Мохьмад верца уьйра ю бохуш.
Котиев Ахьмадан цIенна гранаташ туохале хьалха, республикан кхечу маьIIехь, ишшта муьлша бу ца хууччу наха, оьрсийчоьнан тIеман беракеманна хьуна юккъера герз диттина. И хIума хилла лекхачу ломанца йолчу Даьттах оьвлана йистера и беракема хIаваIе гIаьттина дукха хан ялле. Вийна лазийна стаг вац цу чохь. Шена беракеманна дай зе хилла. Герз тоьхначу метте эскаран а ,полицийн а, ницкъаш хьажийнера, амма,и тIелатар динчарах стаг цу меттехь ца карийна.
Оццу дийнахь, гарехь муха а тIелатар дича а, низамхойх стаг ца веллуш хьийзачу оцу муьлша бу ца къасталучу наха, хIилланца хIума дина Несар-гIалахь. Полицийн декъа, телефон тоьхна хилла цхьана зудчо, Несар-гIалахь цхьана урамехь вовшахлеташ нах бу аьлла. Оцу метте полисхой тIекхочучу хенахь, некъа йистехь йоллина хилла йолу мина иккхина. УАЗ машена чохь хиллачу низамхойх цхьа а вийна а, лазийна а стаг вац.
И хIума хилла, Несар-гIалана йистехула дIабоьдучу «Кавказ» федерала некъа тIехь цхьаммо йиллина фугас иккхина шозлогIачу дийнахь. Оцу хенахь, цигахь таллам бечу оьрсийн эскархойх цхьа а лазйин а, вийна а вац. Карабулак гIалахь, цхьана туьканчохь карийна оьккхург а, эчка серий геригашцани ийна долу ведар. Иза хIинций, хIинций эккха кийча хилла бохуш хаам бинера полицера хьостано. Цунна тIедоьду серий хеда а дина, эккхарна кхерам дIабаьккхина сапераша.
Ала догIу, меттигерачу Iедалша, ишшта чолхе долчу хьелашка а ца хьоьжуш, махкахь кесста-кесста дIахьо цхьацца форумаш а, цхьанакхетарш а. ХIокху бета 4 дийнахь нийса 20 шо кхечира ГIалгIайн республика кхоьллина. Оцу денна лерина, ломанца йолчу Эгикал цIе йолчу бIоьвнийн комплексехь дIаяхьара М-1 олучу доза доцучу латарийн турнир. Дакълоцуш бара Европерачу пачхаьлкхашкара тайп-тайпа кепара латархой.
Коьрта латар дара Емельяненко Александран а, дагестанхо Магомедов ИбрахIиман вовшахлатар. ШозлогIачу раундехь дагестанхо эшийнера. Оцу турнире хьажа ломанца вахан 15 эзар стаг вара. Нахана и хIума тайна дела, меттигерачу Iедалша сацам бина, цу тайпа дуьненаюккъера къийсадаларш хIора шарахь дIадахь.