Таджикистанера динан дайша шайн зударшка хаам бина, ГIажарийчохь даьржинчу «ханна маре дахарх» ларлолаш, аьлла. ГIажарийчохь шуьйрра даьржина долу «ханна мах бина, зудий-майрий кхайкхор», хIинца таджикийн юкъараллехь а тIеоьцуш ду, Таджикистанерчу молланийн хьесапехь.
Таджикистанерчу маьждигашкахь рузбан деношкахь беш болу хьехамаш, коьртачу декъана, делан денна нехан дахарехь хуьлчунна тIебоьгIна хуьлу. ХIокху тIаьхьарчу деношкахь Таджикистанан коьрта гIалахь Душанбехь долчу маьждигашкахь бина болу хьехамаш, там-мах а бина, «ханна зудий-майрий кхайкхорах» лаьцна бара.
Цу кепара хIума хIинццалц таджикийн юкъараллехь хезна а дацара. Вевзаш волчу Душанбен имама Саидов Эшон Iабдул-Башира варе дира зударшна, ханна маре дахарх ларлолаш, аьлла. Дин дайн хьесапехь хIокху тIаьхьарчу шина-кхаа шарахь тIе а эцна, даьржаш хIума ду иза Душанберчу таджикийн юкъараллехь.
«Мутя» олучу «гIажарийн куьцерчу ханна маренах» зе хилла иттаннаш зударий бу элира, хIокху беттан 8-чу дийнахь маьждигехь вистхуьлуш имама Саидовс.
Дукха хьолахь шиIатехь лаьттачу ГIажарийчохь гIаьххьачул шуьйра даьржина а, низамехь магош а хIума ду ханна там-мах бар. Сихаллехь, йоццачу ханна бина и там-мах, шина агIоно цхьанакхетале бинчу бартаца а богIуш бухуш бу, билгалъяьккхина хан чекх ма-еллина.
Суннийн исламо тIедуьтуш хIума дац и тайпа зудий-майрий хилар. Ткъа таджикаш, дукха хьолехь, суннийн бусулба нах бу. Делахь а, боху Таджикистанерчу Ислам Юхадендаларан партин културин департаментан куьйгалхочо Рахьмони Зурафос, «таханлерчу деношкахь царна дукха хеза таджикийн зударий шайн махкахь бехачу гIажаршка цу кепара там-мах бина маре эхарх лаьцна».
«ГIаьххьачул дукха гIажарий бу Душанбехь а, кхечу яккхийра а гIаланашкахь бехаш. ГIажаршка мутя маре дина зударий цхьа а бакъо йоцуш буьсу, иштта дина хилла «маре боху хIума» доьхначул тIаьхьа, боху Рахьмонис. Массо а цу тайпа майрой пачхьалкхера дIабоьлху, бухахь ханна балийна зударий а буьтий. Оцу дIасакъастаран уггар лазаме дакъа, оцу маренах дуьненчу даьлла бер дисар ду».
Рахьмони Зурафо: "Таджикистанехь лаьтта экономикан хьал чIогIа декъаза ду. Дукхах болу таджикаш-божарий махках бевлла, кхечу пачхьалкхашкахь белхаш лаха. Шайн агIора, Таджикистане арахьара божарий чубогIу белхаш лаха. Цундела и мутя маренийн терахь лакхадаьлла Таджикистанехь. Социалан а, экономикин а халонаша алсамбоху, хIокху тIаьхьарчу даьржинчу ханна маре даран аьттонаш».
Таджикистанехь деш цхьа а хесап дац маса таджикийн зудчо цу кепара маре дина бохучуьн хьокъехь. Амма Рахьмонис уьш бIеннаш хир бу боху. Маршо радион таджикийн сервис Душанбехь йолчу гIажарийн векалаллица зIене яьлчи, цигахь журналисташна жоп делла шайга цкъа а таджикашкара латкъам ца кхаьчна, гIажаршца и тайпа там-мах баран хьокъехь, аьлла.
Таджикистанера имамаша «исламана дуьхьала а», таджикийн динца, гIиллакхашца а догIуш доцуш лерина мутя олу там-мах бар.
«Нахаца лелар бакъдан» гIертар ду мутя юкъадаккхар», аьлла имама Саидовс. Динехь чIагIбина там-мах хуьлийла дац иза, иза къа латор санна лору» шаьш аьлла кхетийна имама.
«Таджикийн зударий тIех атта тешаш хилар а, шайн динехь а, юкъараллехь а йолу бакъонаш тоъал евзаш ца хилар а ду» арахьарчу божаршца мутя олу, йоцачу ханна там-мах бан уьш реза хиларна бехке, аьлла рузбан дийнахь бинчу хьехамашкахь динан дас.
25 шо долу Душанбера месийн говзанчина Майина «ган ма-гиннехь везавеллера» ГIажарийчура бизнесмен. Шен юьззина цIе йийца реза ца хиллачу Майяс дийцарехь, хьал долу арахьара нах вовшахкхетачу ресторанехь вевзинчу гIажаричо «маре йола» цуьнга вуно сиха элира. Майя реза хилира. Там-мах беш хила гIертачу майрачуьн доттагI хилла, уллехь шиъ теш а волуш.
«Йоцачу ханна долчу маренах лаьцна хьаха-м дира цо, амма со цунах ца кхийтира, суна иза ларлуш къамел деш ву моттара» боху Майяс. «Ялх бутт баьлча иза дIавахара. Со сайн жимчу йоьIаца Iаш ю. Цуьнгара цхьа а гIортор яц я ахчанца, я кхечуьнца а» элира, сиха дина маре бале даьллачу Майяс.
И тайпаниг ца хилийта, арахьарчу божаршка маре ца бахар доьху таджикийн имамаша, къаьсттина шиIаташка. Нагахь маре ца хилча йиш йоцуш елахь, буьззинчу барамехь, Iедалан хьукхматера тоьшалла долуш бен ма де, боху цара. Динехь зудий-майрий ларар тIе ца лоцу таджикийн низамаша. Таджикистано дихкина ду таджикийн молланашна динехь там-мах бар, цара Iедалан хьукхматера тоьшаллалц гайтталц.
Масех зуда ялор тадижкийн низамо магош дац, цунах низамо набахтехь яккха кхачайо хан пхеа шаре кхочу, бохуш ерзайо шен материал Маршо радион корреспондента Наджибулла Фарангиза.